Курскан кIоштахь "Ахматна" бехкаш дахкар, Нурмагомедовн Кремльца хила тарлу дов, Кадыровн гонна делла рогIера согIаташ а - цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 75-чу подкастехь.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Кадыровхой Курскан кIоштахь
Курскан кIоштара позицеш дIатасарана Z-блогерша дехкинчу бехкашна жоп делла "Ахмат" спецназан командиро Алаудинов Аптис. Кху беттан 6-чу дийнахь дозана чубаьхкинчул тIаьхьа дуьйна цигахь беш тIемаш бу. Америкахойн тIом зуьйчу Институтан хаамашца, украинхойн ницкъийн ка йаьлла кхин а 10 чакхарма Оьрсийчу бахка.
ХIара подкаст арахоьцучу заманчохь Алаудиновс тIаьххьара бинчу хаамехь тIе ца дуьту, "шайн позицешкахь ду хIинца а" цуьнан дакъош бохуш дуьйцург.
"ХӀаъ, цхьанхьа эшамаш бу тхан, цхьанхьа, со кхетарехь, йийсархой бу. Суна моьттура, кхузара хьал кIез-мезиг даьржина ду, хӀинцца суна гиначул, девзиначул а. Амма йуха а гIад дайна хьал ца го суна, тхо Оьрсийчоьнан Федерацин территори тӀехь тӀом беш хилар а, хьалха дуьйна Оьрсийчоьнан хиллачу дозанаш тӀера бахархой леш хилар а доцург", элира Алаудиновс.
ХIара къамел дале цхьа де хьалха Алаудинов Апти реза ца хилира "Ахмат" Курскан кIоштахь "тIом беш йуй, аьлла шега деллачу хаттарна жоп дала. Охан-беттан йуьххьехь Кадыров Рамзана ша а тIечIагIдира, "Ахмат" цигахь хилар – хIетахь регионан Iедалхоша "украинхойн диверсийн, терроран тобанаша дечу тIелатарех" мохк ларбарна баркалла аьллера цунна.
Карарчу хенахь "Ахмат" йемал йо цхьа могIа тIеман корреспонденташ олучара а, тIамехьа йолчу телеграм-каналаша а. Хетарехь, ницкъахошца йоьзна йолчу ВЧК-ОГПУ канало йаздо, спецназо чубахкийтина украинхойн ницкъаш дозанехь йолчу Суджа гIала аьлла. Кхечара, масала, Z-блогера Котенок Юрийс, чIагIдора, дозанехь и дакъа хилла дац бохуш. Доза лардийраш салтий, дозанхойн эскарш ду бохура цо. ТIеман йуьххьехь "тиктокерш" аьлла нохчийн эскархой Белгородан кIоштахь "салтийн баккъаш тIехьа латтарх" дIахьедира "тIеман корреспонденто" Романов Владимира а. ТIаьхьо шен дешнаш йуха эцийтира цуьнга.
"Ахматана" дохку шайн бехкаш тIечIагIдеш пропагандисташа дуьйцу Оьрсийчоьнан салтий йийсаре эцарх - мел лахара а, ши салти, цхьаболчара дуьйцу 35 эскархо ву бохуш а. И зераш цкъачунна тIечIагIдойла йац.
"Агенталла" гIирсо динчу тӀаьххьарчу хьесапашца, Курскан кӀоштан Украино дӀалаьцна 350 еакӀов чакхарма гергга латта. Могашалла Iалашъйаран министралло бинчу хаамца, лазийна 31 стаг, шайлахь 6 бер а долуш. Курскерчу Ӏедало хаамбина, 5 стаг велла аьлла. КӀоштахь чолхе хьал кхайкхийна, меттигера бахархошна эвакуаци йеш бу.
Иштта хаам бо, газ йусту "Суджа" станци украинхойн эскарша дӀалаьцна бохуш – Украинан дозана тIехула цигахула газ кхачайо Европе. Официалан кепара тӀечӀагӀбина бац и хаамаш а. Украинан агӀоно официалехь комментарий ца йира дозана дехьабовларх бечу хаамех лаьцна. ТӀом болабелчхьана Оьрсийчоьнан дозана динчу тIелатарех уггар а доккхачех хилла дӀахӀоьттира Курскан кӀоштахь дIайаьхьна операци.
Нохчийчуьра даржаш а, совгIаташ а
Оцу йукъана Кадыров Рамзанан гергарчу нахана Нохчийчохь доькъу пачхьалкхан даржаш а, совгIаташ а.
Культурин керла министр хилла 32 шо долчу Ибрагимов Iийсах. Ханна жима велахь а, хIинцале а ларийна иза Нохчийчохь кегийрхойн гIуллакхашкахула министр латта, цул а хьалха - физкультурин а, спортан а министр хилира иза. Генара дехула гергарло ду Кадыровна а, Ибрагимовна а йукъахь.
Культурин министраллехь цо хийцина "Вайнах" хелхаран тобанан хилла куьйгалхо Байсарова Марет, Кадыровн йоккхаха йолчу йоьIан Iайшатан доттагI йара иза. Кхаа баттахь бен ца лаьтти иза оцу даржехь - хIун бахьана долуш дIайаьккхина иза, хууш дац.
Iедалан шайн тергоне эцна кхечу хелахаран ансамблан куьйгалхо Ахмадова Аминат а. Республикехь олу иза Кадыровн кхоалгIа хIусамнана йу.
Аьлча а, терго йина Ахмадован ден-ненан – цуьнан дена Рамзанна Кадыров Ахьмадан цIарах мидал йелла, ткъа нанна Айзина – Кадыров Ахьмадан цIарах орденца совгIат дина. Дечкен-баттахь делира и лаккхара совгIат Аминатна а.
70 шо долу Ахмадов Рамзан – Оьрсийчоьнан хьакъволу артист ву, шен хIусамненаца Айзица кхоьллина цо Нохчийчохь берийн хелхаран "Даймохк" ансамбль. Уьш боцучарна, оцу ансамблан хьехархошна а, декъашхошна а дина совгIаташ.
Ахмадова Аминат Кадыров Рамзанан кхоалгӀа хӀусамнана хиларх лаьцна дийцира Оьрсийчуьра схьайаьллачу Нидерландийн режиссеро Новикова Машас 2019-чу шарахь. Республике лелачу хенахь АхмадовгӀеран хӀусаме йуссуш хилла иза. Новиковас дийцарехь, ша Кадыровга маре йахначул тӀаьхьа Аминат доьзалх къаьстина, шен "хIусамехь" йехаш йара. Ткъа цуьнан вежаршна а, дена а Ӏедалан даржаш а, керла машен а, йоӀана уллохь керла хӀусам а йелира.
Украинана дуьхьал тӀом болабеллачул тӀаьхьа Японин Iедалхоша санкцеш кхайкхийра Ахмадована дуьхьал, политикан хIусамнанойх цхьаъ хиларе терра.
Хьабиб а, Кремль а
Оьрсийчоьнан хьаькамаша UFC-н чемпион хиллачу Нурмагомедов Хьабибана йукъараллехь критика йар -доьзна хила тарло цуьнан Украинерчу тӀамца йолчу позицица. ТӀелатар доладеллачул тӀаьхьа цуьнга президентан администрацера телефон а тоьхна, Оьрсийчоьнна гӀортор йеш къамел де аьлла хиллера, дийцина шен цӀе йовзийта ца лиъначу спортхочо "Проект" гIирсе.
"Пректан" хьасто дийцарехь, Нурмагомедовга телефон тоьхна хиллера президентан администрацин куьйгалхочо ВАйно Антона а, цуьнан хьалхарчу гIовса Кириенко Сергейс а. Амма спортхочо тергамза хилла церан дехарш.
Оьрсийчоьно Украинаца тIом болийчхьана цкъа а комментарий ца йира Нурмагомедовс. Мангал-беттан йуьххьехь спортхочо массарна а гуш къамел дира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент ваха луучу кандидатца Трамп Дональдца. "Палестинера тIом сацабар" дехнера цо цуьнга. Оцу къамело кхин тIе а эргIад бахийтина хила тарло Кремлехь берш, аьлла хета "Проектана". ТIаьхьо Трампа дIахьедира, Нурмагомедовс иштта Оьрсийчоьнан Украинаца болу тIом а сацабе аьллера шега.
Трамп Дональдца къамел динчул тӀаьхьа Нурмагомедовна критика йира президентан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонехь. СПЧ-н декъашхочо, 2024-чу шарахь хиллачу харжамашкахь Путин Владимиран векал хиллачу Ахмедова Маринас дIахьедира Нурмагомедовс Трампе кхайкхам бинчул тӀаьхьа, цуьнан "Палестинах бен дог ца лозу" аьлла. UFC-н чемпион хиллачунна юкъараллехь йен критика кхин а тIе марсайаьккхира ХIинжа-ГIалахь а, Дербентехь а, Сергокалахь а тӀелатарш динчул тӀаьхьа. ХIетахь гIаттамхойн могIаршкахь гучуваьллера маьршачу кепехь латарийн спортан мастер Кагиров Гаджимурад. СПЧ-хь йуха а бехкаш дехира экс-чемпионера "вахӀабхойн идеологи" йаржорна.
Йукъараллехь Нурмагомедовна тӀеӀаткъам бечу бахьанашлахь хила тарло цунна дуьхьал ясакхийн хьукматашкара претензеш йахар а. Декхарх болу хаамаш йуьхьанца зорбане баьхнера Кремлехьа йолчу "База" телеграм-канало.
ДIакъуьйлу хьуьжарш
Ӏедалан омрица дӀакъовлуш йу Нохчийчохь 130 сов долахь хилла хьуьжар а, исламан дешаран центр а. Дешаран хьукматийн хьехархошца а, директоршца а муфтиято дӀайаьхьначу кхеташонехь цаьрга дӀахьедина, дешарх ахча кхин дIа схьаэца мегар дац аьлла, йаздо республикерчу бусулба нехан Динан урхалло.
Долахь йолу массо а хьуьжар цхьана ханна дӀакъовлуш йу бохуш, шуьйра дуьйцуш ду социалан машанашкара нохчийн сегментехь. Дешаран центрийн белхахоша баржийначу хаамийн скриншоташ зорбане йаьхна нохчийн оппозицин Niyso телеграм-канало. ХӀора хаамехь хьахош ду "муфтиятан омра".
Республикера йерриг а коммерцин хьуьжарш дӀакъовла йогӀуш йу аьлла, тӀечӀагӀдина тахн редакцина цигара хьал девзачу хьосташа а. Цара бахарехь, керла дешаран шо тӀекхачале иштта дӀакъовла лерина йу цара ингалсан а, францхойн а меттанаш Ӏамош хилла йерриг а дешаран хьукматаш а – делахь а, цунах лаьцна цкъачунна официалехь дӀакхайкхийна дац.
Хьуьжарш дӀакъовларца доьзначу хьолан хӀинцале а комментарий йина Нохчийчоьнан муфтиято. Бусулба нехан Динан урхаллехь хиллачу хьуьжарийн директоршца а, хьехархошца а хиллачу цхьаьнакхетарехь "дIахазийра" Ӏаморна ахча ма эца аьлла. И сацам кхетийра "коммерцин хьуьжаршна дуьхьал дуккха а латкъамаш барца". 131 дешаран хьукмат нисйелла дӀакъовларан кхерамна кӀел – муфтиятан хаамца, оццул мехах белхаш беш хьуьжарш хилла махкахь.
Францихь, Германехь лецна нохчий
Францхойн Парижана гена йоццучу Ормессон-сюр-Марн гIалахь пIераскан дийнахь лаьцна урс карахь полисхошна кхерамаш туьйсуш хилла Нохчийчуьра вахархо. Зазадокху-баттера схьа дуьйна Францин къайлаха сервисаш а, къоман полици а болх беш схьайогIу террорхойн лаккхарчу кхерамехь Олимпиада дIайахьарца доьзна.
Урс карахь стаг лаьцна марсхьокху-беттан 2-чохь йоккхачу туьканахь, цо масийттаза мохь тоьхна хилла "АллахIу Акбар" аьлла, йаздо францхойн хаамийн гIирсо.
Ормессон-сюр-Марн гIалахь лаьцнарг коьртаца могуш ца хилла, ша лелочунна тIекхиа кхетам болуш а вацара, дийцина адвокатийн альянсан секретаро Фредерик ле Коэна. ТIелетаран бахьанаш къастор долуш ду болийначу талламехь.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: