Your browser doesn’t support HTML5
Ненан меттан хьокъехь деза къамелаш дарал сов, цунах къоме шуьйра пайдаэцийта некъ юьхьарлоцуш бац махкахь яздархошна а, хьехархошна а хетарехь.
Яздархоша, Iилманчаша, хьехархоша, нохчийн меттан хиндолчуьнан бала мел кхочучу, дог мел лозучу бахархоша шайлахь дечу къамелашкахь гуш ма-хиллара, шо-шаре мел долу а ненан маттах деза къамелаш дар алсамдийларца цхьаьна, дайлуш, гатлуш ду нохчийн маттах пайдаэцар, лилха дуьйлуш ду цунах хьашт-дезар деш болчеран могIарш.
Цунах а, кхечух а, нохчийн маттана маьхьарца орца эшарх а дийцира ненан меттан денна лерина, цхьа могIа яздархой а, журналисташ а, кхиболу кхоллараллин белхой а кхайкхина Новр кIоштан Левобережни олучу эвлан школехь дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь.
Цигахь дакъалецира исбаьхьаллин дешан говзанчаша Цуруев Шарипа, Сейлмуханов Мусас, Цуцаев Iалавдис, Матаев Анзора, журналисто, интеллигенцин клуба вице президент волчу Тимергереев Асланбека, махкахь дика вевзачу журналисто, "Путь" телеканала белхочо Арсанукаев Мусас, иллиалархочо Ясаев Мохьмада, ишта кхечара а. Йоккха зал юьззина гулбеллачу хьехархошна, дешархошна дика тайначех дара Тимергереев Асланбека дина чулацаме, маьIне къамел.
Асланбек: «Нана. Цуьнга а, Даймахке а болу безам. Дега, нене лерам. И мехала кхетамаш ша-шаха дешнаш вовшах а дозаделла кхоллабелла бац. Уьш а, вайнехан Iадаташ, ламасташ, гIиллакхаш, оьздангалла - къомана деза мел долу хIума а ненан маттаца дозаделла ду.
Бийца хуучо буьйцуш, и тарло шовдане хьаьддачу татолан гIовгIанах, пондаран зевначу мерзах, олхазарийн эшарех тера бетталуш, дIаэлуш бека. Бакъду, кху тIаьхьарчу хенахь вуно чIогIа бехбеш, кIоршаме гIалаташ дуьйлуьйтуш буьйцу нохчийн мотт.
Баккхийчара а, кегийчара къаьсттина кест-кеста олу хеза «Iумаро бахара». Дера ца бахар-кх Iумар бахар-кх! «Цхьана «кIанто схьакхойкху» олу. Дера ца кхойкху-кх кIанта кхойкху-кх! «ЙоIо боху». Ца боху, йоIа боху!»
Герггарчу барамехь ишта къамел динарг вара нохчийн меттан говзанча, журналист Тимергереев Асланбек.
Цуьнан къамелаца дузуш, нохчийн метта кIорге а, шорто а гайтатархьама Бисултанов Аптин байт а ялош, вистхилира Матаев Анзор а.
Анзор: «… Лекха ду боху ахь, Нохчийчохь лаьмнаш, кIорга ду боху ахь Нохчийчохь Iиннаш. Мерза ду боху ахь лулахойн кхаьънаш, Шорта бу боху ахь хьо йовза хьаьгнарш. Цхьаъ бен дац стиглахь чатакхийна тача, Цхьа а вац ницкъ болуш цунна тIекхача.
Цундела боху ас, собар сайн кхачош,
Вуьсийла со цхьалха, хьо бен ирс дацахь…»
Поэтан оццул говза ала похIма хилар ненан мотт дика хаарца дозаделла ду. И ца хиъча, сел кIорге гучуяккхалур яц, исбаьхьаллин дош кхало, хаза, дашо санна цIена ойла дIа а кховдалур яц...»
Тимергереев Асланбека а, Матаев Анзора а къамелехь хьахаделла мотт нийса цабийцар забаренна а доцуш, вайнехан юкъараллехь даьржаш ду бохуш даре до ур-аттал ярташкахь бехачу могIарерчу наха а.
«Сан лулахо хаьттина уьйтI цхьа зуда еънера со церан чохь а волуш,-боху Новр кIоштерчу вахархочо Мусаев Iаьлис.
- Хьаьдда чуиккхинчу 12-13 шо долчу кIанта боху дега: -Дада, хьоьга цхьана зуьдо схьавола боху».
И сурт хийца, нохчийн мотт «меттахбаккха, самсабаккха» юьхьанцара классаш ненан маттахь хила йогIу аьлла, ойла-хьажам болчех ву нохчийн меттан денна лерина Новр кIоштехь дIадехьначу цхьаьанакхетаран декъашхо хилла журналист Арсанукаев Муса а.
Муса: «Ас цу ишколехь долу гIуллакх гIарчI аьлла тодийр дар-кх. Бух ишколехь хила беза, лахарчу классашкахь дешар ненан маттахь хилийтар ду коьрта. Цу тIера дIаволавелла лакхарчу классашкахь долу хьал а хуьйцур дара, сахьташ тIетохахь бен дIа а дохуьйтур дацара...»
Нохчий маттах хIинцца къамел динчу Мусачух тера ойла кхобурш дукха бу могIарерчу нахалахь а. Царна хетарехь ишкол йоцуш мотт денбарехь хьалханчаш хилар тIехь ду Iедалехь болчарна а.
Бакъдерг дийцича,ненан меттан хьокъехь само а йина Iедалхой и «гIатто» каде хьаьвзар бу ала хIуьттурш кIезиг бу.