ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украина бехке йина Лавровс Женевера берташ дохорна


Даханчу кIиранах Женевехь бина берташ бохорна бехке дина Украинин Iедалш Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс. Москох зорбан конференцехь Славянск-гIалахь хиллачунна комментарий еш Лавровс элира, герзаца хиллачу наха, цхьа а бист хилар а доцуш, герзаш диттина маьрша бахархошна тIе аьлла.

Хиллачо гойтуш ду Киевера Iедалш я лууш ца хилара, я гIорасиз хилар хаьл шайн куьйгакъеллахь латтон бохуш вара Оьрсийчоьнан министр Лавров. Украинин Iедалша дийцарехь, кху беттан 20-чу дийнахь, Славянскехь герзаш а диттина, вийна лаххара а цхьа стаг. Масийтта стаг чевнаш йина ву.

Цунах бахьана а дина, Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире эскарш дахкийта аьлла дехар дина цу гIаларчу герзаца болчу сепаратисташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG