Меренкова Любовь
RT Arabic телеканало (Раша Тудей Iаьрбийн мехкашкахь), Кадыровгара ша эцна интервью гойтуш, муьлха жоьпаш дитина Оьрсийчуьрчу бахархошна ца довзуьйтуш?
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Iаьрбийн маттахь "Цхьана дашца" цIе йолу программина, журналистна Мусафир Салямна елла интервью йовзийтина Russia Today телеканало кху беттан 14-чу дийнахь.
Амма Кадыровн аз дац хаза аьтто болуш цхьаьнхьа а – гочдар бен ца довзуьйту хьостано.
Кадыровс еллачу интевьюн 28 минотах Оьрсийчуьрчу агенталлаша а ца даржийра цо ша Нохчийчуьрчу шен балхах мукъавала дагахь ву алар доцург. Ткъа беттан 17-чу дийнахь Кадыровн пресс-гIоьнчалло шен сайта тIехь гойту мехкан куьйгалхочо динчу къамелан гоч, амма дац иза къамелан цхьацца декъашна бен дина а. Iаьрбашна хезначуьнца ца догIуш а, цхьадолу факташ юкъарадаьхна а йовзуьйтуш ю интервью.
Ткъа шен интервьюхь Iаьрбашна Кадыровс дийцира, ша муха лийлира Басаев Шемал волчу герз деха, Хаттабца шен леллачу юкъаметтигех лаьцна. Элира, Iамеркан а, Европан а коьрта Iалашо хIун ю – уьш дуьне дохо гIерта, бохура Кадыровс.
Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн, Британин, Израилан къайлаха сервисаш цхьана бертахь ю, билгалдаьккхира цо. Элира, царел гIолехьа бац ваххьабхой-хариджийш, уьш Нохчийчохь бераш, зударий, къаной хIаллакбеш лелла, цара "суннатойн акхарой" яйа бохура массаьрга а. Аьлларг чIагIдеш, бохура, Мохьаммад-Пайхамара ша баьхна хариджийш хIаллакбе. ЦIена бусалба хиларе терра, ша кхочушдеш схьавогIу Пайхамаран весет, элира Кадыровс интервьюхь.
Нохчийчоьнан "чоьхьарчу тIамах" а, Хаттабца цхьаьнакхетарх а
Интервьюн доккхах дакъа ду Нохчийчохь 1990-чу, 2000-гIачу шерашкахь лаьттинчу "чоьхьарчу тIамах". Оьрсийчоьнан журналисто хазайо шегара "чоьхьара тIом" ("гражданская война") термин. Амма Кадыровс ца боху цуьнга ишта ма ала, "Оьрсийчоьнан-Нохчийчоьнан тIом" ала.
"ТIебаьхкинчу тIемалойн" тобанех лаьцна шега динчу хаттарна жоп луш, Кадыровс дагалоьцу "Хаттаб, Абу-Валид, кхиберш а". И нах махка къайлахчу сервисаша бахкийтина хиларх (хьенан сервисаш ша юьйцу ца хоуьйту цо) тоьшалла деш, "царна шерра оьрсийн мотт хаьара", боху Iаьрбашка хьешо.
"Хаттабан маж яра боьха, суна иза сагIадоьхург ву моьттинера"
Хаттабах лаьцна, "хьан хьайн хиллий цуьнца вистхила аьтто", - хотту журналисто.
"Хаттаб Нохчийчу веача, сан дас шен шича волчу герз деха вахийтира со. Басаевс шен шичига Басаев Халиде кехат яздира, тхо и кехат а эцна, герз дан дахара. ДаьргIанний, Веданний юккъехь, шен можа маж а йина, лаьтташ Буденновскехь вийна волу Басаев Ширвани вара.
Тхо цхьаьна лаьтташ дара Хаттаб махка схьакхаьчча. Куьйгаш дара цуьнан боьхачу кисица дихкина, духар жаIучун санна дара. Суна иза сагIадоьхург ву моьттура, маж яра цуьнан боьха. Амма оьрсийн мотт буьйцура цо асчул эзарза дика!
Суна иза шозлагIа гуш – (хьалхарчу тIеман кампани яра йоьдуш хIетахь), Куьршалой-Эвла йоха ца йойтуш, цигара лома дIагIахьара ала хьажийнера со дас иза волчу - тхуна дуьхьалвеара Iаьржачу духарахь, тапча а, раци а йолуш стаг, маж яра цIена, куьйгех доьхкина пIелгаш боцу каранаш. Хаттаб. Юьхьанца суна вовза а ца вевзира иза. Ойла еш Iара со: дуьххьара суна гинарг сагIадоьхург санна вара, ткъа хIинца кура, веза, гонах нохчийн ха а долуш ву хIара-м. Инзаре хIума дара иза – Нохчийчу а веана, нохчашна хьалха валар. Кхетон хала дара иза. Амма нисделира ишта, цуьнан букътIехьа цунна ахча луш болу ницкъ бара – иза дара бахьана. Сан кхетамехь, жаIу санна схьакхаьчнарг, ши кIира далале веза-воккха тхьамда хIуттуш велахь, иза къайлахчу сервисийн агент ву.
КХИН А ХЬАЖА: Нохчийчоьне стенна "бицбайтина" 20 шо хьалха болабелла тIом?Ас сайн дега хьалхарчу кампанехь дуьйна олура, иза шашах дац: оцу жIаIунах воккха хьаькам хилла, цунна гонах нохчийн тхьамданаш бу, иза ган шина кIиранна рогIе хIотта веза. Иза леррина ваийтина вара, шеко а яц. Федералашна дуьхьал тIом бар хIумма а доцург ду, олура цара, ткъа хила ма-безза бакъ-тIом хир бу нохчийн суннаташца-акхарошца, олура цара. Иштта дуьйцура цара".
Эксперто хадийна мах
Европехь вехачу нохчийн мигранто "Кавказ.Реалиица" къамелдеш билгал ма-даккхара, Хаттабца цхьаьнакхетар хуьлийла дац Кадыровс ма-дийццара. Маттах дерг аьлча, ца хаьара цунна, нохчийниг хьовха, оьрсийн мотт а.
"Суний, Кадыровний вевзинарг ши Хаттаб хила мега. 1995-гIа шеран юьххьехь, хьалхара тIом болалуш, веара Хаттаб Нохчийчу. НАТО-н духарахь хиларца къаьсташ вара иза. Хаза, Iаьржа маж. Я боьха а яцара иза. Таджикистанехула веарнера иза Нохчийчу, ОвхIанистанехь тIом бина а ваьлла. Оьрсийн мотт ца хаьара цунна, массех дош доцург: да, нет, пошёл, не пошёл", - боху эксперто.
Цо дийцарехь, ша Нохчийчу кхоччушехь, Хаттаба гергарло тесира Советан эскарна дуьхьал ОвхIанистанехь тIемаш бинчу, нохчаша лоруш волчу Урдунера веъначу Фатхьи-Шайхаца. Хатаб шен ваша ву олура Басаев Шемала а, масала.
"Хаттаба Кадыровсчул эзарза дика буьйцурий оьрсийн мотт, хоьтту ахь? ХIета, муьлххачу стага а бийца беза-кх оьрсийн мотт Кадыровсчул дика!" – элира "Кавказ.Реалиига" Хаттаб вевзаш хиллачу нохчийн кхечу эмигранто.
Ширвани дийна ву, пресс-гIоьнчалло тIекъалдаьккхина и факт
Кадыровс дечу къамелера цхьадолу гIалаташ интервью Iаьрбийн маттера оьрсийн матте йоккхуш дийлина ала тарло. Амма ца вийна Басаев Ширвани, Кадыровс ма-баххара, Буденновскехь – дозанал арахьа веха иза тахана. Хаттаба "нохчийн акхарошца" тIом бийр бу ша олура бохург а дац бакъ. Кадыровн интервью оригиналехь яц карош хьостанашкахь, ткъа цуьнан пресс-гIоьнчалло хедийна цо делла жоьпаш дукхахйолчу меттигашкахь.
КХИН А ХЬАЖА: Кадыров Рамзанца СаIуда Iаьрбийчу кхаьчна Путин ВладимирКхин цхьа башхалла а ю RT Arabic телеканалой, Кадыровн пресс-гIоьнчаллой йовзийтинчу интервьюн версешкахь. Телеканалан версехь, Хаттаб "цхьа тамаше ву, иза къайлахчу сервисийн агент хила мега" элира ша шен дега, боху Кадыровс. Ткъа пресс-гIоьнчалло довзуьйтучу интервьюн декъехь Кадыров Ахьмада аьлла боху шен воIе, Iаьрбичух шеко ю шен.
"Бусалба нах, аш бен тIом Израилна дуьхьал стенна бац?"
Интервью оьцучу журналисто доьху Кадыровга, муьлхачу къайлахчу сервисашна болхбеш вара Хаттаб билгалдаккхар.
"Иза Iаьрби вара къомах. Израилан, Британин, Iамеркан агенташ – уьш массо а цхьана могIарара бу. Иза Iамеркан-ингалса булдозер санна хIума ду. Iамерка парггIат йижина Iа шена, ткъа цуьнан омранаш Израилехула кхочушдо. Цундела ахь мел хьахийна пачхьалкхаш – уьш цхьабосса ю. Хаттаб церан къайлахчу сервисийн агент вара. Хууш ду, тахана Шемахь цIий Iенош лела тIемалой НАТО-н лагершкахь Iамийна бу. Цара уьш кечбина, кара герз делла, Шемица тIом бан дIахIиттийна. Ткъа хIинца Iамерка курдошкахьа ю, курдой лиэта йозуш йоцчу пачхьалкхах, Туркойчоьнах. Ша Туркойчоь – кхечу агIонна дуьхьаллаьтта. Оьрсийчоь а ю цигахь. Iаьрбийн дуьне – вукху агIонна дуьхьал ду. Дерраш уьш политикан ловзарш ду. Со тешна ву, шайн политикан хьашташ лардо цара. Ца лардо халкъан хьашташ-м, бусалбанийн, керстанийн хьашташ. Шайн политикан новкъахь вайх пайдаоьцу цара.
КХИН А ХЬАЖА: Путинан нохчийн десантХIинца Шемахь массо а бусалбанаш бу вовшахлеташ. Ас хьоьтту: шаьш бусалба хилча, шу стенна ца лиэта,Израилах а, кхийолчу пачхьалкхех а, уьш шайна уллехь йоллушехь, вовшех стенна лиэта? Цара пайдаоьцу вайх". Иштта ду Кадыров Рамзанан жоп.
"Вахьабхоша Нохчийчохь уьрсаш хьоькхура берашна, зударшна, къаношна"
"Уьш массо а цхьаьна бу - хариджийш а, вахьабхой а. Пайхамар дийна волуш а, цул тIаьхьа 1400 шарахь а шаьш лелийннарг ду цара тхоьца лелийнарг. Цара уьрсаш хьоькхура берашна, зударшна, къаношна. ХIетахь шаьш баьхнарг, 1400 даьлча тхуна тIехь лелийна цара", аьлла жоп делира Кадыровс, хариджашний, вахьабхошний юкъарчу башхаллах лаьцна шега динчу хаттарна.
ТIетуьйхира, Мохьаммад-Пайхамара уьш [хариджаш] хIаллакбан беза баьхна, аьлла. "Оха иза доггах до, дийр а ду, иза суннат долундела, Пайхамара аьлларг тхаьш дийр долуш долундела," – тIетуьйхира Кадыровс.
Эксперто хадийна мах
Нохчийчохь лаьттина тIемаш гиначаьрца къамелаш дира "Кавказ.Реалиино" – суфешца а, салафийашца а. Цара аьттехьа а бакъ ца до "вахьабхоша" Нохчийчохь къизалла лелийра бохург.
Бусалба стаг цецвоккхуш ду Мохьаммад-Пайхамара хараджеш хIаллабе баьхна алар а. Бакъ-хьостанаша дийцарехь, хариджеш гучубевлла Iусман-халифан зама йоьрзучу муьрехь – Мохьаммад-Пайхамар кхелхина 20 шо даьлча.
"Дерриг а дуьне хIаллакхдан"
"Церан [Малхбузенан] политика бусалбанаш хIаллакбан лерина ю уггаре хьалха, тIаккха – дерриг а дуьне", - боху Кадыровс.
Амма цуьнан пресс-гIоьнчаллина совнах хетта "дерриг а дуьне" бохург - дIахадийна и дешнаш.
КХИН А ХЬАЖА: Садулаев Мансур: ГIашсалти бен вац РамзанДелахь а, пресс-урхалло довзуьйту хьиджабах, ЛГБТ-нахах, 2016-чу шарахь Соьлж-ГIалахь хиллачу исламан конференцех, СаIуда Iаьрбийчоьнан паччахьан воIаца динчу къамелах, Iаьрбийн мехкашца йолчу зIенех лаьцна Кадыровс дийцинарг.
ТIекхочийлехь бу Кадыровс махкарчу эскархойн университето Iамочу леринчу ницкъех а, уьш дозанал арахьа "декхарш кхочушдан" хьийсорах а, Нохчийчуьрчу зударийн хьиджабца доьзна "демократин харжамбан" йиш хиларх, СаIуда Iаьрбийчоь Соьлж-ГIаларчу конференцино терроризмах Iалашъярх, ша Нохчийчохь "100 процент наха къобалвеш" хиларх, ша байинчу тIемалойн наной а тIехь шена маралелхаш хьийзарх лаьцна бина хаамаш.
"Ас суо кху дуьнентIехь массарел а ирсе лору – сан цкъа а ца хилла мостагIий", - боху Кадыровс.