Your browser doesn’t support HTML5
23 шо кхечи Нохчийчохь хьалхара тIом болабелла. Ма дарра дийцича, иза оьрсийн эскархоша меттигера оппозици ю бохучу нахехула болийна-м дикка хан яра, амма официале тIом болабелла лоруш ду ГIура-беттан 11-гIа де. И де суна а дика дагадогIу. ГIура-беттан 10-чу буьйсанна Ельцин Бориса дIахьедар дира телехьожийлехь, нохчаша вовшашца беш болу тIом сацорхьама, Оьрсийчоьнан Конституцин къепе хIоттархьама эскар чудига омра дина ша аьлла.
ШолгIачу Iуьйранна, гIалара хIаваэхь а хIоьттира тIеман тийналла. Дуьхьала кхетачу адамийн бIаьргашкахь сингаттам хаалора. Мел генадевр ду теша и политикин ловзарш? Дукха хан ца ийшира цунна жоп карон. Ткъех дийнахь гIалина гобира оьрсийн эскаро. Кхузахь хилира тIеман коьрта тасадалар, нехан синтем а, паргIато а, кханене сатийсам а деххачу шерашка дIабаьхьначу тIеман.
И тIом шайна тIехь лайначу нохчашна тахана и дагабаийта ца лаьа. Дийца хала долуш дац иза. ХIинца хIума хийцалур доцуш, белларш юхаберзалур боцуш и хан юхахьовзор шайн карахь доцу дела ду.
Байтанчо Хасимиков Сулбана иштта дагалоцу и денош: "ГIура-беттан 11-гIа де официале де ду тIом болабелла. Вайна ма-хаъара, иза кхин а хьалхе болабелла. И бутт тIекхачале вайн кегий нах тIамехь белларш дIа а бухкуш хьал дара. Иза вайна массарна а хууш ду. Иза дага а догIу вайна. Ирча де дара. Ала а, дийца а хала ду. ТIом хир бу аьлча, даго тIе ца лоцура, амма кийча бара-кх цунна. Дуккха а кIентий декъалхили оцу тIамехь. Церан ГIазот Дала къобалдойла-кх".
Нохчийчохь хиллачу оцу тIемийн коьрта Iалашо дуккха а маьрша нах а байъина, бисиначаьрга герз караэцийта яра аьлла хетарш кIезиг бац. Хийла доьзал хIаллакбина, чуьра цхьа стаг вита а ца вуьтуш.
Маьршачу нахана кхеташ яра мел кхетарг, аьлла шен дагалецамаш буьйцу Соьлжа-ГIалин вахархочо Канаев Сайпуддис: "ДIавахханчохь тIе бомбанаш етташ, тIемалой бу бохуш, маьршачу наха чIогIа бала хьийгира. Нохчийчохь дукха нах хIаллакбира, бахамаш а бохийра. Тахана и тIом ца баьллехьара, нохчий дика Iаш хира бара.
Массо а стаг дIа а нисвелла, шен-шен керт а йолуш, тIедуха а, когадуха а долуш Iаш хир вара. Дийца башха дог а ца догIу. Цомгаш а хилла хIинца нах. Цхьа цамгар ялахьара-м дан хIума дацара. Массийта цамгар ю. Массо а ву иштта, жима а, воккха а ву дарбанан хIусамашкахь".
Оцу тIамо нах байъина а ца Iаш, къоман амал а, дайша экаме хеташ лардина гIиллакхаш а, ламасташ а хIаллакдина аьлла хета Веданан кIоштарчу Хаджимурадов Сулейманна. Цо иштта элира: "Нохчашна оцу тIемаша доккха зен дина. И зен дийцина вер а вац. Вайн гIиллакхашна а, ламасташна а зен дина. Иза вайна гуш ду. Боккха тIеIаткъам бина оцу тIамо".
Нохчийчохь хьалхара тIом болалуш шен цIахь Горагорскехь хилла махкахь вевзаш волу журналист Садулаев Муса. Иза чIогIа ирча сурт дара, амма цул а кIоршме хилла цуьнан тIаьхьалонаш, аьлла, дийцира цо: "Ирча дукха эскар дара иза. Танкаш, БТР-аш, машенаш, тIехула хьийзаш беракеманаш, тIеетташ бомбанаш. И эскар чудеачахьана Нохчийчохь тезеташ хIитта долийра. Эскарна дуьхьал тIемаш беш бара уьш.
21 шо долу сан йишин кIант а вара царна юкъахь. Иза а велира цигахь. И тIом ца хиллехьара, Ельцин бохучу оцу боьхачу хIуманан хьекъал кхьачнехьара иза ца бан. ГIала муха хира яра ца хаьа, амма эзарнашкахь нах байъина а, докъаза байна а хир бацара, аьлла хета суна".
Тахана а иттанаш эзар эскархой бу Нохчийчохь шайн тIеман базанашкахь Iаш. Махкахь тIом дIабирзина лоруш балахь а, уьш кху чуьра арадаха дагахь дац Оьрсийчоьнан Iедал.