"Кадыровн долара киллер" санна вевза Денисултанов Артур Гуьмсера схьаваьлла нохчо ву, юха а хан тоьхна цунна 37 миллион соьма тIехь курхалла лелорна. Оьрсийчоьнна дуккха а беркате (билгал ца даьхна) гIуллакхаш дарна а, къайлах куьйгалхоша совгIаташ дина хиларна а кхело кIад дина таIзар – оцу юкъанна, хууш ду, бехкевечо мел кIезиг а оппозиционерашна динчу шина тIелатарх. Кавказ.Реалиин редакцино ма-дарра дийцира Денисултановн криминалан карьерех лаьцна.
Ялхойн тайпанах волу нохчийн парламентан куьйгалхочун Даудов Мохьмадан генара герагара Денисултанов масийттазза зуда йалийна ву. ХIоразза а шен хIусамненан фамили оьцура цо, ницкъахойн шена тIе бIаьрг ца хIоттийта.
Криминалан гонашкахь Денисултанов вевза дуккхаъчу цIерашца: Курмакаев Артур, "Динго", "Iаьрби", Антипов Александр, Дакар Александр, "Цебро", Тищенков, Вернер Алекс.
55 шо долчу Денисулановс шен "карьера" йолийна Советан заманахь: 1990-чу шарахь дуьххьара хан туьйхира цунна ахчанаш дахаран (ши шо чохь даккха), амма хенал а хьалха аравалийтира, Нохчийн Ичкерия республикан хьалхарчу президенто Дудаев Джохара 1991-чу шарахь ша дарже веача кхайкхийначу амнисти юкъа а вахна.
Оццу хенахь ала тарло, иза гучувелира меттигерчу телехьожийлан эфирехь – Оьрсийчоьнан журналистан Невзоров Александран "600 секунд" программехь "Петербургерчу нохчийн векал" санна. Машенаш идорна лерина йара хIетахь программа. ТIаьхьо Невзоровс дIахьедира, "Динго" а, ша а доттагIий хилира: оьрсийн-нохчийн хиллачу тIамах лаьцна "Чистилище" кино чохь гочдархо а хилира иза аьлла. 90-чу шерашкахь журналисто мах хадийра Денисултановн "романтикан" санна, шен леларехь гIаравийла лууш ву аьлла, амма тIаьххьарчу 15 шарахь шен цуьнца цхьана а кепара уьйр хилар бакъ ца до Невзоровс.
1998-чу шарахь Украинехь лецира Денисултанов – официалан версица, цуьнан банда хиллера Ленинградан кIоштара йоккхачу Колпинан пищкомбинатан директорх ахча даккха дагахь. Дуьххьара цуьнан аьтто белира вада, амма украинхойн Iедалхоша Оьрсийчу депортаци йира цунна, цигахь "Динго" бехкевира ахчанаш дахарна а, милицин белхахошна дуьхьало йарна а. Делахь а, шо даьлча иза хийцира, Нохчийчохь йийсарехь хиллачу Оьрсийчоьнан салтичуьнца Леонтьев Сергейца.
Шен махка юхавеара Денисултанов, цигахь дукха хье ца велира иза. 2000-чу шерийн юьххьехь иза гучувелира Гатчинехь, Петеребургехь вевзинчул тIаьхьа, бакъоларйаран органийн тергонехь нисвелира иза – курхаллаш лелорна бехкевира, амма гIуллакх кхеле ца кхечира.
Исраилов Iумар вер
2008-чу шарахь Австрихь гучувелира Денисултанов Артур, цигахь политикан тховкIело а йийхира цо, амма шен цIарца вацара, Курмакаев Артур аьлла вара.
Шо даьлча, 2009-чу шеран дечкен-беттан 13-чохь Венехь вийра нохчийн мухIажар, Нохчийчоьнан куьйгалхочун хилла хадархо Исраилов Iумар. Америкахойн The New York Times газетехь цул хьалха материал арахецнера цо, шен хиллачу хьаькамца лаьттинчу конфликтах лаьцна.
Талламан официалан версица а догIуш, Исраилов масийттазза цхьанакхеттера Денисултановца, Нохчийчу юха гIо бохуш, иза къарван гIиртинера важа. Цул тIаьхьа, Кадыровга къинтIера воккхуш телефон тоха аьлла хьехча, Исраилов кхеттера, Денисултанов шен хиллачу куьйгалхочуьнца зIенехь вуйла.
Шеконаш кхоллайелча, Исраиловс кхечу нохчочуьнца Умаров Мамиханца (тIаьхьо иза а вийра Венехь 2020-чу шеран товбеца-беттан 4-чохь) цуьнан къамел дIайаздинера, Курмакаев цIарца шайна вевзачу стага Исраилов Европехула Украине а вигий, цигара дIа Оьрсийчу дехьаваккха бохуш.
ТIаьхьо "Дингос" дийцира, шен Iалашо йара Кадыровна дуьхьал Европерчу кхеле йелла иск Исраиловга юхаэцийтар аьлла. Амма иза вуьйш ша декъах ву бохург, бакъ ца дира Денисултановс.
2009-чу шарахь Австрин полицино лецира иза, амма "Динго" зуламна бехкехилар тIечIагIдан ницкъ ца кхечира церан. ХIетте а цунна депортаци йира Оьрсийчу, цигахь 2011-чу шарахь кхел йира цунна, ша маре юьгур ю аьллачу зудчун ворхI миллион сов соьмана къола дарна. Набахтехь даккха бархI шо хан туьйхира "Дингона".
КХИН А ХЬАЖА: "Кадыровн а, къайлахчу ницкъийн а юкъаралла". Хьанна эшна Умаров Анзор венУкраинхойн лар
2017-чу шарахь хенал а хьалха маьршаваьлла Денисултанов, ша францхойн Le Monde газетин журналист ву а аьлла, Украине веара. Цигахь Вернер Алекс цIарца кеп-кепара некъаш лийхира цо украинхошкахьа тIемаш бечу Дудаевн цIарахчу нохчийн батальонан командирца, хьалхо Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна кIело кечйарна бехкевинчу Осмаев Адамца цхьанакхета.
Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь Осмаевс дIахьедира, псевдожурналистан "Дингон" истори бакъ йац аьлла, цкъа а шеко хилла йацара шен аьлла. Мангал-беттан 17-чохь цхьанакхетар хилира, цига Осмаев веанера шен хIусамненаца Окуева Аминица. Денисултановс Осмаевн некхах герз туьйхира, ткъа Окуеван ницкъ кхечира шен цIийнда Iалашван – доьазза герз туьйхитра цо шайна тIелеттачунна. ТIелеттарг а, зудий-майрий дийна дисира.
Денисултанов лецира, украинхойн СИЗО-хь ши шой, ахшой даьккхира цо – оцу йоллу заманчохь дийцарш дара лелаш иза хийцарх лаьцна. Цунна реза вара чов йина хилла Осмаев а, амма украинхойн йийсархой Украине цIа бахкийтахь. Оьрсийчоьнан аьтто хилира дIасахуьйцуш бартбан 2019-чу шеран гIуран-баттахь – цул а кхо де хьалха тIелеттачунна дехкина бехкаш тIера дехира.
"ДНР" олучийн Iедалхошка дIавелира Денисултанов, цигахь цо дакъалецира, боху, сепаратистийн агIор тIемаш беш. Цхьана а тайпа оцу "тIемах" тоьшалла дац, делахь а, оццу шарахь Москва дIавахара "Динго".
2022-чу шеран зазадокху-баттахь Москвахь лецира Денисултанов 37 миллион соьмаца курхаллаш лелорна, цуьнан хIусамах хьоьвсира. ХIетахь пачхьалкхан ТАСС агенталло шайн хьасташна тIетевжина, йаздарца, полици орца дехнера 26 шо долчу Москван вахархочо. Соьмаш долларшца хийца гIоьртинера иза – цхьана вевзачо хьехнера цунна брокерца Прохоров Вадимца зIене вала аьлла. Зазадокху-беттан 14-чохь цхьанакхийтира уьш Сбербанкна гергахь. Прохоровс аьллера, кхечу стага цуьнгара ахча схьа а эцна, банкехь хийца а хийцина, долларшкахь юхалур ду. 37 эзар миллион сом "брокере" дIаделлера цо, цул тIаьхьа тIепаза вайнера и стаг.
Масех де даьлча лецира Денисултанов оцу гIуллакхехула – цуьнан цIийнах хьоьвсича карийнера 6,5 миллион сом.
2023-чу шеран чиллан-беттан 15-чохь Денисултанов бехке лерира баккхийчу барамашкахь курхаллаш лелорна, оцу Iедалан къепехула кхачайо чохь йаккха 10 шо хан. 200 эзар сом гIуда а тухуш, юкъарчу рожехь йолчу колонихь даккха ялх шо кхайкхийна цунна. "ТIемашкахь дакъалацарна а, Оьрсийчоьнна гIуллакх дарна а, совгIаташца билгалваьккхина хиларна а" таIзар кIеда дитина. Стенна дина совгIаташ, хIун гIуллакхаш дина Орсийчоьнна – ца дуьйцу ша Денисултановс а. Шена деллачу тIаьххьарчу дашехь цо дIахьедира, и указаш "къайле ю" аьлла.
КХИН А ХЬАЖА: Украинин депутат: Осмаев вен гIоьртина стаг бехказваккха мегаш ву"Йилбазца бартбар"
Туркойчуьра нохчийн диаспоран жигархо Г.Мохьмад-Салахь тешна ву, Украинехь, Австрихь "лар йитина" ца Iаш, Денисултановс Туркойчохь а йитина хир ю аьлла, Нохчийчуьра тIемалой хиллачаьрца цхьана а веттавелла. Делахь а, тешна ву иза иштта, нохчийн гIаттамхошна ша гучуваларна кхеравелла "Динго" Австри дехьаваьлла хир вара аьлла.
Денисултановна юха а хан тохарх дуьйцуш, нохчийн батлаьонан командиро Осмаев Адама дегайохво къадийра, тIейогIучу хенахь юха а иза жоьпалле озор ву аьлла.
"Украинана оьшуш болчу нахаца хийцина ву Динго, оцу юкъанна Оьрсийчохь набахтехь латтор ву иза, цунах самукъа ца долийла йац. Цул совнах, Украинехь цо динчу кхечу зуламашна а цхьана тIейогIучу заманчохь иза жоьпалле озор ву аьлла, тешна хир ду-кх вай", - элира цо.
Шайн принципаш йитина, агIонаш кийча ю йилбазца бартбан
Денисултанов санна болу нах Оьрсийчоьне дIабала беза аьлла ца хета нохчийн бакъоларйархочунна Янгулбаев Абубакарна. Цунна хетарехь, нийса а дц и, деструктивехь а дац, къаьсттина Кадыровн рожца къийсам латточу контекстехь.
"Бехкзуламан жоьпалле стаг озон йиш йолчу юкъарчу низамашца а догIуш, и стаг миччахь вехаш велахь а, цо зулам динчу пачхьалкхехь йеш ю цунна кхел. Хала хеташ делахь а, пачхьалкхаша шайн интересашкахь а хуьйцу зуламхой, делахь а, терроризмаца а, тобанашкахь дечу а зуламшца бечу къийсамехь цунах пайда ца болу, хIунда аьлча, муьлхха а пачхьалкхан агенто кхечу махкхахь зуламаш лелор ду, шайн пачхьалкх шена тIе а хIоьттина, ша кIелхьарвоккхур вуй хиъча. Юьстахваьлла хьаьжча, шайн принципашна тIехбевлла, йилбазца а бертабаха кийча бу аьлла хета уьш шайн интересийн дуьхьа", -тидамбира Янгулбаевс.
***
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан кийча ву миллион доллар (Оьрсийчоьанн Коьртачу банкан официалан курсаца – 73 миллион сом гергга) ахча дала украинхошкахьа тIемаш бечу Дудаев Джохаран а, Шейх Мансуран а цIарахчу батальонийн командираш - Осмаев Адам а, ЧIебирлойн Муслим а волу меттиг бийцинчунна.
Охан-беттан 26-чохь телеграм-канале хIоттийначу аудиохаам тIехь Кадыровс боху, командирийн локацих дийцинчунна миллион долларшкахь ахча дала кийча ву цхьа стаг. Йа церан "коьртеш даха", йа къинтIера воккхуш видео дIайазйайта, батальонийн буьйралла дийраш шайн карара бовлийта йиш йац кадыровхоша аьлла, тIетоьхна Кадыров.