"Ахматера" дов а, Кадыровн могушалла а. КIиранан жамIаш

Кадыровхойн "Ахмат" спецназера эскархой Украинин оккупаци йинчу латтанаш тIехь

Кадыров Рамзанан могушалла, "Ахмат" спецназехь даьлла дов, Нохчийчуьра ши министр сада1а вахийтар, республикера лаккхарчу хьаькамашна пачхьалкхан совг1аташ далар – цунах а, кхиндолчух а дуьйцур ду Маршо Радионан 29-чу подкастехь.

Your browser doesn’t support HTML5

"Ахматера" дов а, Кадыровн могушалла а | МАРШОНАН ПОДКАСТ #29

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Кадыровн могушалла

Кадыров Рамзанна кху к1ирнахь йуха а дезна ша дийна хиларх тоьшаллаш дахко, иштта ша Нохчийчоьнан куьйгалхочун даржехь кхин д1а а висса г1ора долуш хиларх а. Гезгамашин-беттан 14-хь доладелира дерриг, оппозицин NIYSO телеграм-канало, шайн хьастийн ц1ерш ца йохуш, Кадыров кхетамчохь вац аьлла д1ахьедича. Шолг1ачу дийнахь дуьйцуш доцучу хьасташна т1е а тийжаш д1ахьедира цунах лаьцна нохчийн диаспорехь, йаздора украинхойн "Обозреватель" зорбано а. Дукха хан йалале Кадыровгахь ледара хьал ду бохуш дуьйцура кхинйолчу украинхойн зорбанаша а – оцу пачхьалкхан талламхойн Коьртачу урхаллина т1етевжира уьш.

Йуьхьанца Кадыровс дош ца олуш буьтура и хаамаш, цуьнан телеграм-каналехь хьалхо кечйина посташ, видеош гучуйуьйлура – цара кхин а алсам шеконаш кхуллура: х1етахь мичахь вара ша Нохчийчоьнан куьйгалхо – хууш дацара. Гезгмашин-беттан 17-хь цо Соьлжа-Г1алахь йаьккхина хила тарло видео арахийцира – шина к1иранчохь иза дуьххьара йара цо ша къамел деш йаьккхинчех, тидам бира "Агентство" г1ирсо. Ша телефона т1е д1а а вазвеш, Нохчийчоьнан куьйгалхочо дуьйцура, "шена бог1уш болу 11 чакхарма некъ бина" ша, т1аккха видеона бухахь йаздира цо, "аьшпаш бакъдолчух ца къасталуш болчу нахе х1аваэ бовлий", шайн "ойланаш метта йалайе" аьлла.

КХИН А ХЬАЖА: Кремлан дарбанан цIийнера видео йаржийна Кадыровс. Девешин цамгарх дIахьедина цо

Зорбанаша тидам бира, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца йоьзна йу боху бизнес-джет гезгамашин-баттахь кхузза Москва кхачарх, т1аьххьара – 15-хь. Т1аккха Кадыров комехь ву, йа велла боху хаамаш баьржича, оьрсийн ницкъахошца йоьзна хила тарлучу ВЧК-ОГПУ телеграм-канало йаздира, к1иран дийнахь президентан г1уллакхаш кхочушдаран урхаллин Коьртачу дарбанан ц1ийнехь йеза машенаш гулйеллера нохчийн номерш йолуш аьлла. Царах цхьайерш республикерчу лаккхарчу хьаькамийн долахь йу бохура.

Т1аьххьаре а гезгмашин-беттан 20-чу сарахь Кадыровн телеграм-каналехь иза дийна хилар гайта 1алашонца йаьккхина видео арахийцира. Цу т1ехь меттахь 1уьллучу шен девешин Кадыров Мохьмадан куьг лаьцна ву Нохчийчоьнан куьйгалхо. Дийцарехь, и видео йаьккхина лакхахь хьахийна йолчу президентан г1уллакхаш кхочушдаран урхаллин Коьртачу дарбан ц1ийнехь. Лоьрийн духар доьхначу стага и видео йаьккхина терахь даладо.

"Со дийна ву, амма кхеташ вац, нагахь санна, со цомгаш велахь а, и г1овг1а г1атто стенна оьшу?" – хаттар до Кадыровс оцу видеона бухарчу йозанехь.

Кадыровгахь чолхе хьал ду бохуш дуьххьара хабарш хеза дуьйлира 2023 шеран чиллан-баттахь, х1етахь цунах лаьцна дуьйцура цуьнан хьалхалерчу дуьхьалончас, Ичкерин цхьахволчу хьалханчас Закаев Ахьмада. Хьалхо ша цхьана Закаевна т1е а тевжаш, немцойн Bild таблоидо йаздира, Нохчийчоьнан куьйгалхо жаннашца йолчу цамгарх бала хьоьгуш ву, цундела Цхьанатоьхначу 1аьрбийн Эмираташкара лор вог1ура цуьнга хьажа аьлла. Зазадоккху-бутт бовш шайн хьасташна т1етевжаш дийцира "Новая газето" Кадыровца "чолхе лазар" ду аьлла. Зорбано дийцарехь, масех шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун могушалла кхин башха цуьнансагатдеш йацара, амма 2022 шеран мангалан-баттахь дуьйна цуьнан хьал ц1еххьана хийцаделла бохура. Т1аьххьара д1ахьедар лач т1еч1аг1до Кадыровн суьрташа – цуьнан аккаунташкара а, пачхьалкхан ТАСС агенталло арахецнарш а.

Шен йуьхь хийцайелла гуш йелахь а, къамел тийсалуш делахь а, 46 шо долчу Кадыровс масийттаза харцбира шен могушалла эшна йу боху хаамаш. Зазадоккху-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо бохура, ша "могуш, г1ора долуш ву", спорт йо ша, лаьмнашка а воьду. Товбеца-баттахь иза валарна герга ву бохуш керла т1еч1аг1банза хаамаш гучубевлча, шен уллорчу накъостаца Делимханов Адамца цхьаьна видео т1ехь хаавелира Кадыров. Х1етахь Делимханов вийна, йа лазийна бохуш дуьйцура украинхойн зорбанаша. "Тамашен ду дахар, иза доца хилча кхин а интересе хуьлу и. Цундела, башха дукха даха лууш дац тхо", – элира Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

"Ахматера" дов

Зорбанаша, социалан машанаша а Кадыровн хьолах лаьцна хаамаш бечу йукъанна нохчийн "Ахмат" спецназехь керла дов иккхина. Хьолах дерг дийцина Росгвардина йукъайог1учу оцу тобанан буьйранча волчу Алаудинов Аптис. "Линза" ц1арца вевзаш волчу ЧВК "Вагнеран" хиллачу йолахочун озаца бина хаам хазийтина цо – цу т1ехь вукхо дуьйцу, "Ахматехь" къаьмнашна йукъахь девнаш дуьйлу.

И аудио д1айазйинарг "боьха хIума" йу аьлла Алаудиновс, ткъа цуьнгара даьлларг "хьакхийн лелар" ду боху. Кху шеран аьхка тIеман бунт бахьана долуш ЧВК дIакъевлинчул тIаьхьа дикка йолахой "Ахмат" спецназе сехьабовлар бакъдина цо. Алаудиновн адвокат Талламан комитете ваьлла, Нохчийчуьрчу т1еман тобанна "дискредитаци" йарна и стаг жоьпалле озаве аьлла. Цунах лаьцна дийцина ТАСС агенталло.

Украинера сих-сиха кхочу кадыровхошна а, оьрсийн кхинболчу эскархошна а йукъахь герз кхийсар хилла, боху т1еч1аг1банза, йа цхьана декъехь т1еч1аг1бина хаамаш. Масала, Донецкан кIоштара Урзуф эвлахь марсхьокху-баттахь нах бойъуш герзаш деттар нисделла бохуш дуьйцура. Дукха хан йалале Украинан Т1еман ницкъийн Коьртачу штабо д1ахьедира, оьрсийн эскарехь болчу Нохчийчуьра а, Дагестанера а эскархошна йукъахь герз кхийсар хиллера Запоржьен к1оштарчу оккупацина йинчу Михайловка эвлахь. Киево дийцарехь, шина а аг1ор 20 стаг вийнера, кхин а 40 лазийнера. Москвахь, Соьлжа-Г1алахь, Х1инжа-Г1алахь оцу хаамашна комментари ца йира. Дахначу шеран зазадоккху-баттахь дуьйна масийттаза хаам бора, кадыровхойх заградотрядех санна пайдаоьцу бохуш. Украинан Кхерамазаллин сервисехь а, ВСУ-н аг1о лаьцна т1ом беш болчу Ичкерин аг1ончаша а дора ишта д1ахьедарш.

Алаудинов Апти – иза оьрсийн телехьожийлашкахь коьрта кадыровхойн Нохчийчоьнан векал ву, цунна дуьхьал йаьхна дуьненайукъара санкцеш йу. Украинехь "Ахмат" тоба маьрша нах байъарна шеконашкахь латтайо.

СадаIа вахийтина ши министр

Нохчийчуьра могушалла Iалашйаран министр Лорсанов Сулейман а, Iаламан маьIданийн министр Лечхаджиев Анвар а цхьана хеначохь садаIа вахийтина "ханна балхана пайде вац" ваьлла. Оцу кепара кехаташна куьйгаш йаздина гезгамашин-беттан 19-чохь, мехкан урхалхочун Кадыров Рамзанан могушалла телхина йогIу аьлла, хаамаш баьржинчу йукъанна.

Кехаташ тIерачу хаамашца, Лечхаджиев мукъавитина гезгамашин-беттан 7-чохь, "балхана иза гунахь воцчу муьрехь" цуьнан декхарш кхочушдийр ду цуьнан гIовс хиллачу Гадаев Алама. Iаламан маьIданийн министр Лечхаджиев балха тIехь хийцина гезгамашин-беттан 5-чохь цуьнан гIовсо Мусиханов Руслана. Карарчу хенахь Мусихановна тIехь дац министран декхарш, Лечхаджиев балха йухавеана йа ца веана, хаийтина дац. Билгале ду кхузахь, хьаькам кхо бутт хьалха, 2023-чу шеран мангал-баттахь, бен дарже веана цахилар.

Цхьабоса "ханна балхана пайде цахиларан" бахьанаш, дуьйцуш дац. Лорсановн телеграм-каналера суьртаца, тIаьххьара официалан барамехь хилла иза гезгамашин-беттан 4-чохь, кхин дIа хиллачу белхан цхьанакхетаршкахь цуьнан гIовсаш бу. Гезгамашин-беттан 19-чохь Нохчийчоьнан могушалла Iалашйаран министрна мидал йелира "Даймахкана гIуллакха дарна" II-чу барамехь.

38 шо долу Лорсанов Сулеймана чекхйаьккхина Воронежера лоьрийн Бурденкон цIарах академи, хирурган болх бина цо Соьлжа-ГIаларчу дарбанан хIусамашкахь, масех шарахь коьртачу лоьран дарже кхечира иза. 2021-2022-чу шерашкахь – Нохчийчоьнан вице-премьеран секретариатан куьйгалхо вара иза, стохка товбеца-баттера схьа – могушалла Iалашйаран министр. Оцу даржехь иза ларийра Хьалха-Мартанара дарбанан цIийнера лоьраш чийхон, лоьрашна мобилизаци йеш йу аьлла, баржийначу хаамашна тIехула. Иштта цо дIахьедира, берашна вакцинаци йан "чIогIа дуьхьал болчу" дайн-нанойн тептарш Нохчийчоьнан Iедалхошкахь ду аьлла.

41 шо долу Лечхаджиев Анвара дешна Краснодарера МВД-н университетехь, 2003-2015-чу шерашкахь чоьхьарчу гIуллакхийн органашкахь беохаш бина цо. Цул тIаьхьа бахархой социалан Iалашбаран Фондан республикера декъан урхалхо хIоттийра иза.

Кадыровхойн керла совгIаташ

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира пачхьалкхан совгIаташ декъна Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонерчу нахана. Кадыров Рамзанан гергара волчу, Соьлжа-ГIалин мэрана Кадыров Хас-Мохьмадна а, могушалла Iалашйаран министрна Лорсанов Сулейманна а орденаш йелла "даймахкана гIуллакхаш дарна" II-чу барамера, ткъа Нохчийчоьнан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан а, информацин а министрна Дудаев Ахьмадна – IV –чу барамера "Даймахкана гIуллакхаш дарна" орден йелла.

Оцу кепара омра зорбане даьккхина Кремлан официалан сайтехь. "Къахьегарна а, дуккхаъ а шерашкахь белхаш барна а" совгIат дина Кадыров Хас-Мохьмадна, Лорсановна – "могушалла Iалашйарехь доккха дакъа лацарна а, хьанал дуккха а шерашкахь къахьегарна а" йелла. Дудаевна – къаьмнийн йукъаметтигаш чIагIйарна а, социалан мехала пректаш кхочушйарна а" дина. Стенна тIехь цара хIун дакъалаьцна, билгалдаьккхина дац.

СовгIат динарш декъалбеш пост хIоттийна Кадыров Рамзанан телеграм-каналехь.

32 шо долу Кадыров Хас-Мохьмад – Кадыров Рамзанан шичин кIант ву, Соьлжа-ГIалин мэр хIоттийна иза 2021-чу шарахь. 2017-чу шарахь, шен 26 шо долчу заманчохь цо куьйгалла дира Соьлжа-ГIалин полицин, ткъа 2020-чу шеран лахьан-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун администрацин а, министрийн кабинетан а куьйгалхо вира цунах. Юрист ву Кадыров Хас-Мохьмад, Нохчийн пачхьалкхан университет чекхйаьккхина цо "Юриспруденция" говзалла кара а йерзош.

38 шо долу Лорсанов Сулейман могушалла Iалашйаран министр вара стохка б1аьста дуьйна кхе хена валлалц.

Дудаев Ахьмадан 36 шо ду, 2020-чу шарера схьа дуьйна ву иза ша дIалаьцначу даржехь. Цул а хьалха кхаа шарахь куьйгалла дира Дудаевс ЧГТРК "Грозный" телеканалана, кхин а хьалха цо белхаш бина мехкан урхалхочун администрацехь кеп-кепарчу даржашкахь. Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан институт чекхйаьккхина Дудаевс, цул тIаьхьа РАНХиГС (Оьрсийчоьнан халкъан бахаман а, пачхьалкхан гIуллакхдаран а академи) чекхйаьккхина, "Пачхьалкхан а, муниципалан а урхалла" говзалла Iамош.

Нохчийчохь адамийн бакъонашца долу хьал

ООН-н Оьрсийчуьра адамийн бакъонаш Iалашйечу лерринчу докладхочунна Кацарова Марьянина хетарехь, адамийн бакъонаш хьоьшуш схьабогIу пачхьалкхехь хIокху ткъех шерашкахь. Хьал чолхе далар, цунна хетарехь, "Нохчийчуьра шина тIеман тIаьхьалонашца" доьзна ду. И билгалдаьккхина Кацаровас шен докладехь. Иштта дийцина цо, адамийн бакъонашца долу хьал цIеххьана кхин тIе а талхар Украинина тIелеттачул тIаьхьа доладелла ду бохуш.

Дукха хьолахь къамел лерина ду тIаьххьарчу заманчохь тIеэцначу дуккхаъчу репрессин низамашна, цензурин практикана, жигархошна а, оппозицихошна а тIаьхьабийларна, тIамна дуьхьал бистхила цабитарна а. Доккхачу декъана хьахийна цу тIехь журналистана Милашина Еленина Нохчийчохь тIелатар дар, Ростов гIалара спецприемникехь жигархо Березиков Анатолий валар, ца бевллачу денна иза Iалашвен адвокаташ Оьрсийчуьра дIабаха декхаре хилар а.

Къилбаседа Кавказерчу проблемашна лерина ду къаьстина цхьа дакъа. Нохчийчуьра хьолах дуьйцуш Кацаровас билгалдоккху Iазапаш хьегийтар а, кхел йоцуш нах байъар а, адамаш лечкъор а, дохкуш бехкаш а доцуш, уьш чохь бахкор а – уьш дерриг жоьпалла доцуш лелош хилар. Иштта хьахийна сексуалан ориентацин а, гендеран билгалонийн а хьокъехь зударийн бакъонаш лоруш цахилар, иштта "сий лардо" бохуш нах байъар а.

Адамийн бакъонашкахула йолчу Европан Конвенци йукъара Оьрсийчоь арайаларх а, Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан (ЕСПЧ) сацамаш кхочушбан дуьхьалойарх а лаьцна дуьйцура Кацаровас шен докдадехь. Цо дагадаийтира, хьалха ЕСПЧ-н цхьамогIа сацамаша гIо дора Нохчийчохь дуккха а нехан бакъонаш хьоьшуш хилар гучудаккха.

Оцу къамелан жамIех цхьаъ ду, бохура бакъоларйархочо, Нохчийчохь ши тIом хилчхьана ницкъахоша бахархошна дуьхьал лелийначу зуламашна тахана таIзар деш цахилар.

Кацарова Марьянин къамелах дуьйцучу бакъоларйаран "ОВД-Инфо" проекто билгалдоккху, цуьнан балхана лерина муьлхха а информаци цуьнга кхачон Оьрсийчоьнан Iедалхой дуьхьал хиларх.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: