20 шо даьлла Авторханов Ӏабдурахьман кхелхина

Авторханов Ӏабдурахьман.

Авторханов кхелхира Германерчу Мюнхенехь 1997-чу шарахь Охан-беттан 24-чу дийнахь. Цуьнан дара 89 шо.

Your browser doesn’t support HTML5

Ткъа шо даьлла Авторханов Ӏабдурахьман кхелхина

Лаха-Неврахь вина Авторханов Ӏабдурахьман Советан пачхьалкхан режиман уггаре а коьртачу мостагIех цхьаъ ву. Шен карьера цо йолийра XX-чу бIешаран 20-чу шерашкахь.

1926-чу шарахь Авторханов хIоьттира «Серло» олучу нохчийн газетан редакторан гIоьнча. 1927-чу шарахь ЦIен професурин курсашка хьажийра иза. 1928-чу шарахь къона журналист деша вахара Соьлж-ГIаларчу рабфаке.

Авторхановн белхаш

1929-чу шарахь Нохчийн Автономин Республикан обкоман партин «огротдел» олучу декъан куьйгалхо хIоттийра Авторханов. Кхин а ши шо даьлча, цо куьйгалла а деш, вовшахтуьйхира «Нохчийн меттан грамматика» хIотторан тоба.

1933-чу шарахь Авторхановх хилира халкъан дешаран республикан декъан куьйгалхо а, Нохчийн автономин областан облисполком олучу урхаллан президиуман декъашхо а.

Партин куьйгалхоша тидам тIебахийтира похIма долчу къона говзанчана. 1933-чу шарахь иза Москох хьажийра партин ЦК-но дIахьочу марксизман-ленинизман курсашка.

Уьш чекхъяьхначул тIаьхьа Авторханов деша вахара цIен профессуран Институте. Иза цо чекхяьккхира 1937-чу шарахь.

Амма Авторхановн каръера сацийра 1937-чу шарахь ГIадужу-беттан 10-чу дийнахь. НКВД-н белхалоша лаьцна чувоьллира иза. Цара таллам дIабаьхьира 1940-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 19-гIа де тIекхаччалц. Оцу дийнахь кхело бехказа витира иза.

Амма кхане тешаме яцара. НКВД-но шайн агент хила бохуш хьийзош вара Авторханов, Советан Iедална дуьхьал болчу нахана мотт бетта бохуш (Шерипов Майрбек а, Исраилов Хьасан а куьйгалхой бара Нохчийчохь Советан Iедалшца къийсам латточу тобанан). Реза ца хилахь юха а лаца мегаш вара Авторханов.

ТIаккха 1942-чу шарахь Лахьан-баттахь, Мазлакана (Къилбаседа ХIирийчоь) герга даьхкина Германин эскарш а долуш, хадийра цо фронт.

Авторханов каравахара немцошна.

Шайгахьа ваьлларг могIарера партин белхахо воций кхеттачу немцойн тIеман буьйранчалло 1943-чу шарахь Дечкен-беттан 17-чу дийнахь дIакхачийра иза Берлине.

Авторханов балха вахийтира Къилбаседа Кавказехь дехачу къаьмнийн йийсарехь болчу векалшна хьажийначу газете.

1945-чу шарахь, Берлин йоьжначул тIаьхьа, мацалла а хьоьгуш, Авторханов гIалин херцаршлахь лечкъина Iийра Советан эскархойх. Амма Берлинерчу Iамеркан зоне дехьа вала шен аьтто баларца иза каравахара Iедалшна.

Iамеркахоша бакъо елира Авторхановна маьршша ваха Махбузен Германехь. 1949 – 1979 шерашкахь цо болх бира Гармширехь (Германи) йолчу Цхьаьнатоьхначу Штатийн армин Оьрсийн институтехь. Цу шерашкахь, докторан диссертаци а язйина, Оьрсийчоьнан историн профессор хилира Авторхановх. 1950-чу шарахь Мюнхенехь Советан пачхьалкехь хуьлург толлу Институт кхоьллинчех цхьаъ вара иза.

Амма Авторханов шуьйра вевзаш ву Радио Свобода (Маршо Радио) кхуллуш цуьнан дуьхехь хилла стаг санна (юьхьанцара цIе «Освобождение»).

Авторхановс кхоьллира Маршо Радион Къилбаседа Кавказан редакци. Амма цигахь болх беш болу Кавказера схьабевлла нах реза бацара цунна цхьацца бахьанашца. Царах цхьаберш реза бацара «хIинцца бен вевзина воцучу стагана», шаьш Оьрсийчоьнан Импери йоьхначхьана ду эмиграцехь бохуш.

Цул сов, цу нахана цатара Авторхановн Къилбаседа Кавказехь дехачу къаьмнийн кхоллам бийцар бух боцуш ду, Оьрсийчоьнан кхоллам хьехош а боцуш бохуш дуьйцург.

Эххаре а цу наха лелориг бахьана долуш Маршо Радион Къилбаседа Кавказан редакци дIакъевлира (Къилбаседа Кавказан сервис юхасхьайиллира Iамеркахоша 2002-чу шарахь).

Маршо Радион Оьрсийн редакцехь болх беш Авторхановс эфирехь йийшира историн хьажийна курсаш ("История культа личности", "История партии как она была»). Цо кечйора «Парти тахана» рубрикехь материалаш.

Авторхановс комментареш йора Советан пачхьалкхехь хуьлучунна.

Авторханов вуно лааме а, веза а хьаша вара «Маршо Радиохь». 15-20 минотехь программехь дакъалаца иза веача дуккха адам гуллой цуьнга ладоьгIуш масиййтта сахьт доккхуш Iара шаьш бохуш, дагалецара иза цуьнан хиллачу белхан накъосташа.

Ша пенсе ваханчул тIаьхьа Авторхановс критика йора Iамеркан политикана, Советан пачхьалкхан куьйгалхошца дукха кIеда ю Цхьаьнатоьхна Штаташ бохуш. Прессехь болх беш Авторхановс лелийна масийтта псевдоним.

1943-1945 шерашкахь - Маниус Мансур, 1950- 1960 шерашкахь - Александр Уралов, 70-чу шерашкахь - профессор Темиров а, Суровцев а, Кунта а, кхиерш а.

1990-чу шерашкахь Авторханов доглазарца шен тидамехь латтош вара Нохчийчохь хуьлург. Нохчийн лаам къобул а беш, цо билгалдаккхара, ша Оьрсийчоь маьрша а йоцуш, нохчийн аьтто хир бац шайн маршо ларъян бохуш. 1994-1996 шерашкахь хиллачу тIамо ницкъ бинера цунна.

Авторханов кхелхира 1997-чу шарахь Охан-беттан 24-чу дийнахь (89 шо). Цу минотехь цунна уллехь яра цуьнан йоъ Зараъ а, тIеэцна кIант Кунта а.

Авторханов дIавоьллина Мюнхенерчу кешнашкахь бусулба нах дIабухкучу декъехь.

Авторханов Iабдурахьманан каш.