Дика кIант кхиийна Цоцин-Эвларчу Арсаев Зеламхин дас-нанас

Пхи-ялх де хьалха социалан машанехула хаам, аьлча а дехар дIасабаржийнер цхьана дог доьхначу стагера. 500 эзар сом гергга ахча дожийнера цо Соьлж-ГIалана юккъехь. Шен иза доьжна хилар цхьа хан яьлча а бен ца хиинера цунна.

Your browser doesn’t support HTML5

Дика кIант кхиийна Цоцин-Эвларчу Арсаев Зелимхин дас-нанас

Ша и стаг ахча къастош болх беш ву. Иза юхадоьрзур хиларх дог диллина хиллера цо. Амма цуьнан бераш кхайкхам бинера цу хьокхехь дуьххьара WhatsApp-хь.

Цигара иза кхаьчнера кхечу социалан машанашка а. Ши де а ца ийшира дайна ахча шен дех дIатоха. Ахча кара а дина, иза цуьнга дIаделлера Цоцин-эвларчу 18 шо долчу вахархочо. Дуьйцу ахча дайначун йоIа (шен цIе цаяьккхар дийхира цо).

Ахча дайначу стеган йоI: «Базарахь доьжнера тхан ден и ахча. Цоцин-эвлара Арсаев Зеламхас, кара а дина, тхоьга схьаделла иза. Дела реза хуьлда цунна а, оцу гIуллакхан тхуна орцахбевлачу нахана».

Ахча дайна аьлла и хаам гIарбоккхучу хенахь, ша тешаш яцара боху, иза дайначун йоIа. Амма ша а, дуккха а нах цец а бовлуш, ца моьттучу агIор карадеара иза, аьлла, кхин дIа а дийцира цо.

Ахча дайначу стеган йоI: «Цо телефон тоьхна шена карийна аьллера тхоьга. Цига дIа а дахана, цигахь схьаийцира оха иза. ЧIогIа иман долуш жима стаг хиллера иза. 18 шо ду цуьнан. ХIинца ахчанах Iехавала хан йоллушехь, иза ца дира цо. Орцах дуккха а нах бевлира тхуна, къаьстина кегийрхой».

Цоцин-Эвлара вахархочо Арсаев Зеламхас, шена карийна ахча иза дайначуьнга юха дIадаларх цецволийла а дац и хIума шуьйра бараме диллича. Тахана меттигерачу хаамийн гIирсашкахь сих-сиха кхайкхош хуьлу дашо чIуг, мухIар, ахча карийна, иза дайнарг тIевола олий. Цкъацца моттало, шайн цхьах яйна бохучарел а дукха хуьлий теша, карийна бохурш олий.

Соьлж-ГIалахь ахча дайначунна иза жимачу стага юхадерзийна аьлла хезча, дукхачу нахана хазахеттера. Иза цхьана агIор къам а, адамаш а зера санна хIума дара, аьлла дийцира соьга Соьлж-ГIалара яхархочо Шаптукаева Заремас.

Шаптукаева: «Ахча адамийн кхетам дIахьош, Iехош хIума ма ю. Шена карийначух рицкъ дан а ца гIерташ, долчуьнга дIаделлера цо. Иза ма ду нохчийн къоман амал гойтург».

СагIа далар, мел баккхар, гIо-накъосталла дар, оьшучунга хьажар, гIаддайначу стеган дог эцар - нохчийн къоман цIийца хIуманаш ду. Цхьайолчу автобусаш чохь рузбан дийнахь ахча схьа ца оьцу, цхьаболчара, массарна а тIера сагIийна ахча дIало. Дуккха а туьканаш а ю, еарин дийнахь бепиг мах а боцуш дIасадоькъуш.

Мел баккха луурш дукха болуш, махкахь массийта гIо-накъосталлийн фонд а ю. Цига дIахьо наха сагIийна яла луу хIуманаш.

Мах а боцуш сурсаташ чохь долу шелигаш а ду цхьацца меттигашкахь дIахIиттина. Уьш а, Цоцин-Эвлара вахархочо Арсаев Зеламхас динарг а масал ду кхечарна.