КадыровгIеран шалха стандарташ: нохчийн куьйгалхочун доьзало бехкамаш муха бохабо

Нохчийчоьнан урхалхочун воIарий Ахьмад а, Эли а (аьрру-аьтту агIор) ву Соьлжа-ГIалахь дIахIиттийначу эскархойн могIарехь, 2022 шо гIадужу-бутт

"Движение первых" цIе йолчу кегийрхойн декъан куьйгалхочо, Нохчийчоьнан урхалхочун воккхаха волчу 17 шо долчу кIанта Кадыров Ахьмада йуьхьйаьккхина профилактикан чоьте эцначу кхиазхошкара карахь бакъо йоцуш машен хехкарна. Оцу йукъанна хьалхо терго хилира мехкан куьйгалхочун кхиазхочо машен хохкуш, цул совнах – сурт хIиттош машенаш хоьхкура цуьнан кегийчу вежарша а. И масал цхьаъ хилла ца Iа, Кадыровн доьзало регионера могIарерчу бахархошна дихкинарг шайна могуьйтуш, тидам бира Кавказ.Реалиица къамел динчу бакъоларйархоша.

Шен хенарчу кхиазхошца хиллачу цхьаьнакхетарехь Кадыров Ахьмада минотехь къамел деш видео йаржийра цуьнан дас. Цу тIехь официалехь Кадыров Рамзанан гIоьнча волчо хьехарш до некъан низамаш дохийна аьлла, гулбинчарна. Царех дукхахберш – кхуьнан нийса накъостий бу.

Your browser doesn’t support HTML5

Кадыровн кIанта йуьхьйоху кхиазхойн

Оханан-баттахь оппозицин нохчийн Niyso телеграм-канало видео хIоттийра шайн агIонехь, цу тIехь Кадыров Ахьмад ву йезачу машенан урхалла деш. Жигархошна хетарехь, мел лахара а ши низам цо дохийна. Хьалхара – машенан урхалла дан бакъо йацар, хIунда аьлча, Оьрсийчохь 18 шо кхаьчначул тIаьхьа бен луш дац доцумент, шолгIа – машенан хьалхарчу куьзгана тIе латийна Iаьржа пардо ду. Иза а дихкина ду. Масех шо а ду нохчийн ницкъахоша рейдаш йен, оцу заманчохь цара машенийн долахошка бехкаш а дохуш, куьзгашна тIера пардош этIош, схьадоху.

"ХIокху серица йолу машенашна цхьана а тайпа могуьйтур долуш дац (дуьйцурш ду КРА элпаш, Нохчийчоьнан урхалхочун цIе йу и аббревиатурица йазйина, и номерш лелайо цуьнан гонерчу наха. – Редакцин билгалдаккхар.). ТIедогIучу кIирнахь дуьйна оцу машенаш тIехь тонировка а, спецсигналаш а хила йезаш йац. Кхинболу нах а санна лела", - аьлла, хьалхо тIедожийра Кадыровс. Амма Кадыров Ахьмадах, гуш ма-хиллара, и бехкам хьакхалуш бац.

Дуьххьара дац Кадыровн воIарша низам дохош: кху шеран чиллин-баттахь Ахьмадан вежарий 5 шо долу Эли (Зеламха) а, 14 шо долу Адам а гира Дубайхь машенаш хоьхкуш. Iарбойн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн низам а дохийра цара, 18 шо кхаьчча бен бакъо йац цигахь а машен лелон.

Масех шо хьалха Кадыров Рамзана дозалла дира муьлхха а машен лелон бакъо йу шен, фураш а, маршруткаш а цхьаьна аьлла, карладаьккхира антикоррупцин юристо Машанов Григорийс.

Кхечарна магош доцург а цхьаьна мегаш ду Кадыровн воIаршна

"Цул а хьалха автобусан урхалла деш вара Нохчийчоьнан куьйгалхо, журналистийн хаттар кхолладелира, йуй-те цуьнан и лелон бакъо аьлла. ДIа ладоьгIча универсалан бакъонаш хиллера Кадыровгахь, муьлхха а машен хахка йиш йолуш. Оьрсийчоьнан низамашца, цуьнан 17 шо долчу кIентан а хила тарло бакъо, амма цунах пайдаэца йиш йу 18 шо дуьзначул тIаьхьа", - дуьйцу эксперто.

Ден таронаш алсам хиларна, Кадыровн кIенташна кхечарна магош доцург а цхьаьна магош ду – республикехь-м хIунда дуьйцура, йоллу Оьрсийчохь а цхьаьна, боху Машановс. Оцу йукъанна, зорбанан гIирсашна ца хааделла цу кепара кхечу губеранторийн берийн лелар.

Дукха хан йоццуш, могIарерчу бахархошна дихкина долу, кхин цхьа хIума а магийра Ахьмадна. Украинехь дукха кадыровхой байарна 2022-чу шеран бIаьста даккхий ловзарш хIиттор йукъара даьккхира цуьнан дас. ХIетте а, 2023-чу шеран зазадокху-беттан 4-чохь Кадыровс-жимахволчо тIех деза хIоттийра шен ловзар, бехкам цунах хьакха а ца белира. Массо а хьешашна ца магийра цу дийнахь оцу тойнера съемка йан, чIагIдора редакцин хьасташа. Цул совнах, КадыровгIаьргахь той хиларца доьзна, цу дийнахь ловзарш хIитточу кхечу къоначу доьзалашна меттигерчу Iедалхоша хIоранна а 100 эзар сом лур ду элира.

ТIех сов хьолалла

2021 -чу шарахь, хIетахь 13 шо дара Кадыров Ахьмадан, ГIебарта-Балкхаройчуьра шен нийсархочуьнца Биттиров Асланца хиллачу тасадаларшкахь "толам баьккхича". ХIетахь реферина гира, Кадыровх летачун бIаьргашчохь "концентраци йар". Спортхой а, социалан машанашкахь берш а кхаьрдира оцу толамах, ткъа пачхьалкхан "Грозный" телеканало оцу репортажна лерина бархI минот гергга йайира Шо даьлча оццу Кадыровн кIентан пхьаьрсах сахьт гира, церан оригиналах доьху 30 а, 85 миллион а сом – иза дукха лакхара мах бу Кадыров Рамзанан 10 шарчохь хиллачу пайданел а алсам.

Цул хьалха Нохчийчоьнан урхалхочо журналисташна дийцира, регионехь коррупцица ша латточу башхачу къийсамах лаьцна. Цо бахарехь, бюджетан ахчанах оцу стага шена бахам бинехь, иза "дIаваьккхина йа чувоьллина ца Iаш, цуьнан мел дерг схьадоккхий, социалан хьашташна дIасало". Оцу йукъанна стенгара йу цуьнан доьзалхойн, жимачу эвлана шарна кхочучу бюджетан мехехь хIуманаш. Цунах лаьцна ца дийцира Кадыровс.

Хьолаллех лаьцна йинчу публикацина жоп луш, видео дIайазйира цо дашо варкъ диллинчу кресло чу а хиъна, шен доьзалх лаьцна йаздийраш "мотт бетта хIумнаш" йу а олуш: "ХIаъ, сан доьзалан доллу хIума ду. Машенаш, ахчанаш, массо а хIума ду. Шун хIуммаъ а йац".

КХИН А ХЬАЖА: "БIарлагIе регалеш, титулаш". Стенна, хIунда ло Кадыровн берашна совгIаташ?

Адам, "ден-ненан а, КадыровгIеран тайпа-тукхуман а дозалла" ларийна туркойн "Воскресший Эртугрул" сериалехь эпизодехь дакъалаца. Кадрехь нисвлеллачу масех секундехь, нохчийн цхьахволчу хьаькамо ма-аллара, "йоллу шен говзалла схьагайтира" цо. Оцу йукъанна республикехь йуьхь йоху говзалла карайерзийна боцчу, шайн роликаш социалан машанашкахь йаржочу артисташкара. Нохчийн пачхьалкхан филармонин директоро Шагидаева Динас критика йира оцу иллиалархошна, "шайггара лелар доьхкур ду" аьлла.

Шаьш лакхабийла, шаьш нахал а тоьлаш ду ала гIерташ, кхечаьргара бехкаш доху

Йоккхаха йолу йоI Кадырова Iайшат, иштта кхиазхо йара, Firdaws модин цIийнан директор хIуттучу хенахь. Цуьнан дас дийцарехь, масех шо даьллачул тIаьхьа "уггар а чолхе, йаккхий проекташ кхочушйеш дуккха а зеделларг долуш, иштта культурехь а цхьаьна кхиамаш баьхна" иза хIоттийра Нохчийчоьнан культурин министран хьалхара гIовс. Ткъа 2021-чу шарахь министр а. Оцу йукъанна хIинццалц схьа коммерцин структура йиллинарг лоруш йу иза, юридикан нехан реестрехь болчу хаамца, цуьнан дакъа ша тешачу цхьаьнга урхалла дан дIа а ца луш.

Кадыров Рамзана ша, кхечу Оьрсийчуьра бакхийчу хьаькамаша а санна, сих-сиха критика йо Малхбузена, "къиза политика" а, "йилбазан" мехалла а хьахош, делахь а, цуьнан йоIа Парижехь гайтам хIоттийра Firdaws цIийнехь тегначу бедарий. Нохчийчохь алапа 28 эзар сом бен цахилар тергоне эцча, махкара могIарера вахархочо Франци ваха масех шарахь ахча гулдийр дара.

Монтаж йина турпалалла

Исбаьхьа Сулейманах лаьцна сераилашка хьоьжуш (Султанан урхаллин муьрех лаьцна туркойн "Великолепнвй век" сериал.- Редакцин билгалдаккхар.) Кадыровн берашна шаьш а оццу хьолехь хета, тешна ву Европера оппозицин нохчийн "Цхьааллин ницкъ" боламан векал Музаев Сайхан.

"Цундела, шаьш лакхабийла, шаьш нахал а тоьлаш ду ала гIерташ, кхечаьргара бехкаш доху цара", - дуьйцу цо.

Къамел динчо дагадоуьйту, КъорIано оцу кепарниг лелор магош цахилар, "шаьш лелош доцург нахана тIедожор". Кхузахь Кадыровн кIанта дохадо некъан низамаш, амма бехкаш доху шен хенарчу берашкара. Оцу кепара пропагандо тIаме ийзабо нохчий, делахь а, мехкан урхалхочун гергарнаш цига боьлхуш бац, оккупаци йинчу мехкашкахь уьш гучубовлахь а, цаьрца йаьхначу видеоша хеттарш дуьту.

"Нохчашна го и дерриг а, кхета а кхета уьш, оцу кепара леларо цабашар бен ца хуьлуйту. Нохчийчуьра бахархоша лечкъа а ца деш дуьйцу куьйгаллин шалхаллех. Тоххара, эмиграцихь долчу оха, бевзачарна и роликаш а, материалаш а кхоьхьуьйтура, хIинца цара тхуна туьйсу, буьйлу Кадыровх а, цунна мотт хьоькхучарех а", - боху Музаевс.

Нохчашна го и дерриг а, кхета а кхета уьш, оцу кепара леларо цабашар бен ца хуьлуйту

Украинехь тIом болийчхьана Кадыров Рамзана а, цуьнан гоно а критика йо тIамтIе баха сиха боцчу махкахошна. Нуьцкъаша, шантаж йеш а, церан гергара нах лечкъош а, декхаре бо уьш контракташ дан, ткъа дуьхьало йинчу резервистийн гергарчарна кхерамаш тийсира муьлхха а царна Iедало луш долу социалан ахча дIахадор ду шаьш бохуш.

Стохка гIадужу-баттахь политико дIакхайкхийра, шен кхаа кIанта – 16 шо долчу Ахьмада а, 15 шо долчу Элис а, 14 шо долчу Адама а – Украинехь боьдучу тIамехь дакъалаьцна бохуш. Оцу дешнашна тоьшалла деш видео хIоттийра цо, цу тIехь воIарша йоккха топ а, гранатомет а йетта. Оппозицин нохчийн телеграм-каналаша тергойира: видео тIехь гуш долу кадраш тылехь дIайаздина хиларан. ТIом бен меттиг йерриг а аьлча санна йогIуш йу, шайн йиша – министр Кадырова Iайшат хьалха а йаьлла, дукха хан йоццуш делегаци тIелаьцначу локацица.

Масех де даьлча цIа баьхкира Кадыровн доьзалхой. Уьш цIа бирзинчул тIаьхьа мехкан куьйгалхочо тIамтIе хьажийра лаамхойх йуьзна керла тоба, цул тIаьхьа кхайкхамбира тIамехь дакъалаца 300-400 эзар вахархочуьнга – хила тарло и Нохчийчоьнан бахархойн доьалгIа дакъа.

Дотацеш а, "дашон тапчанаш а"

КадыровгIеран доьзалан дахаран хатI – диктаторан леларан къегина иллюстраци йу, тешна ву нохчийн бакъоларйархо Янгулбаев Абубакар.

"Иштта лелар дара Саддам Хьусейнан а, Каддафин а. "Азиатчина" хилла ца Iа и Кадыровн, диллина кхайкхар ду и. И догIуш дац йа нохчийн къоман Iадаташца а, йа динца а, йа оьрсийн пачхьалкхан ламасташца а, гIиллакх-оьздангаллица а. Путина ца леладо и хIума, шен йоьIаршна пиар ца йо цо", - элира Янгулбаевс.

Оьрсийчоьнан субъекташлахь уггар а дукха дотацеш кхочучу меттигехь оцу "дашон тапчанаша", шайн хьолалла гайтаро" нохчех йолу дог-ойла вочу агIор гойтуш, нохчех а, регионна гонах а харц стереотип кхуллуш йу, аьлла хета къамелахочунна.

"Нохчийчохь лелаш шатайпа низамаш ду – хIун мах бу Кадыровн дукха-дукха гергарнаш официалехь даржашка хIитторан. Оцу тайпана масалш Кавказехь кхин а карон тарло, амма иштта дукха хуьлийла дац", - боху "Либералан мисси" фондан кхеташонан декъашхочо Жаворонков Сергейс.

Оцу йукъанна федералан тIегIанехь иштта масалш наггахь бен дац, уггар а дийцаре даьккхина хилларг ду – йуьртбахаман министр хIоттор Кхерамзаллин Кхеташонан секретаран, ФСБ-н хиллачу директоран Патрушев Николайн кIант Патрушев Дмитрий, дуьйцу кхин дIа бакъоларйархочо.

"Амма Нохчийчуьра хьал къаьсташ ду кхечу республикех. Цигахь а шена хеттарг дан бакъо йу Кадыровн. Бозуш боцу хаамийн гIирсаш бац, бакъоларйархой а арабаьхна", - дерзийра Жаворонковс.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун бераш "цхьа тамашийна кхеташ","хьекъале", "хIуманца бала болуш", "нохчийн къоман дикачу ламасташца кхиош ду",- бохуш дуьйцу куьйгалхочун накъосташа. Иштта, дешнаш ца кхоош, вовшашца къийсалуш, шайн официал аккаунташкахь йаздо республикера баккхийчу хьаькамаша.
  • Нохчийн республикан куьйгалхочун гергара нах - бераш, йижарий, йишин доьзалаш, шичой, маьхчой-лаккхарчу даржашка дIахIиттош хилар Кавказ.Реалии сайто хьалха а массийтуза дийцина дара. Уьш массо схьаецча, I00 сов гергга нислора. И хьал иштта хиларан бехк шена тIера дIатоттуш, регионан куьйгалхочо, элира: "Тхайна тIедехкина декхарш оха дикка кхочушдичхьана, хьенан хIун бала бу? КIезга сагатло сан аша дуьйцучунна, шуна хетачунна".