Бахбелачу Шемара тIамо кхерам латтабо шена гонахарчу пачхьалкхашна. Цу махкара уьдучу мухIажарша совбаьхна, шайн къеллина а дан хIума доцчу пачхьалкхийн баланаш. Аналистийн хьесапехь, и тIом Туркойчу, Ливане я Урдуне а чукхача сахьт дац.
Урдун-пачхьалхана боккха тIеIаткъам хилла, Шемара чуоьхучу мухIажарех бохуш дуьйцу тхан Юккъера Малхбалера корреспондента Бакир Iабдул-Хьамида.
2011 шеран зазадоккху баттахь Шемахь болабелла тIом соцуш бац. Ярташ а гIаланаш йохош ю даккхийра герзаш детташ Асад Башар Iедало, делахь Марша эскаро дено-дено, шайн мел дукха нах леш балахь, гIаланаш а каппаш Iедалан эскарера схьа а йохуш, кIез-мезиг гарзанаш дохуш хIинццалца къар а луш схьаоьхуш ду. Амма цара схьа дохуш долу гирз тоьаш дац Асад Башар Iедал доха дан.
Асад Башаран эскарехь даккхийра герзаш а дIовше герзаш ду.
Марша эскаро Малхбузера мехкаш а Iаьрбийн шайгахьа болу мехкашкара герзаш доьху, амма и герзаш царна далар дихкина ду Еюроп барто. И дехкира бахьна, Марша эскар доцург, гIазот дихкина Шеман чуихна дукха терархой бу. Ткъа и герз терархойн кара гIахь, Асад Башар Iедал дIадаьлча а, чуьра и гIуллакх дIалиста хала хира ду.
ТIом болабелчхьана, цигара уьдуш болу бахархой, дукхах берш Урдунан Махка уьдуш бу, Урдунан къилбаседехьа йолу «Мафакъа» а «Ирбид» олу гIаланашка. ТховкIело лоьхучарна юкъъахул лелаш, церан хьал толлуш, Шемара хьал тидамехь латтош йолу журналисте, МаIиIа СухIег хаьттира ас,- хIун ду хуьлуш дерг Шемахь аьлла, МаIиIа СухIас тховкIело лоьхуш болу нехан догдахараш иштта дийцира:
МаIиIа: «Юкъара аьлча, тховкIело лоьху нах дукха сов буьйлуш бу. Лаххара аьлча, ах миллионе кхаьчна церан терахь. ХIора денна 3 эзар хиллал чоьхьа волу Урдуне, дозанехь тIом боллушехь. Шинан дийнахь 1500 адам чоьхьа делира Урдуне. «ЗаIатари» олу лагерь, Урдунехь уггар йоккха, пхоьалгIа гIала хилла цигахь боху, нехан дукхалле хьаьжча. Йолу цамгарш йолуш хуьлу цхьаболу тховкIело доьхурш. 50 ву цигахь туберкулез цамгар кхетта. Цу лагерер Шемахойн зудабераш ца дуьту. Iаьрбийн ах гIайре тIера нах лагерера йоIарашна гIо до шаьш бохуш, уьш маре буьгий, дукха хан ялале Iадбуьтий, дIбоьлху. Ткъа цу зудаберашна массо агIор бохам хуьлу.
100-ан тIера 70-80 стаг цу лагерера араваьлла кхечхьахь вахна. Цу бахьнехь, ишта гIийла йолчу Урдунан ресурсашна чIогIа Iаткъам хилла. Хи кIезиг ду Урдунехь. белхахой дукха бу. Халла болу белхаш, Шемарчу бахархоша дIаоьцуш бу хIунда, Уьш кIезиг алапанна реза хуьлу.»
МР: Шемара Iедал Урдунера Шамлошна зен дан гIертий?
МаIиIа: «Иштта хеташ бу тховкIело лехарш. Цу бахьнехь, цхьаьнакхеттачу къаьмнийн организацехь шайн цIерш язъен ца лаьа цара. Журналисташка къамел дан кхоьру уьш. Асад Башаран Iедал нах Урдунан чохь бу моьтту цаьрна.»
МР: ХIара тIом чекхбаьлла, шаьш маца цIан дерзор ду аьлла хеташ бу уьш?
МаIиIа: «Аса къамел динарш дукхах берш Шемарчу гIаттамхошна кхечу мехкаш герз даларх догдохуш бу. И герз гIаттамхошка кхачахь, Асад Башаран Iедал дукха лаьттира дац. Массо, Шеман коьрта гIала, Димашкъана чухохку сахьтанна собар деш бу. Цхьа ша-шайна догдахийта а, собаре хилийта сатийсамаш бу-кх церан. Амма кесталгIа хIума хира ду аьлла цхьаъ а ишар яц. Ткъа Iедал дIадалахь а, цIа баха атта дац. Дукха йохийна ю гIаланаш а, церан цIенош.»
МР: ТIом чекхбалахь, Шемара бахархой буьсур буй Урдунехь?
МаIиIа: «Цу тIехь шеко яц. И мохк тобан дукха хан еза.»
ТховкIело лоьхуш Урдунехь берш марша эскаран кара герз кхаьчна, Асад Башар Iедал дIадаьлла цIан боьрзур бу аьлла догдохуш белахь, иза атта хира долуш дац. Франсуз президента, Франсос ХIоланда елира,- шаьш оппозицин герз лур дац, и герз терархойн кара гIур дац аьлла билгалонаш яцахь.
И билгалонаш йоцург, ГIажарийчоь а Оьрсийчоь ю Шемарчу Iедалехьа. И герз гIаттамхошна дала долийча, цара хIун дийра ду ца хаьа. Зазадоккху 28-чу дийнахь, Оьрсийчоьнан арахьарчу белхан министро, Лавров, Сергейс елира Iаьрбийн цхьаьнакхеттачу къаьмнийн кхеташоно бина сацам машаре и гIуллакха дIа ца дерзийта бина сацам бу.
Кхеташоно оппозицин векал чукхайкхина, Шема мехкан цIерах вист хилийтар чIогIа вон дара. Шемарчу оппозицис арахь хIоттина волу коьрта министро, ХIито ГIассана елира,- ша кабинет министр хоржур йолуш ю. И кабинет Шеман чохь болх бийр болуш ю. Цу министраш Шеман чохь болх бийр бу бахара, Марша эскаро цхьацца схьа яьхна гIаланашкахь а ярташкахь болх бира болуш бу, аьлла хеташ бу цхьа болу тидамхой.