23 шо хьалха, 1994-чу шеран ГIура-беттан 11-чу дийнахь, Нохчийчохь болабелира Хьалхара тIом. Оьрсийчоьнан президенто Ельцин Бориса цу хьокъехь тIеэцна указ арадаларца, кхаа агIор Нохчийчоьнан территори тIе девлира Оьрсийчоьнан эскарш.
Хьалхара тIом бахбелира 1996-чу шеран Марсхьокху-беттан 31-гIа де тIекхаччалц. Дагестанерчу Хасу -юьрта хиллачу маслаIатца, Нохчийчоьнан статус билгалъяккха езаш яра 2001-чу шеран ГIура-беттан 31-гIа де тIекхачале. Ма дарра аьлча (де-факто), Нохчийчоь юха а хилира йозуш йоцу пачхьалкх.
Тахана а билггал хууш дац цу къизачу тIамехь мел адамаш дайина.