ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Рамзанца СаIуда Iаьрбийчу кхаьчна Путин Владимир


СаIуда Iаьрбийчоьнан паччахьо Салман ибн Iабдул-Iазиз Ал СаIуда кхайкхарца СаIуда Iаьрбийчу веана Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир, хаамбо "Новости" агенталло. Официалан нах а, бизнесхой а боцурш а, Оьрсийчуьра яхначу делегаци юкъахь ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а.

Анониман хьостанаша "цомгуш ву", "юучух цатам хилла", "кIелойина" бохуш, яздинехь а, массарел а каде салам а луш, нохчийн ламасташца мараиккхира нохчийн куьйгалхо Путин Владимирна.

Шинаридийнахь Iарбойн Цхьанатоьхначу Эмираташка ваха Iалашо ю Путинан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG