Украинехь Оьрсийчоь сацош Китайга гIо доьху Германино

Китайн а, Оьрсийчоьнан а арахьарчу г1уллакхийн министрш Йи Ванг а, Лавров Сергей а. Охан15, 2014

Украинера хьал дIанисдеш жигара дакъалоцуш ю Германи. Цуьнан Iедалша иза деш, Оьрсийчоьнна Iаткъам а беш, гIо де аьлла, дехар дина Германино Китайн Iедалшка.

Немцойн экономикан министр а, урхаллин вице-премьер а волчу Габриэл Зигмара Китайн куьйгалле кхайкхам бина, шайн Москохаца йолчу дикчу юкъаметтигех пайда а эций, Украинин гуонахьара кризис дIаерзош гIо дахьара, аьлла.Китайн Пачхьалкхан кхеташонан куьйгалхочуьнца Кецян Лица дIадаьхьанчу шен цхьанакхетарехь и хIума дийцаре дира ша Габриэль Зигмара.


Немцойн вице-премьеро билгалдаьккхира, Китайн, Оьрсийчоьнан юкъаметтигаш тIаьхьарчу шерашкахь толуш схьайогIуш хилар, цундела Китайн куьйгалло цу хIумнах пайда а эцна, Оьрсийчоь кхето еза, дуьненаюкъара бакъонаш а, кхечу пачхьалкхийн дозанаш а лара дезаш хиларх, аьлла.

Ала догIу цу хьокъехь, Китайно Украинин гоунахьарчу хьоле шен болу хьежамаш цкъачунна билгал бовзийтина бац, я цу девнан цхьа а агIо лаьцна а яц цуо хIинцалца схьа. Мелхо а, я Украинехь а, я Оьрсийчоьнгахь а гIо ца доккхуш, йистах лаьтташ ю цу пачхьалкхан урхалла.

Бакъду, заза доккхучу баттахь ша Германе веана волуш Китайна куьйгалхочуо Цзиньпин Сис пресс-конференцехь ша вистхуьлуш Оьрсийчоьнгахьа гIо ца даьккхира. „Китай дуьненаюкъара бакъо ларъеш а ю, массо а пачхьалкхийн суверенитет а, территори екъайиш ца хилар лоруш а ю“, - элира цуо.

Цу юкъана Оьрсийчоьнна тIеIаткъам баре кхечу пачхьалкхашка кхойкхуш йолу Германи ша а, олуш ма-хиллара, башха бехк боцу Iахар ца хилар гучудаьлла кху деношкахь. Украинера кризис марсаяьлла йоьдучу муьрехь немцойн тIеман концерн Rheinmetall тIетаьIIина оьрсийн эскархой Iамош хилар гучудаьлла. Зазадоккхучу баттахь Германин урхалло дIакхайкхинера, цу концерно ГIирмера хьал бахьана долуш Оьрсийчоьнца цхьаьнаболхбар сацош ду, аьлла.

Амма и дIахьедар динчул тIаьхьа а Москохана уллорчу леринчу тIеман кечамбаран центрехь оьрсийн эскархой Rheinmetallан говзанчаша Iамош хилар гIарадаьккхина The Daily Beast газетано. Цуо чIагIдарехь, Германино кечйина яра „цхьанна а шаьш гайта а ца гойтуш ГIирме чулилхина йолу а, ткъа хIинца Малхбалерчу Украинера хьолана тIеIаткъам беш болу а оьрсийн лерина йолу тIеман тобанаш“.