Москох мэр хаьржина Собянин, амма Навальный реза вац

Оьрсийчоь -- Москох гулбеллачу эзарнаш шен агIончашна хьалха вистхуьлуш, Собянин Сергейс дIахьедар дира, КIирандийнахь хилларш цкъа а Москох хилла боцу нийса харжамаш бара аьлла, 8Гезг2013

Москох харжаммийн комиссино дIакхайкхийна Оршотан дийнахь Iуьйранна дерриг а кхъаьжнаш дагардинчул тIаьхьа мэран харжамашкахь хьалхарчу муьрехь 51, 37 процент кхаьжнаш а гул деш толам баьккхинарг Собянин Сергей ву аьлла. ШолагIчу меттехь ву 27,24 процент кхаьжаш гулдина волу оппозцин лидер Навальный Алексей. Навальныйс бехке дина Iедалш харжамаш дIахьуш харцонаш лелорна.
Оршотан Iуьйранна Москохан харжамийн комиссино дIахьедар дира керла Москох мэр хаьржина, карарчу хенахь цу даржехь волу Собянин Сергей аьлла. Собянин вовзуш воцуш волу кандидат санна цу харжмашкахь дакъалоцуш хиллехь а хууш ду цунна гIортор еш Кремл хилла х илар. Цуьнца мэран дарж ковсаш вара оппозицин лидер андидат ПАРНАС-партин цIарах кандидат волу Навальный Алексей.

Москох харжамйин каппаш дIачIаьгIначу сохьтехь иза тешна вара шолгIа мур хир бу аьлла. Амма Москох харжамийн комиссино бинчу сацамо дог дохийна вара иза. Навальныйс бехке дира Iедалш харжамийн жамIаш харцхьадахарна.




Оьрсийчоь -- Москох мэран харжамийн каппаш дIачIаьгIначул тIаьхьа журналисташна хьалха къамел деш ву Навальный Алексей, 8Гезг 2013

Навальный: «Оха кхеторехь, хуьлург харжамийн жамIаш харцхьадахар ду дIахьош, Москох мэрино а, Собянин Сергейн харжамийн штабо а вовшахтоьхна дIахьош долу. Оха доьхург ду, хьем а ца беш, харжамхой кхажтаса бахкаран терахь Iорадаккхар»,

Оршотан дийIнахь Навальныйс шен блогехь хаам бира, харжамийн жамIаш ша къобул ца до аьлла. Цо дийхира кхаьжнаш кхин цкъа а дагардар. Цо иштта кхайкхам бира шен агIончашка Москох дуьхьалонан акце ардовлахьара аьлла.

Харжамаш дIабирзича Москох гулбеллачу иттаннаш эзарнаш шен агIончашна хьалха вист хуьлуш, Собянин Сергейс дIахьедар дира, КIирандийнахь хилларш цкъа а Москох хилла боцу нийса харжамаш бара аьлла.

Харжамийн комиссино далочу терахьашца, Москох мэран харжамашкахь дакъалецира 32 процент харжамхоша.

Собянин Москох болх беш ву 2011-чу шарахь дуьйна. Цхьааллин Оьрсийчоь олучу партин уггаре а жигара болчу куьйгалхойх цхьаъ ву иза.

Навальный дакъалоуш вара мэран харжамашкахь Товбеца-баттахь коррупци лелорна хан тоьхначул тIаьхьа. Цунна набахтехь даккха 5 шо туьйхира суьдо. Карарчу хенахь Навальный, закъалтана ахча а эцана, аравалийтина ву цуьнан аппеляци листина яллалц аьлла.

Цхьаболча аналисташна хетарехь, Навальныйна тIаьхьахIоьттина адам хилар гучудаьллачул тIаьхьа, Iедалшна хала хир ду иза набахти чуволла, иза политикан бух болуш ду аьлла туьдур долун дела. Царах ву Москох йолчу Карнеги центран аналист Петров Николай.

Петров: «Кремло дийра дерг дара цунна арахь даккха 5 шо хан тохар. Амма хIинца а хьалхе ду хир долчух лаьцна дийца. ХIунда аьлча, Кремл кийча яцара цо оццул дукха кхаьжнаш гулдийр хиларна. Цундела цхьаьнге а алалур дац гIоле дерг хIун хир ду».

Делахь а, Петровна хетарехь, Навальный баккъалла а чуволла а сахьт дац.

Петров: «Суна хетарехь, куьйранаш олучу неха лаам хила мега, Навальный схьа а лаьцна, набахте чуволла. Тахана цо дуккха а кхаьжнаш гулдар Кремал кIезиг хетийтар ду аьлла хеташ хилча, иза чуволла мегаш хилар алсам долуш ду».

Цу хеннахь Навальныйс дIахьедар дина, ша дагадовларш дIадахьа реза ву Собянинца, «Москох бахархошна хетарг лардеш» аьлла. Оппозиционеро шен блогехь яздина ма хиллара, иза дагахь ву уггаре а хьалха тIех сов цIахь кхаьжнаш тесначу каппашкара жамIаш талла.

Хьалхо Оршотан дийнахь Собянин Сергейс ша кийча ву элира шен харжамашкахь хиллачу коьртачу оппонентаца цхьаьнакхета. «Аса кхойкху иза. Схьаваийта», - элира цо.

Амма Навальныйн штабан декъашхоша бинчу хаамца, харжамийн жамIех лаьцна хаттарш дийцаре дан дан дагахь вац Собянин, уьш Навальныйс къасто деза харжамийн комиссехь а, суьдашкахь а аьлла хета царна.