Адамийн дегнаш гIиттош декара цуьнан аз

Your browser doesn’t support HTML5

Адамийн дегнаш гIиттош декара цуьнан аз


ГIеметта хIиттинчу нохчашлахь, вуно чIогIа дош а хеташ, лераме ду Дагаев Валидан иллеш а, цIеначу, кIорге йолчу ненан маттахь цо хийлазза дина маьIне къамелаш а.

Дагаев Валид Нохчийчохь массарна а шуьйра вевзаш иллиалархо а, нохчийн мотт а, вайнехан ламасташ, гIиллакх-Iадаташ дика девза говзанча а хилла аьлча, шовзткъара а, шовзткъе иттара а бевллачу бахархошна цуьрриг керла дац.

Валид массара а цхьа чуьра гергара стаг санна тIе а оьцуш, везаш волу, веза хьаша хилла, махкахойн таьIна дегнаш ир-кара хIиттош, дика дебош, атта ца деъначу дахаре шовкъ-марзо кхуллуш, буххера дуьйна а кхоллараллин адам-юьхьша хилла чекхваьлла стаг ву.

Цунна тоьшалла даладо цуьнан хьокъехь дош ала хьавинчу хIора а бохург санна нохчочо. Иштачех ву хьехархо Сайдулаев Сулима

"Пондаран метта сан кара нуй лой, вертана метта кетар а уллий, соьга олуьйтура баккхийчара Валидан "Нана" илли"

Сулима: "Со жима волуш дуьйна а ладугIура тхан доьзалехь Валидан иллешка. ХIинца санна таронаш а йоцуш, радио яра цу хенахь коьрта хаамийн гIирс. Арахь хIуъу а деш хиларх, шега алалахь олий тхан нана цуьнга ладогIа чуйогIура. Цуьнца цхьаьна ас а дугIура. Ша яллалц и гIиллакх ца дитира нана".

Валидах дуьйцуш волчу Сайдулаев Сулимас чIагIдарца, иза дукха жима волуш дуьйна, баккхийчара, дечиг пондаран меттана нуй кара а лой, вертана меттана кетар тIе а уллий, олуьйтуш хилла цуьнга и "Нана" илли.

Сулима: "Тхан ден кетар яра. Пондаран метта сан кара нуй лора, вертана метта кетар. Соьга олуьйтура цара и «Нана» илли. Суна мел хаза хетара цара сайга и олуьйтуш. ХIетахь царна а хета моьттура суна ишта хаза. Ас хьоьга ма боххура тхан дезаш тIеоьцура Валидан иллеш".

"Даймахках, безамах, доттагIаллех - йоккха яра цуьнан репертуар"

Жима стаг волуш дуьйна а Дагаев Валида бина тIеIаткъам бахьанехь дечиг пондар Iамо гIиртинчех ву 68 шо долу Юсупов Бухади. Эскарехь гIуллакх деш волуш дуьйна а лекхна ша боху цо гоьваьллачу илланчин эшарш.

Бухади: "Эскарехь а лекхна ас цуьнан эшарш Литвахь. ЧIогIа говза вара Валид бIаьрзе велахь а. Даймахках, безамах, доттагIаллех - йоккха яра цуьнан репертуар. Дагах кхеташ, дагах чекхдолуш дара цо деш долу къамел а, дIаолу илли а".

Нохчийчохь дукха нахана вовза а вевзаш, иллиалархо ву Теркйист кIоштан Iелин юьртара Байсултанов Жамалай. Дагалецамехь кIаргвеллачу цо дика масал далош дийцира Валидан говзаллех а, адамаллех а.

"Со санна бIаьрзечу стагана ма дика меттиг ю хIара, охьакхетаран кхерам а боцуш"

Жамалай: "Дагаев Валид суна даима а илланчийн корта хетта-кх. Ас илли алар, цунах схьаяьлла хьу ю-кх сох яхнарг. Цуьнан иллеша бечу тIеIаткъамца дукха кIентий а, мехкарий а хьалакхиъний хаьа суна. Ишта кIант вара Валид.

Со вуно жима бер долуш, тхан юьртахь оьздаллин ЦIа схьадоьллуш валийнера Дагаев. Суна цкъа а диц ца ло иза. Ур-аттал сцени тIера сир а дара кхоччуш дакъадаланза. Иза илли ала хьалаваьлча цуьнан мачаш дIалаьцнера керла хьаькхначу сиро.

И хьал дай а деш, цхьа куьце, дагалацаме забар йира Валида. "Со санна бIаьрзечу стагана ма дика меттиг ю хIара, охьакхетаран кхерам а боцуш", -элира цо.

Ишта, когаш лаьцна а болуш, илли элира цо. И илли а лаьтта сан коьртехь хIинца а… Иза хIинца а велхьара тхо хаъал ирсе хир долуш санна хетар-кх суна".

Хийла хала, ницкъала киртигаш къарьян дезначу къоман дог оьцуш, шен махкахойн дегнаш ир-кара хIиттош, мичча кхайкхарх, цкъа цкъа а "хIан-хIа" ца хазош, хьаннал халкъана ваьцначех лору Дагаев Валид берийн хьехамча, паргIат кепехь латаран тренер волчу Галтаков Лечас.

Леча: "Нохчийн меттан кIоргалла, и мотт баржош, цIинбеш, боьвзуьйтуш чIогIа болх бина-кх Валида, бIаьрзе волушшехь. Хала еъначу замано бина ницкъ къомана байбан гIерташ, луьрачу замане халкъ эша а ца дайта гIерташ чекхваьлла Дагаев Валид…".

Дагаев Валидан хьокъехь къамел деш болчарех дукхахболчара, ша-ша охIла а хеташ, лаам гойтура Валидан аьллачу иллех масаллина масех балийна а, могIа балор.

Иза бара а, гарехь, цхьа шатайпа башха гайтам.