ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан кхело компенсаци йалар тIедожийна Нохчийчохь кадыровхоша лачкъийначу гейна


Европера адамийн бакъонашкахула кхел, гайтаман сурт
Европера адамийн бакъонашкахула кхел, гайтаман сурт

Адамийн бакъонашкахула йолчу Европан кхело сацамбина Нохчийчохь кадыровхоша лачкъийна хиллачу Лапунов Максимана компенсаци йолуьйтуш. Цуьнан гомосексуалан ориентаци бахьана долуш республикехь ницкъ бинера цунна тIехь. Оьрсийчоь декхаре йу цунна 52 эзар евро мах охьабилла, сацамбина кхело.

Лапуновн гIуллакхехула бина таллам эвсара бацара аьлла хета ЕСПЧна. Суьдо хьесап дина, адамийн бакъонех а, коьртачу маршонех а лаьтта Конвенцин артиклаш йохийна: 3-гIа артикл (Iазапаш цамагор), 5-гIа (маршонан а, цунна тIекховда йиш цахиларан а бакъо), 14-гIа (дискриминаци цамагор).

2018-чу шеран стигалкъекъа-баттахь латкъам бинера Лапуновс, Оьрсийчоьнан массо а кхелашкахь гIуллакх талла шена дуьхьало йича. Бакъо йоцуш Нохчийчохь лацарх а, гейшна тIехь Iазапаш хьегийтарх дIахьединчех хьалхара ву иза, билгалдоккху "СК SOS" кризисан тобано.

Цуьнан гIуллакх листа ца лиънера полицина, Оьрсийчоьнан омбудсмен Москалькова Татьяна йукъагIоьртича а нийсонца таллийта ницкъ ца кхечира, дуьйцу бакъоларйархоша.

Омскан махкахь вина ву Лапунов, ткъа Нохчийчу веанера иза 2015-чу шарахь махкахь хIиттон барамаш дIакхехьа, билгалдаьккхина ду "СК SOS" сайте хIоттийначу цуьнан карточки тIехь. 2017-чу шеран бIаьста Соьлжа-ГIалин йуккъехь лачкъийна иза гейшна леринчу къайлахчу набахте воьллира. Ницкъахоша йиттинера цунна, республикера кхечу гейх охьадийца бохуш, герзана тIехь йитинера цуьнан куьйгийн таммагIаш.

Ша гомосексуал ву аьлла, цуьнга камера хьалха мукIарло дайтира Максиме, лаьцна 12 де даьлча дIахийцира иза. Информаци цо нахалайаккхахь шаьш вуьйр ву аьлла, кхерамаш теснера цунна, йаздо кризисан тобанан сайтехь. Бакъоларйархошка дIахаийтира цо дерриг а, полицига арз а дира. 2019-чу шеран лахьанан-баттахь Оьрсийчуьра дIавахара Лапунов.

Кадыровхойн карах зен хиллачу Лапунов Максима а, кхинболчу гейша а дийцира Кавказ.Реалиин сайте шайн бакъонаш къийса пачхьалкхехь таро цахиларх а, ориентаци бахьана долуш Нохчийчохь нах муха бойу а.

  • "Дерриг дуьненан рапорт - 2023" зорбане даьккхина Дуьненаюкъарчу бакъонашларйаран Human Rights Watch (HRW) организацино –доллу дуьненара адамийн бакъонашца долчу хьолах лаьцна. Оьрсийчоьнна леринчу декъехь билгалдаьхна шога адамийн бакъонаш Нохчийчохь хьоьшуш хиларх. Бакъонашларйархоша тергойина "къинхетамза Iа лакъош хилар муьлххачу шена хетарг олучу стеган", цу юкъахь ду лецарш, пачхьалкхера дIабахначу мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикийн гергарчаьрца магийна йоцу харцо лелор, цаьрга гечдарш дехийтар.
  • Нохчийчохь тIемаш болуш нах лечкъон марзбаларх а, Къилбаседа Кавказехь адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларх а масалш далийна "Мемориало" а, "Правовая инициатива" проекто а йукъахь хIоттийначу рапортехь. ООНе хьажийна иза. Оьрсийчоьнан ницкъахоша лечкъабо нах, уьш кхерон, шайна оьшу мукIарлонаш цаьрга дайта а, йа бекхам беш, аьлла ду документехь.
  • "СК SOS" кризисан тобано товбеца-баттахь таллам арахийцира, 2017 шарахь тIепаза вайна волу нохчийн йишлакхархо Бакаев Зеламха кадыровхоша Iазапехь а латтийна, тIаккха вийна аьлла. Гей ву аьлла, шеконаш хилла, цунна тIаьхьабевлла хиллера ницкъахой, тешна бу бакъоларйархой. Дукхаха йолу хан Москвахь йоккхура иллиалархочо, ша вуьйр ву аьлла, шеконаш ца хиллера цуьнан.
  • 2021-чу шеран оханан-баттахь Европан конституцин бакъонашкахула а, адаман бакъонашкахула а йолчу центро "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машанца" йукъахь дIахьедар дира ФРГ-н кхеле, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гонера пхеа хьаькамна дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш даха аьлла. Бакъоларйархоша бехкебора уьш, сексуалан ориентаци, гендеран идентификалла а бахьана долуш нахана тIаьхьабийларна, уьш лецарна, уьш байийтарна а. Мел кIезиг а 150 стаг вийна бохура.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG