Your browser doesn’t support HTML5
ТIеман кIуьрлахь некъаш ца хоьржуш, шайн аьтто боллучу агIор, Малхбузе, Малхбале, дIасахьаьлхина, кхаьч-кхаьчначохь охьахевшина нохчийн мухIажирш шина башхаллехь беха тахана. Европе кхаьчнарш – бухарчу Iедална баркаллашкахь, Iаьрбийн мехкашка я Туркойчу биссинарш – белхаршкахь.
ХIан-хIа, вац хьоло кураваьккхина хIора а «европахо», бу царалахь ирс-аьтто ма-хетта ца карийнарш а. Амма дуста диллича, алсамо леткъамаш хеза Малхбалерчу мухIажиршкара. Ша аьлча, Туркойчуьра.
Маршо Радионо лурчах бIаьста йийцира туркоша тIеэцначу, аьлча а, тIеэцча санна царалахь бехачу кху заманан мухIажирех лаьцна. Итт шарал сов Туркойчохь зама токхучу эзарнашна, мехкан бахархой беш, делла дацара паспорташ. Уьш дацаре терра я балха баха а, я мехкан бахархой санна баха а аьтто боцуш, хан йоккхура. ХIетахь тхан материалаш араевлла дукха хан ялале бIеннашна паспорташ делира Туркойчоьнан Iедало.
... Тахана дукхахберш буй-те аьлла, Туркойчоьнан бахархой бу уьш – дукхахболучарна елла махкахь баха бакъо. Дукха нохчашна карийна болх-некъ, аьтто баьлла хIусамаш лаца, цхьаболучарна - эца. Амма оцу бакъонца лара ца бийраш а бисина тIех дукха.
Шатайпа мисканийн кхоллам бу Истамулехь 15 шо сов хьалха шайнна кхоьллинчу кхаа каппашка - Фенербахче, Умрание, Бейкозе – дIатарбина баьхначу нохчийн. Цигахь 11 шо даьккхийтина цаьрга. Да хьоьгур воцчу хьелашкахь яхьна шаьш и зама, дийцира оцу кхаа лагерехь хан текхначу нехан хьалханчас Аллатов Сайд-Iалис.
Аллатов: «Пхеа шарахь, серло йоцуш, газ йоцуш, шина сахьатанна бен луш хи доцуш, школа йоцуш, бераш доьшуш а доцуш, даьхна мухIажирийн кхаа кхуьпахь.
Кавказан диаспорера нах ара а бевлла, Туркойн парламентан 25 депутат меттах а ваьккхина, тхуна хи а, серло а ялаяйтира, школа еллийтира.
2010-чу шарахь тIамо бохийначу нехан гIуллакхаш лелош йолу Хонкарара комиссариатан векал Анна Лилия Френч, Истамулера Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин векал ОьздогIру Фуат, министрийн кабинетан цIарх Гергара къаьмнаш вовшахтухучу министраллера, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера векалш баьхкира тхан кемпашка.
Цара шаьш ЭрдогIана дахкийтина, къинтIера довла хIинццалц вочу хьелашкахь кхабарна, шаьш петарш лур ю, болх лур бу, шайнна фирма йиллина, процент а йоцуш кредиташ лур лу шуна, аьлла, 2011 шарахь тхо кху Коджаэли, Хонкарна 80 километр гергахь, дIатардира, 113 доьзал".
Муьлхачу а махка воьссинчу мухIажире хатта догIу, иза ша тIеэцначу нахана юкъахь вехаш, цо стенна ца Iамийра бухара мотт, стенна ца гIиртира дахаран некъ бухарчу хьелашца боза, деша, ваха Iама. Амма хаттар догIуш а дац дан Аллатов Сайд-Iалига ладоьгIча. Бакъду, цуьнан шен аьтто баьлла мотт Iамо, цундела а ву иза Истамулерчу лагершкахь баьхначийн лидер.
Аллатов: «Адаптаци ца йина кхузарчу нахана, царех 5 процент а туркойн мотт хууш бац. ХIунда аьлча, 11 шарахь Iийна кемпаш къевлина яра, кевнехь жандармаш а лаьтташ. Болх бан бакъо йолуш цхьа да вацара. Болхбеш лаьцнарг, чувуллуш вара. Иштта Iийна бу хIара нах".
КхидIа Сайд-Iалис дуьйцу шаьш лагершкара стенга кхачийра, хIинца цигахь хIун хьал хIоьттина.
Аллатов: «Коджаэли, кхуза схьадалийча, дуккхаза а бехира оха Iедале, кху нахана адаптаци яхьара. Кемпера арахецарх, кхарна мотт ца хаьа, белхан корматаллаш а яц. (Со суо кхелан гочдархо ву, сан меттанашца яц проблема, сайна рицкъ даккхалуш ву, делахь а дог лозу вайн адамех).
ТIамо галбаьхна бу хIара нах, хIинца а меттабахказа бу. Могуш а бац. ХIинца тхоьга кхузара дIагIо, мехаза деха хан чекхъяьлла боху. Жандармаш а балош баьхкина, газ, хи сацийна кхаа-веаннан. Тхоьга петаршкара арадовла я уьш дIаэца боху, 120 эзар лиранех ($40 000 гергга), тхоьгахь оццул ахча хуьлийла а дац. ХIун дан деза оха? Цуьнан бала а бац".
Пхи шо бен дац Туркойчу шен шина бераца еъна Айза а бухарчу мухIажирех дIатоьхна. И доьзал гIиртина ма-хуьллу махках бола, цунна пайде хила. Амма, тамаше делахь а, ца гина иза цкъачунна мехкан дайшна.
Айза: «Iедало, тхо хала дохку, интеграци оьшуш ду, аьлла, деш цхьа гIо дац. Сан кIант кхузарчу нохчех, Илимтепера, духхьара эскаре вахара. Уггаре халчу меттехь - Кобанехь, Шемин дозанехь хадечу эскаршкахь хилла. Зуда ялийна ву, балха ваха меттиг яц-кх цунна. Масситта метте вахана, ларттIехь ахча схьа ца ло.
ХIун дийр ду? Иштта ситуаци йолуш дуккха а бу кхузахь. Iедало тхуна цхьана а агIор деш накъосталла дац. Тхоьга арадовла боху хIусамашкара, деха меттиг аукционе а яьккхина, юхкуш ю".
Дукха нохчашлахь лела цхьа алам, олу дозанал дехьабевллачу нохчех, керлачу меттигашна реза а ца хилла, юхабаьхкинарш кIезиг бу. Иза мел бакъ ду къастон, яц вайгахь статистика.
10-12 шераш даьхна нохчийн мухIажирша хьелашна беркъачу Туркойчуьрчу кемпашкахь.
Да-нанас итт шо, ша пхи шо Туркойчохь а даьккина, цигахь дешна а, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацехь талмаж болхбина а ву Мальсагов Изновр. Доьзал дIабахна Туркойчуьра юха, Нохчийчу, цIахь беха хIинца.
Изновра бакъдо оцу махкахь дуккха а дIатарбелларш а, и дан гIора я бухарчу Iедалера гIо ца тоьанарш а хилар.
Мальсагов: «Баха кехат даларх, дахар оцу нехан хийцалуш дац. Верриг а цхьана фондо я наха лучу сагIийна тIехь бара, со а тIехь, тхан чуьранаш а тIехь. ТIаьхьо со Антале балха вахара.
Вайн нахана 2013-чу шарахь паспорташ делира, 6 шо сов цигахь бехачарна. Пенси а, берашна ахча а дала долийра.
ГIора доцуш, тIамо могашалла талхийна а бу цигахь нах, церан болхбан де дац. Болх бича а, алапа ца луш меттигаш а ю. ГIишлошъеш къахьоьгу, ахча схьа ца ло, ца ло, хIорш цхьанхьа а язбина бацарна. МухIажирша финансийн урхаллера "вергинумара" - ял яларан ноьмар - яккха шайна аьлча, иза дош а ца хета.
Зуда-ялош, боьлхуш-богIуш леларш а бу, аьттонаш хилла, болх карийнарш а бу, гIора доцурш а бу, аьтто боцурш а бу...".
Туркойчохь бехачийн а, даймахка юхабаькинчийн а ойланаш мухха а екъалахь а, ца го Маршо Радиоца къамелаш деш нислучу Малхбузерчу я Малхбалерчу мухIажиршна цкъачунна цIехьабоьду некъ. Дуккха а ду церан бIо ца булуьйту бахьанаш. Цаьрга иза ницкъаша байтар а дац дуьненан низамашкахь, я Iалашонехь а.
Туркойчоь шен дозанашкахь лаьттачу тIеман гIаране, кхеташ ду, ладоьгIуш, сингаттамехь еха. Я шаръелла дIайоьлхуш яц цуьнан юкъаметтигаш иза дIаэяла луучу Европаца а.
Амма и мохк шен бахархошна паргIато кхачо а, церан дахар токхе дан а гIерташ схьа ца богIу ала а дац. Цундела шайгара къа-бала Хонкарарчу Iедална ца гуш буьсур бац, ЭрдогIан Реджеп Тайипна, цуьнан гонна тахана-кхана хуур ду шаьш халонгахь дохкий, аьлла ю нохчийн мухIажирийн дегайовхо.
Коджаэли провинцин губернаторан мигрантийн гIуллакхийн декъан векалца къамел
Маршо Радио гIоьртира хIусамашкара мухIажирш арабаха хьийзабечу Коджаэли гIалин администрацица телефонехула къамелдан. Стенах шайга хоьтту кхетча, цуьнан секретариато шайн губернаторан урхаллерчу миграцин декъе тоха элира телефон. Ткъа миграцин урхаллерчу белхахочуьнца иштта хилира къамел. Аьлча а, ца хилира, ала догIу.
Маршо Радио: «2000-чу шарахь аш тIеэцначу мухIажирийн шун цигарчу 113 доьзална гонах лаьтта хьал шуьца дийцаредан лаьара…
Белхахо: «Оха арахьарчу мехкийн нахах ца ло комментари».
Маршо Радио: Царех олийла-х даций арахьара нах, уьш 2000 шарахь дуьйна ма беха Туркойчохь, шун паспорташ а ду церан.
Белхахо: Тхайниг арахьарчу нахаца болхбеш структура ю, оха арахьарчу нахах йолу информаци Iора ца йоккху, лойла дац царех информаци.
Низамехь аьлча, Коджалехь беха нохчий туркой санна бу шайгарчу бакъонашца. Ткъа цаьргара хьал дийца даьккхича, гIалин администрацино, мигранташ буьйцуш санна, миграцин урхалле хьажийра Маршо Радио. Ткъа цигахь – кхеттане а дац кхеташ, муьлш бу вай буьйцурш.
ХIусамашкара арабаха кечбечу нехан петици ю яьржина интернетехь, цунна буха куьйгаш яздеш, акцехь дакъалацаре беза-бевзарш кхойкхуш хьийза социалан машанашкара нохчийн а, кхечу къаьмнийн векалш а.