Кадыровхой йийсаре лецна, Украинехь Дудаев Джохаран сий до. КIиранан жамIаш

Дудаев Джохар

Украинхоша йийсаре лецна кадыровхой, Дудаев Джохаран сий деш мемориалан у схьадиллина Украинехь, Немцов вуьйш йукъархо хилларг Украинерчу тIамехь вац – цунах а, и доцчух а лаьцна шуна дуьйцур ду Маршо Радион 76-чу подкастехь.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Your browser doesn’t support HTML5

Украинхоша йийсаре лецна кадыровхой | МАРШОНАН ПОДКАСТ #76

Кадыровхой йийсарехь + Алаудиновн реакци + трофейн техника

"Ахмат" полкера кадыровхой йийсаре лецна Курскан кӀоштахь, цунах лаьцна дIакхайкхийна Украинан тӀеман ницкъийн "Суна ваха лаьа" ц1е йолчу проекто. ЧIагIдарехь, Украинан тIеман ницкъаша йийсаре лецна уьш "дозана генарчу декъан кӀоргенехь", уьш бовда гIертачу заманчохь. Нохчийчохь йийсархой лецарх йаьржина информаци йуьхьанца харц йира. ТIаьхьо "Ахмат" спецназан командиро Алаудинов Аптис тӀечӀагӀдира йоллу Орсийчуьра йолахой лехьочу "Ахмат-Нохчийчоь" полкера пхи эскархо ву йийсаре лаьцнарг аьлла.

Оцу йукъанна Украинан агӀоно зорбане йаьхначу видеош тIехь - ткъех сов стаг ву. Церан йаххьаш гуш йац, лецначийн цIераш билгалйаха а аьтто бац.

Украинхойн эскархой Курскан кӀоштан дозанаш тIе кхаьчнера кху беттан 6-чохь: хӀетахь дуьйна оцу регионехь беш тӀемаш бу. Алаудиновс дӀакхайкхийра "Ахматан" цхьахйолу тоба кӀошта хьажийна йу аьлла.

Йуьхьанца цо хаам бинера, доза лардечу нохчийн дакъойн аьтто ца баьлла Украинан тӀеман ницкъаша дина тӀелатар йухадаккха аьлла, уьш украинхойн эскархошца галморзах бовларна аьлла, кхетийра цо. Алаудиновс бахарехь, Украинан тӀеман ницкъийн эскархой, тӀамна юкъа а ца бовлуш, нохчийн чӀагӀонашна уллохула чекхбевлла дIабахана.

Оьрсийчоьнан милитаристийн блогерша дӀахьедира, шайн хаамашца, кадыровхоша дуьхьало ца йинера аьлла: нохчийн спецназ "дӀасайаьржинера" бохура цара. Вуьшта аьлча, йедда хиллера – Украинан тIеман ницкъаша хьалхара тохарш динчул тIаьхьа.

КХИН А ХЬАЖА: Курскан кӀоштахь йийсаре лаьцна 102 тIемало –бу царлахь "Ахматан эскархой а

Тутмакхаш бу бохучу нахаца йаьккхина видео гучуйалале хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дӀакхайкхийра Курскан кӀоштахь Украинан тӀеман ницкъийн колонна йохийна аьлла – оцу йукъанна бечу тIамах лаьцна гайтина видео йац. Цул тӀаьхьа Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан Думехь депутат волчу Делимханов Адама зорбане йехира "Ахматан" эскархоша тӀеман гӀуллакхашкахь дакъалоцуш хилла бохуш, йаьхна видеош. Хьалхарчу видео тӀехь эскархочо куьйга лелон гранатомет туху БТР-на тӀе, шолгӀачунна тӀехь "АллахӀу Акбар" бохуш, маьхьарий а детташ, цу тIехь урамехула чекхбовлу нохчийн тIемалой. Оццу дийнахь Ӏуьйранна Ӏедалехьа йолчу Readowka телеграм-канало зорбане йаьккхира изза БТР гойту видео.

КХИН А ХЬАЖА: "Ур-атталла дуьхьало йан а ца гIоьртира". Курскан кIоштахь йийсаре эцна кадыровхой

Цуьнан тергойира Украинан тIеман ницкъаш чубаьхкинчу меттигна иттех чакхарма дехьа йолчу Курскан кӀоштара Суджа гӀалахь.

Йийсаре бахарах лаьцна дуьйцуш, Алаудиновс дIахьедира, "нохчочунна кхин цул эхье хӀума дан дац" аьлла. Хьалхо йийсаре бахначарна Iоттар йеш дера вистхилира Кадыров Рамзан а. "Нохчийн тӀемало караваха бахьана хила а ца деза", - аьлла, дӀакхайкхийра цо.

КХИН А ХЬАЖА: Нохчийн пхиъ эскархо Курскан кIоштахь йийсаре вахна, "хIара доккха эхь ду" – "Ахматан" командир

Дагадоуьйту, стохка йийсарехь хан а йаьккхина цӀабирзинчу нохчийн эскархойх цхьаъ декхаре хилира Кадыровга шена къинтӀера валар деха. Иштта цо бохура, ша йуха а тӀаме ваха кийча ву.

Марсхьокху-беттан 15-чу дийнахь болчу хаамашца, тхан редакцина хууш ду Украинехь болчу тIамехь Нохчийчуьра 300 стаг вийна хиларх. И зераш а дуьззина дац - бакъболу эшамаш дуккха а алсам хила тарлуш бу.

Оцу доллучух а лаьцна иштта элира нохчийн бакъоларйархочо, юристо Янгулбаев Абубакара: "Курскан дозана тIeхь "Ахмат" спецназ эшаран бахьанех, уггар а коьртаниг ду, цара даим а аьшпаш биттар. ХIунда аьлча, Кадыров Рамзана а, Делимханов Адама а, Даудов Мохьмада а, Алаудинов Аптис а шайн агIонаш тIехь харцдерг дуьйцу, харц хаамаш бо оьрсийн инарлашна а цхьаьна. Цул совнах, Кадыров Кремле воьдий, Путинна йуьхь дуьххьал охьахуий, йуха а аьшпаш буьтту. Цунах тIаккха харц омра а хуьлий, и кхочуш ца далуш, йуьхьIаьржа а хIуьттий буьсу и нах. Цул совнах, кхарна луш йолу информаци, иза а цIена ца хуьлу. Кхаьрга схьакхачийнарг харц хаам бу, оцу информацица лартIахь йа болх а ца бало, хIуммаъ а лела а ца дало. Кхин цхьа хIума а ду. Кхаьргахь долу герз а дац лартIахь, йа хIума лело хууш нах а бац. Царна йукъахь танкисташ бац, артилерихой а бац, минометчикаш бац, уггар а совнах царна хууш дерг хIун ду - цхьа топ эцна, арахула идар. И ду цара динарг. Цундела украинхой цIеххьана шайн болх беш чубаьхкина, ткъа кху агIор болчу "Ахмат" спецназан эскархоша шайн дан хуург дина - уьш бевдда. Кхин хIуммаъ а ца ди-кх цара, шайна ца хуу дела. И дерриге а ду аьшпаш боттарна а, шайн йоцу репуаци а йийцарна а Цундела тахана йуьхьIаьржа хIиттина-кх".

Немцов вийнарг Украинехь тIом беш вац - зорбанаш

Украинана дуьхьал бечу тӀамехь дакъалаца Iалашонца набахтера араваьккхина, оппозицин политик Немцов Борис верна бехкевинчу пхеаннах цхьаъ - Нохчийчуьра Эскерханов Темирлан, ма-дарра аьлча, тӀамехь дакъалоцуш вац. И хаамбина "Новая газето", шина хьастана тIетевжина, царех цхьаъ Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Делимханов Адаман гонера ву боху.

Хьасто дийцарехь, Эскерханов "гIуллакх деш ву дуккха а комфорте а, кхерамазаллин а хьелашкахь" - оккупаци йинчу Мариуполера "Азовсталь" заводехь а, "Ильичан цIарах заводехь" а кхерамзалла латтош ву иза боху. ТӀеман гӀуллакхашкахь дакъа лоцуш вац иза, бакъду, садаӀа Нохчийчу-м воьду иза, йаздо газето.

КХИН А ХЬАЖА: Маьршаваьккхина Немцов вуьйш дакъалаьцначо Украинера тIамехь дакъалоцуш дац - зорбанаш

ГIирсан хаамашца, Мариуполь схьайаьккхинчул тIаьхьа кадыровхойн контроле кхаьчначу "Азовсталь" комбинатан а, "Ильичан цIарах заводан" а ха дар тIедиллинера Геремеев Вахина – Немцов вер вовшахтоьхнарг ву бохучу Геремеев Русланан гергара стаг ву иза.

Эскерханов а санна, Немцов верна коьрта бехке лору Дадаев Заур а маьршаваккха йиш йу колонера кеста, аьлла хета "Новая газета Европа" хьостанна.

Цул совнах, Нохчийчоьнан чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан зорбанан хьосто бинчу хаамца, Украинера тӀамехь дакъалаца аьлла верриг а арахецнарг ву 200 гергга республикера таIзар дина хилла вахархо. Царех дуккха а байина, амма гергарчарна тӀедиллинера уьш цхьацца шайх доьзна доцчу бахьанашца кхалхарх лаьцна кехаташна куьйгаш яздан. Цундела и нах официалехь Украинана дуьхьал бинчу тӀамехь кхелхинчийн тептарехь бац, ткъа церан доьзалшна дала кхачош долу социалан ахчанаш а луш дац.

КХИН А ХЬАЖА: ТIамехь дакъалацарна гечдар: даккхий зуламаш динарш бехказа стенна боху Оьрсийчохь

Эскерханов Темирлана зазадокху-баттахь тӀеман министраллица Украинерчу тӀамехь дакъалаца контракт йина хилар а, Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира цунна гечдина, набахтера араваьккхина хилар гучуделира дахначу кӀиранах. Ткъа пачхьалкхан ТАСС агенталлан хьосто чӀагӀдо, Эскерханов Украинехь тIемашкахь дакъалоцуш ву бохуш.


Дудаев Джохаран Ивано-Франковскехь сийдар

Оцу йукъанна Украинан малхбузера Ивано-Франковскехь мемориалан у схьадиллина Нохчийн Ичкерия Республикин хиллачу хьалхарчу президентан Дудаев Джохаран сий деш.

ГӀалин куьйгалхочо Марцинков Руслана шен сайта тӀехь бина цунах лаьцна хаам. Дийцарехь, хьалхо Дудаевн цӀе тиллинчу ураман юьххьехь хӀоттийна ду и у. Цу тӀе йаздина ду Дудаевс аьлла боху дешнаш: "Украинан малх схьакхетча Оьрсийчоь хӀаллакхир йу" - и цитата билггал цо аьлла хилар - тӀечӀагӀдина дац.

У схьадоьллучу барамехь дакъалаьцна Украинан агIор тIемаш бечу Шейх Мансуран цIарахчу батальонан командиро ЧIебарлойн Муслима, батальонан хьашташна аьлла 50 дрон дIакхачийра цуьнга.

КХИН А ХЬАЖА: Украинхойн Ивано-Франковскехь мемориалан у диллина Дудаев Джохаран сий деш

Лурчаха гезгамашин-баттахь Киеверчу цхьана урамна Дудаев Джохаран цӀе тиллира, оццу хенахь Грозненская урам хийцира Ичкерин урам аьлла. Дукха хан йалале, Харьковн кӀоштарчу Изюм гӀалара Тургеневн урамна а йелира Дудаевн цӀе. 2023-чу шеран дечкен-баттахь Кривой Рог гIалахь гучудевлира Ичкерин тӀемалойн а, Дудаев Джохаран а, Ичкерин буьйранчийн Арсанов Вахин а, Гелаев Хамзатан а цӀарах урамаш. Карладоккху, Украинехь Дудаевн цӀарах урамаш ду Львовехь а, Хмельницкехь а, Гошехь а, ткъа Полтавехь мемориалан у ду хӀоттийна.

Красиков дIаваларна дуьхьал нохчийн акци

Кху беттан 12-чу дийнахь Францера Страсбург гIалахь Грманин а, Американ Цхьанатоьхначу Штатийн а векалташна хьалха дуьхьалонан акци дӀайаьхьира нохчийн диаспоран декъахоша. И хIоттийнера къайлахчу сервисан агент Красиков Вадим Оьрсийчоьне дӀаваларна дуьхьал. Ичкерин тIемалойн буьйранча хилла Хангошвили Зелимха вийна аьлла, велла дӀаваллалц набахтехь йаккха хан тоьхнера цунна.

КХИН А ХЬАЖА: Киллер Красиков хийцарна дуьхьал нохчийн диаспоро акци хIоттийра Страсбургехь

Гулбелларш эргIад бахийтинера юридикехь оцу кепара хIума дан бакъо йоццушехь, Красиков маьршаваккхарна, дийцира тхан редакцин корреспонденте Нохчийн Ичкерия республикин сийлахьчу консуло Албаков Шемала. Цо бахарехь, Европера нохчашна ца тайнера Германин пачхьалкхехь динчу зуламах циггахь таIзар токхуш хилла киллер шаьш дIалучу заманчхь, Ӏедалша йа нохчийн диаспоре а, йа Ичкерин векалшка а, йа ур-атталла Хангошвилин доьзале а цунах лаьцна хаийтина ца хиларна. Цу тIе, цхьа а Нохчийчуьра, йа Къилбаседа Кавказера схьаваьлла стаг вац хийцинчийн тептарехь, билгалдаьккхира Албаковс.

КХИН А ХЬАЖА: "Мусаева Зарема йара маьршайаккха йезарг". Политикан тутмакхаш хийцарх лаьцна дуьйцу бакъонашларъярхочо Орлов Олега

ХIоттийначу акцихь дакъалоцуш хилла 20 гергга стаг. Гулбелларш Германин векалтан белхахошца зӀене бовла гӀоьртинера, амма протестхошна дуьхьал ара ца бевлира уьш, шайн кхайкхам почтехула шайга дIакхачабе аьлла.

Your browser doesn’t support HTML5

ОМОН-ца тийсавеллачу Нохчийчуьра вахархочун хьелаш чIагIдина

Акцин декъашхойн карахь гуш йара Ичкерин байракхаш а, ткъа иштта Оьрсийчоьнан колонешкахь хенаш токхуш болчу Къилбаседа Кавказан мехкашкара политикан тутмакхийн цӀераш тӀехь йолу плакаташ а. Царна йукъахь бара гӀалгӀайн протестийн хьалханчаш а, Дагестанера журналист Гаджиев Ӏабдулмумин а, Кадыров Рамзанан закъалтхо лору Мусаева Зарема а, Навальный Алексейгахьа хIоттийначу митингехь ОМОН-н белхахойх тийсавелла Джумаев Сайд-Мухьаммад.

***

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: