Дечкен-беттан 31-чохь Европарламентан гIишло чохь дIайаьхьира постОьрсийчоьнан маьршачу халкъийн пхоьалгIа Форум – цуьнан чулацам иштта билгалбаьккхина бара - "Деимпериализацин а, деколонизацин а перспективаш". Къаьмнийн боламийн жигархоша а, лидерша а, шайлахь Къилбаседа Кавказера а болуш, дийцаредира, Украинера тIом бирзинчул тIаьхьа Оьрсийоьнах дIакъастаран перспективех.
Конференцихь къамелдира Къилбаседа Кавказан къаьмнийн векалш болчу цхьа могIа спикерша: нохчийн диаспорин цIарах – Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада, гIалгIайн – къоман суверенитетан Комитетан декъашхочо Оздо Ахьмада а, иштта, Оьрсийчоьнан къилбера регионаш маьрша хила луучу чергазойн, ногIийн, Iойра-гIалмакхойн халкъийн боламаша а, вовшахтохараллаша а.
Форум йоьрзуш деклараци тIеийцира, цу тIехь билгайаьхна пачхьалкхана "деколонизаци" йечу хенахь къаьмнийн лаамаллин принципаш. Оцу тIехь дIахьедина Евробертан а, НАТО-н а пачхьалкхаша регионалашкарчу хаалкъийн боламашца дийцаршдан дезарх. Иштта дуьйцу "бакъболчу къаьмнийн а, регионийн адиссидентийн лидершна" гIо латтош кепаш кечйан эшарх а.
Оьрсийчоьнан Зуламан кодексехь масех Iедалан къепе ю, Iедалхошна герзаца дуьхьало йахь а, пачхьалкхан цхьаалла йохорах кхайкхамаш бахь а, иштта къаьмнаш, мехкаш дIакъастарх лаьцна дийцарш дахь а жоьпалла тIедожош. 20 шаре кхаччалц чохь йаккха хан кхачайо церан санкцеша.
Империца йистйаккхар
Шен къамелехь Закаев Ахьмада къастош билгалдаьккхира "историхь кар-кара луш хилар" ламанан къаьмнийн маршонехьа къийсам латтор, масална хьахийра цо Шемалан имамат (1840-1995) а, Ламанан республика а (1918-1919 шераш).
"Кавказхойн хьокъехь Оьрсийчоьнан коьрта тIехьажам – уьш къарбар йа хьаллакбар – цкъа а хийцабелла бац… Кавказхойн шайн дукха хенара схьа дуьйна, Оьрсийчоьно масийттазза хIаллакйина, пачхьалкх хилла", - дIахьедина спикеро.
НогIийн боламан векало Курманакаев Анвара кхайкхамбира Малхбузега Астаханера ногIийн ханалла юхакхуллуш гIо дахьара аьлла, цо бахарехь, 500 шо Оьрсийчоьно оккупаци йина латтон (Астраханера ханалла дохийна шо лоруш ду 1554-гIа.- Редакцин билгалдаккхар.).
"Тхайн мехкан къоман буха тIехь ногIийн Астрахань республика кхолла лууш ду тхо, Iазапах а, къоьллех а паргIат довла. КIоштан дозанаш тIехь доккхуш мехкадаьтта ду, газ ю баккхийчу барамашкахь, амма йерриг а Москва дIахьош ю… Оцу империца йистйаккха хан кхаьчна", - билгалдоккху Астрханан векало.
Кремло кхайкхийначу мобилизацина бухахь шен пхи эзар махкахо нисвалар ногIийн къомана йина геноцид ю элира Курманакаевс (и хаам тIечIагIбина бац, билггал регионашкара маса стагана мобиизаци йина хаа таро йац. – Редакцин билгалдаккахр.).
Коьрта ду дийцарш
Кху деношкахь дIайаьхьначу пхоьалгIачу форуман коьрта теманаш хилира Украинера тIом а, Нохчийчоьнан Ичкерия республикан шен суверенитетехьа къийсам латтор а. Шайн къамелашкахь царна тIехь соьцура вист мел хуьлург, ткъа форум схьайоьллучу Польшин цIарах Европарламентера депутато Фотыга Аннас нохчийн къам "турпал" ду элира, дуьйцу цунах лаьцна Кавказ.Реалиига Ичкерин Францерчу консуло, юкъаралхочо Албаков Шемала.
"Къамелдинчу эксперташа билгалдоккхура, территори паргIатйаьккхинчул тIаьхьа кхачам боллуш пачхьалкх дIахIоттон тахана Ичкерин массо а атрибуташ хилар. Форумехь хьахийра, Москвах дIакъаьстачу некъа тIехула йаха йеза кхинйолу къаьмнийн цхьаьнатохараллаш а аьлла", - кхин дIа дийцира спикеро.
Вовшашна гIортораш хила йеза вай
Къаьсттина Путинан политико йохош ю Оьрсийчоь, цундела процесс йолайелча къаьмнийн боламийн Iалашо – шайн дозанаш тIера анархи а, цIий Iенор а сацор ю, тIетуху Албаковс.
Оцу муьрехь форумо ца хIиттайо шена хьалха практикан Iалашонаш, дийцира Кавказ.Реалиига гIалгIайн суверенитетан Комитетехь.
"ХIетте а коьрта ду, тхан "маршонан аз" доллу дуьненна дIахазор – Европарламентан трибуна Iаламат йогIуш йара оцу гIуллакхна, - кхетадо комитетан векало. – ГIалгIайчуьра мухIажарш бехачу Европан а, кхечу мехкийн а диаспорашца болх беш ду тхо. Карарчу хенахь тхо кечлуш ду рогIерчу маршонан агIончийн съездана, хIинца Европехь хир ю иза (кхул хьалхарниг Туркойчохь хIоттийнера. – Редакцин билгалдаккхар.).
КХИН А ХЬАЖА: ГIалгIайчоьнан маршонан агIончийн съезд хилла Туркойчохь. Шайн вовшахтохаралла кхолларх дIахьедина цара
"Вайна юкъахь дозанаш дац" аьллачу рапортаца форумехь вистхилира Iойрат-гIалмакхойн халкъан Конгрессан декъашхо Доржин Даавр. Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь цо билгалдаьккхира, барамехь дакъалаьцна боламаш дика кхета вовшашна гIо латтон оьшуш хиларх.
"Вовшашна гIортораш хила йеза тхо. Регионалан кхерамзаллин хеттарш тхан лулахошца долчу арахьарчу а, чоьхьарчу а дозанех хьакхалуш хила деза, масала, Дагестанца а, Нохчийн Ичкерия республикаца а. Евробертан пачхьалкхашлахь йиъ маршо санна девзаш долу, маьрша йохка-эцаран низамаш лелаш хила деза: капитал лелор, сурсаташ, адамаш, хьелаш", - билгалдаьккхира Доржина.
ПхоьалгIа форум "мел а кхачам болуш йара хетарг дийцарехь", спикерш дукха хиларца а, аьлла хета Доржинна: "Мел а деталехь а, эксперте дийцаредора шайн лаамехь политикан субъектийн къаьмнаш вовшахтохаран хеттарш".
"Ичкери къобалйаро гIо дийр ду кхечарна"
Iойрат-гIалмакхойн халкъан Конгрессан векало тIетуьйхира карарчу хенахь халкъийн боламийн гIуллакхдархошца кеп-кепарчу тIегIанашкахь дIахьош дийцарш ду, "Ичкерин векалшца динарш санна".
"Украинечу тIамо жигаралла шорйина диаспоран, иштта оьрсех доцчу къаьмнийн украинхоша агIо лацаре а. Оцу доллу бахьанаша политикехь жигаралла кхиийна цхьайолчу территореш тIехь, массанхьа а дац", - билгалдоккху цхьахволчу америкахойн Оьрсийчоьнехула а, Советан заманехула а волчу эксперто Гобл Пола.
Украино официалехь тIелацарх а, Польшин премьер-министран Моравецкий Матеушан, "хьакъ ю маьрша хила" Нохчийчоь аьлла, динчу дIахьедарх а дуьйцучу спикеро билгалдоккху: хьалхахьа йина гIулч ю иза, гергарчу заманчохь пайден ца хилахь а.
Къилбаседа Кавказера хиламаш йолуьйту лаг хила а тарло, делахь а тамаш бу регион коьрта ницкъ хилахь Оьрсийчоь йоьхна, къаьстинчу пачхьалкхашка йоькъур йолу, аьлла хета Гобл Полна. Цо дийцарехь, цунна гIо дийр ду Оьрсийчоьнан Уралера а, Юккъерчу Волгера а кIошташа.
Оьрсийчоьнан маьршачу къаьмнийн форумаш кхул хьалха хилира Варшавехь, Прагехь, Гданьскехь. Цигахь цхьанхьа йовзийтира "постПутинан" пачхьалкхийн проект. Иштта Киевехь гулбеллера "Кремлан рожо хьийзон" къаьмнийн векалш, и гулам вовшахтоьхнера Ичкерин векало а, кхинйолчу кавказхойн диаспораша а.
- ГIебарта-Балкхаройчоьнан бакъоларйархоша дехар дира республикан куьйгалхочуьнга Коков Казбеке, регионера мобилизаци юкъахйаккхар доьхуш, регионалан къоман генофондана кхерам латтарна.
- Украинан агIор тIемаш беш ю Дудаев Джохаран цIарах батальон (командир ву Осмаев Адам), ВСУ-н структурин декъах йолу "Акха арданг", иштта, ЧIебарлойн Муслима куьйгалла ден Шейх Мансуран цIарах батальон а – лаамхойн тобанан бакъонашца. Кадыровс 500 эзар америкахойн долларшкахь кхаъ кхайкхийра хьалхо оцу батальонийн буьйранчийн болу меттиг йийцинчунна.