Хангошвили Зеламха вийнарг хийца гIерта Путин, Нохчийчохь лачкъийнчу Лапунов Максиман хьокъехь Европан кхелан сацам, нохчийн жигархойн ненан Мусаева Заремин хан лахйар – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радионан хIора кIиранах арахоьцучу 28-чу подкастехь.
Your browser doesn’t support HTML5
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Хангошвили Зеламха вийнарг хийца гIерта Путин
Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ а, Оьрсийчоь а дийцарш дIахьош йу тутмакхаш дIасахийцарх: уггар а хьалха, Wall Street Journal гIирсан материалехь йаздарехь, Москва къар ца ло Красиков Вадим араваккха бохуш, хетарехь, Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн белхахо ву иза. Германихь кхел йина цунна нохчийн тIемалойн хьалханча лаьттина Хангошвили Зеламха верна.
Артиклехь бахарехь, Путин Владимира тIедожийна Красиков Вадим арахецийта аьлла. И хаттар дийцаредеш ву кхерамзаллин Кхеташонан секретарь Патрушев Николай. Америкера набахтехь латтош хилла, Оьрсийчохь таIзар динчу баскетболан ловзархочух Грайнер Бриттница хийцира Бут Виктор, масала. Ткъа Красиков америкахойн юрисдикцица вац, иза Германихь чохь латтош ву. Цо мел а чолхе доккху гIуллакх дийцарш деш.
ДIасахийцаран мел а чолхе кеп хила а тарло, цигахь тептара йукъахь хир бу политикан тумакхаш лерина Оьрсийчоьнан оппозиционераш, Навальный Алексей, масала, хаамбо журналисташа.
Соколов Вадиман цIарца долчу кехаташца леллачу Красиковна кхел йира Берлинехь 2021-чу шеран гIуран-баттахь. Кхелана къаьстира, Москван тIедахкаршца иза лелаш хиллийла, 2019-чу шарахь Берлинехь Хангошвили вер пачхьалкхан терроризман акт лерира кхелахоша. Журналистийн талламашца а догIуш, Красиков хила тарло ФСБ-н лаккхара эпсар, "Вымпел" спецназан лерринчу декъан ветеран. Хангошивли верна бехкехилар Москвано тIе ца лоцу.
Терроризмана бехкебинчу нохчашна хенаш тоьхна
Нохчийчуьра бахархой бехкебина гIаттамхойн тобана йукъахь дакъалаца кечамбарна а, бакъо йоцуш герз а, тIеман гIирс а латторна а, динца йолчу гамонца стаг вер вовшатохарна а. Мехкан Лакхарчу кхело тIечIагIдина Гуьмсан кIоштан суьдхойн таIзар. Бехкебечийн адвокато Дубровина Маринас дIахьедина, бехкаш бух боцуш хиларх.
Апелляцин латкъамехь билгалдаьккхина, Баталов Хьусайн герзашца болчу гIаттамхойн тобанехь дакъалоцуш цахилар, материалашца фальсификаци лелийна хилар, ткъа кхелан хьесапаш догIуш дац билггал долчуьнца.
КХИН А ХЬАЖА: Терроран артиклашкахь 7 шераш кхайкхийна Нохчийчуьра бахархошна. ГIуллакхца харцонаш лелийна боху адвокатоБаталов йеххачу заманчохь латтийра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Гуьмсера декъехь, цхьана а кепара иза лацарх кехаташ а ца хIиттош, дIахьедина адвокато. Иштта къиза Iазапаш латтийна цунна тIехь, бехке ву аьлла, хьуо тIевеанера алий, кехатана куьгйазде бохуш. Цуьнгара йаьккхина бохучу тапчана тIехь цуьнан пIелгийн лараш йац, билгалдоккху Дубровинас.
Кхеле хIоттийначу шиммо а бехкаш тIе ца лаьцна, амма суьдо тоам бина бехкана мукIарло деш йуьхьанца цара динчу тоьшаллех. Уьш ду тIехь ницкъбина даьхна.
Лапуновн хьокъехь ЕСПЧ-н сацам
Адамийн бакъонашкахула йолчу Европан кхело сацамбина Нохчийчохь кадыровхоша лачкъийна хиллачу Лапунов Максимана 52 эзар евро компенсаци йолуьйтуш. Цуьнан ориентаци бахьана долуш республикехь ницкъ бинера цунна тIехь.
Бакъо йоцуш Нохчийчохь лацарх а, гейшна тIехь Iазапаш хьегийтарх а дIахьединчех хьалхара ву Лапунов, билгалдоккху "СК SOS" кризисан тобано.
Лапуновн гIуллакхехула бина таллам эвсара бацара аьлла хета ЕСПЧ -кхелана. Суьдо хьесап дина, адамийн бакъонех а, коьртачу маршонех а лаьтта Конвенцин артиклаш йохийна хилла аьлла.
2018-чу шеран стигалкъекъа-баттахь латкъам бинера Лапуновс, Оьрсийчоьнан массо а кхелашкахь гIуллакх талла шена дуьхьало йича.
КХИН А ХЬАЖА: Европан кхело компенсаци йалар тIедожийна Нохчийчохь кадыровхоша лачкъийначу гейнаЦуьнан гIуллакх листа ца лиънера полицина, Оьрсийчоьнан омбудсмен Москалькова Татьяна йукъагIоьртича а нийсонца таллийта ницкъ ца кхечира, дуьйцу бакъоларйархоша.
Омскехь вина ву Лапунов, ткъа Нохчийчу веанера иза 2015-чу шарахь махкахь хIиттон барамаш дIакхехьа, билгалдаьккхина ду "СК SOS" сайте хIоттийначу цуьнан карти тIехь. 2017-чу шеран бIаьста Соьлжа-ГIалин йуккъехь лачкъийна иза гейшна леринчу къайлахчу набахте воьллира. Ницкъахоша йиттинера цунна, республикера кхечу гейх лаций охьадийца бохуш, герза тIехь йитинера цуьнан куьйгийн таммагIаш.
Ша гей ву аьлла, камера хьалха мукIарло дайтира Максиме, лаьцна 12 де даьлча дIахийцира иза. Информаци цо нахалайаккхахь, шаьш вуьйр ву а аьллера, кхерамаш тийсинера цунна. Бакъоларйархошка дIахаийтира цо дерриг а, полицига арз а дира. 2019-чу шеран лахьанан-баттахь Оьрсийчуьра дIавахара Лапунов.
Америкахойн HBO телеканалана йеллачу интервьюхь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, махкахь гейш бац аьлла. Оцу йукъанна, уьш "адамаш дац" аьлла, неIалт кхайкхийра цо царна. Бакъоларйархоша хаамаш бо, 2016-гIа шо довш дуьйна долийна гейшна тIаьхьабийлар тахана а сацийна дац бохуш.
Мусаева Заремин хан эхашарна охьайаккхар
Нохчийчуьра Лакхарчу кхело эхашарна малдина Мусаева Заремина – нохчийн оппозиционерийн нанна, кхайкхийна таIзар. Пхеаа шарна а, эхашарна а тIера ахшо дIа а даьккхина, колонихь даккха 5 шо дитина цунна. ТаIзар кIаддан бахьана лерина кхело цуьнан дегIаца дарба доцу лазарш хилар. Шена тоьхна хан Мусаевас Нохчийчохь йоккхур йу.
Бакъолархошна хетарехь, зудчунна тIаьхьабовлар политикан бух болуш ду, адвокаташа масийттазза дIахьедира цуьнан гIуллакхехь харцонаш лелорах.
Адвокаташа Немов Александра а, Савин Александра а апелляцин арз чудаларна Мусаеван гIуллакх луьстуш Нохчийчуьра Лакхарчу кхелера кхо суьдхо вара. Кхеташо хилале шиъ йукъара велира шайн лаамехь – Заремин хIусамда, федералан кхелахо лаьттина Янгулбаев Сайди, царна вевзаш вара, уьш цхьаьна болх бина а хиллера.
Адвокат Немов Александр а вацара кхеташонехь. Мусаеван интересаш йовзуьйтуш вара кхин адвокат – Савин Александр. Апелляцин таIзар кхайкхадале хьалха цо дIахьедира шена тIаьхьабевлла нах хиларх. "Iазапашна дуьхьал Командо" бира цунах лаьцна хаам. Бакъоларйархойн информацица, мила ву цахуучу стага улло а веана, сурт даьккхинера цуьнан Нохчийчуьра Лакхарчу кхела хьалха.
КХИН А ХЬАЖА: Оппозиционерийн ЯнгулбаевгIеран ненан ханна тIера ахшо охьадаьккхина Нохчийчуьра Лакхарчу кхелоТовбеца-баттахь Мусаевана хьалхарчу инстанцин кхелехь таIзар кхайкхочу дийнахь къиза тIелатар динера "Новая газетан" журналистана Милашина Еленина а, адвокатана Немов Александрна а. Цабевзинчу наха мийраш биттинера царна, коьрта тIе герз лаьцна, кхерамаш тийсинера. Милашинас дийцира, нагахь санна, иза йуха а Нохчийчу йагIахь, шаьш йуьйр йу аьлла, кхерамаш тийсира шена тIелеттачара аьлла.
Таиландехь къола дарца доьзна лецна нохчийн латархой
Таиландера Пхукетан полицино лаьцна Нохчийчуьра ММА-н латархой, шалавина ши ваша Асхабов Хьусейн, Хьасан. И шиъ бехкево Казахстанера кхаа вахархочо италхойн туристана къоладарца доьзна. Дийцарехь, къола динарш Казахстанера бахархой бу, церан ка йаьлла Таиландера арабовла, хетарехь шайн махка дIабахна уьш. Вежарша оцу къоладарехь хIун дакъа лаьцна толлуш ду, амма лаьцна и шиъ "ницкъ беш, Iаламат чIогIачу къизаллица къоладарна" гунахь хиларна.
The Phuket News информацин хаамашца, италхойн турист дIатарвеллачу вилле баханера къуй гезгамашин-беттан 4-чу буса. Иза дIа а вихкина, криптбохчана тIекхочу диск шайга схьало бохуш, йиттинера цунна, вукхо шен и дац баьхнера. Иштта цара схьайийцийтинера цуьнга гаджетийн паролаш. Оцу йукъанна царна инструкци кхочура телефонехула цхьана декъахочуьнгара.
КХИН А ХЬАЖА: Таиландехь къоладарца доьзначу гIуллакхехула лаьцна ММА-н нохчийн латархой Асхабов Хьусейн а, Хьасан аМасех сахьтехь йиттинера туристана, цул тIаьхь виллера дIабахара къуй, 12 миллион гергга бат (350 эзар доллар ца кхоччуш) ахча а, паспорт а, банкан карта а, гаджеташ а дIа а хьош. Волайнхочо дIахьедина, шена тIелеттарш цкъа а гина нах бацара шена, амма АсхабовгIеран вежарий бевзара шена аьлла.
Соьлжа-ГIалара ву Асхабов Хьусейн а, Хьасан а, цу шиннан 28 шераш ду. ММА-н летаршкахь 23-зза толам баьккхина цу шиммо. Хьусейн Пхукетера Tiger Muay Thai базехь Iаморашкахь вара.
Путина совгIат дина нохчийн муфтийна
Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира совгIат дина Нохчийчоьнан муфтийна Межиев Салахьна сийлаллин кехатца, "динан а, къаьмнийн а векалийн йукъаметтигаш латтош доккха дакъа лацарна" аьллачу чулацамехь.
Оьрсийчоьно Украинехь болийна тIом джихIад ду элира хьалхо Межиевс.
Кадыровн Iедална жигара гIортор латтош хиларца вевзаш ву Межиев Салахь. "Динах" лаьцна хеттарш а, политикан чулацам болу дIахьедарш а дина ца Iа иза. Масала, Кадыров Рамзанан доьзалхой Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа санкцийн тептаре баьхча, Нохчийчочьнан динан урхаллин куьйгалло бехк баьккхира Пачхьалкхан департаменте "террорхойн организацешна гIо латторна", дIахьедира, "и санкцеш Ислам динна дуьхьал а, доллу нохчийн къомана дуьхьал а йаьхна йу" аьлла.
КХИН А ХЬАЖА: Лаамхойн къоьлла ю? Нохчийчуьра имамаш тIеман кечамах чекхбохуш буНохчийчуьра Iеламчаша кхайкхамаш бо Къилбаседа Кавказера а, Оьрсийчоьнан а боллу бахархошка Украинана дуьхьал тIаме гIо бохуш. Цига ца баха кIелхьарабийла хьийзарш бехкебо Кадыров Рамзана стешхаллина а, йамартлонна а,
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: