Кадыровхочо а, дагестанхоша а маларш арахоьцучу фирманашна гIо до, хIираша – герз дечу компанешна
Шайгарчу даржех пайда а оьцуш, хьанна аьттонаш латтабо Пачхьалкхан думерчу депутаташа-кавказхоша, теллина "Трансперенси Интернешнл – Оьрсийчоь" юкъараллин векалша. Цара бахарехь, Нохчийчуьрчу депутата Делимханов Адама а, Дагестанерчу массех цуьнан коллегано а тIома кIел эцна къаьркъа ден фирманаш, Ткъа ХIирийчуьрчу депутаташа чекхбоху герз арахоьцучу "Ростех" компанин лаамаш.
"Трансперенси Интернешнл – Оьрсийчоь" хьукматерчу талламчех цхьаъ ю Барнаулера Тельнова Светлана. Коррупци ца йоржуьйту гIирс бу лоббизм – амма низамаш лела ма-дезза лелачу меттигашкахь; лоббизм низамца тIечIагIъян еза, ткъа шаьш лоббисташ массарна а ган йиш йолчу йолчу реестре баьхна хила беза, мила хьанна аьтто беш ву хоуьйтуш, боху цо.
"Ткъа гIуллакхаш тIекхоьхьучийн хьашташ муха кхочушдан деза гойту кепаш юкъаяьхна ца хилча, лоббизм низаме яьккхина ца хилча, беккъа цхьана оцу гIуллакххойн аьттонаш тIебовлу политикехь, экономикехь, кхиболу церан конкуренташ охьа а таIош. Цундела харцоне йоьрзу къайлах лела лоббизм. Иштачу хьелашкахь кхоллало вайна тамаше хетачу низамийн проекташ – масала, тиша машенаш цалелаяйтар, дуккха а нах бехачу юкъарчу цIа чохь хьешан хIусам схьаелла магор. Я аьр вай, стенгара яьлла хууш а йоцу "Платон" система.
КХИН А ХЬАЖА: Ненан мотт совбаьлла Госдуман депутаташна"Кавказ.Реалиино" теллира, стенца, хьаьнца доьзна низамаш проекташ кхийдайо Пачхьалкхан Думе Къилбаседа Кавказерчу депутаташа.
Цхьа а инкарло а йоцуш – деккъа дIа къаьркъа
Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан маьхча Делимханов Адам, ша Пачхьалкхан Думин декъахь велахь а, 2014-чу шарахь дуьйна схьа вац депутатан болхахь билгалволуш. Цкъа, Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцешна дуьхьал санкцеш юкъайохуш, низаман проект кечъярца хаавалар доцург, кхин жигаралла гайтина вац иза Думехь, боху "Трансперенси Интернешнл – Оьрсийчоьно".
Кхул хьалхарчу гонехь а Iийна Делимханов Думехь, оцу хенахь цо "хьалхатиттина" алкогол шайца кIезиг йолу маларш дар а, даржор а доьхкучу низаман проект. "Оцу бахьаница воккхийла ду Делимханов къаьркъа дечу совдегарийн лоббистийн могIара", - боху эксперташа.
"Алкогол кIезиг йолу маларш дехкийтар ду къаьркъа дечу совдегаршна луург. Базар деккъа цхьана къаьркъанна юьсу тIаккха. И тайпа низаман проекташ аш зийча, шуна гучудер ду церан авторш-депутаташ къаьркъа дечу совдегаршца гергарлонашкахь хилар", - билгалдоккху Тельнова Светланас. "Низаман проекташка тхо хьаьвсира, уьш хьанна пайде ю а толлуш, "дика-вон" бохуш, церан мехаш а ца хедош", - дуьйцу цо.
Къаьркъа дечу фирманийн хьашташ къаьсттина тергонехь кхобучу депутатех ву "Цхьааллин Оьрсийчоь" партера Аскендеров Заур. Амма цецвала хIума дац иза – Аскендеров ша Iийна "КиН" цIе йолчу Москварчу чIагIаран-коньякан фирмин коьртехь 2007-чу шарахь. Цу тIе, цуьнан да Iийна "Дагагровинпром" цIе йолчу чIагIардоккхучу хьукматийн концернехь инарла директоран гIовс, ткъа ваша Камил ву маларш дечу "Алвиса" компанийн тобан долахо.
"Аскендеровс шайн доьзална пайдейолу проекташ чекхйоху Думехь – "Алвиса" компанийн кочарна ма-оьшшу ду арадевлла чагIар, коньяк дарх, дохкарх долу низамаш. ЧагIар ден сурсаташ билгалъяхарх а, кемсаш лелорах а, чIагIар дарх а, лицензеш 15 шарна яларх а, кхидолу а низамаш юкъадевлла Аскендеров Думехь жигара хьовзар бахьана долуш", - яздо эксперташа.
КХИН А ХЬАЖА: Кадыровн го - доза доцу оьздангаллаДагестанхойх цхьа Аскендеров хилла ца Iа къаьркъан бала кхочуш. Алкоголца доьзна низамаш арахоьцучу депутатех ву сенаторан Керимов Сулейманан уллера накъост, "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин декъашхо, цхьа зама хьалха "Дагвино" цхьаьнакхетараллехь болхбина волу Гаджиев Мохьмад.
Къаьркъа дарх а, дохкарх а долчу низаман проектан автор ву Гаджиев. 21 шо кхачанза болчу бахархошна дайн маларш, тоник дохкар доьхкучу низаман проект чуелира цо цкъа. 2014-чу шарахь иза гIиртира и тайпа маларш Оьрсийчохь доьхку низам арадаккха.
Гаджиевн №1038599-6 проектца охьабаьккхина чагIарш дечу юьртбахамаша шаьш маларш дарна, лелорна, дохкарна Iедална лучу йолан барам (лицензийн мах), дуьйцу "Трансперенси Интернешнл – Оьрсийчоь" хьукматан эксперташа.
"Дагвино" корпорацин куьйгаллехь Iийна Гаджиев хьалха. ТIаьхьо оцу корпорацино хийцина шен цIе - ДГУП "Дагвино". Цуьнан декъахь ю, масала, ГIизларара коньяк ден хьукмат.
"Гаджиев маларш дечу бахамашкахьа уьйзучу депутатийн декъа тхан хIотто йиш ю иза хьалха маларийн индустрехь болхбина хиларна а, ткъа цо юкъайоху низаман проекташ маларш дечу совдегаршна пайде хиларна а", - боху документан авторша.
Кхин цхьа Гаджиев а ву Пачхьалкхан Думерчу дагестанхошлахь – "Цхьааллин Оьрсийчоьнан" векал Гаджиев Мурад. Иза Дербентерчу коньяк арахьоьцучу комбинатан директор лаьттина. Цуьнан ден Гаджиев Станиславан куьйга кIел яра, лаххара а 2015-гIа шо тIекхаччалц, оцу комбинатан директорийн кхеташо. Депутатан зудчун Ашурин долахь ю оцу комбинатан 55,3% акцеш.
"Гаджиев Мурада арадаьхначу низамийн могIарахь ду маларш дар а, лелор а къастош долу низам. Дербентерчу шен доьзалан бизнесна аьтто бина цо иштта", - тоьшалла до эксперташа.
КХИН А ХЬАЖА: Дагестанерчу тIемалошна Басаевна дуьхьалоярна ветеранийн статус ю луш"Цхьааллин Оьрсийчоь" партерчу дагестанхочо-депутато Сафаралиев Гаджимета а до маларш лелочу совдегаршна гIо. Iедало магош а доцуш, шайггара чагIар арахьоьцучу хьукматашна ден таIзар къастош а, Оьрсийчохь чIагIардаран бахамашна некъ луш а долу низамаш арахоьцуш дакъалоцу цо а, боху талламчаша.
Доцца аьлча, хIора а депутато санна латтадо лобби-накъосталла шайн доьзалшна я шайна беза-бевзачарна. "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин векало, Дагестанерчу кхечу депутато, Маграмов Iабдулмажида молханийн сурсаташ кхиор, лелор, эцар даьккхина низаман хорша масала. Бух боцуш дац иза – 2011-2016-чу шерашкахь молханаш деш йолу ООО "Амелия-центр" яра цуьнан долахь.
Мехкдаьтта а, "БотIлихера мохк Iалашбархой" а, кхиболу а депутатийн гIайгIанаш
Нохчийчоьнан векал-депутат, коммунист Агаев Ваха аьттонаш беш хьийза тахана мехкдаьтта лелочу хьукматашна. Цуьнан воI Бекхан а вара Думехь 2011-2016-чу шерашкахь. ХIинца Бекхана лелайо, шен дегара схьа а эцна, "Юг-Нефтепродукт" фирма (16,7 миллиард сом даьккхина оцу фирмано, масала, 2017-чу шарахь).
"Агаев Ваха Кадыров Рамзанан а, совдегархочун Гуцериев Микаилан а гонашкара ву. Нохчийчохь шолгIа тIом боьрззушехь, цигара мехкдаьтта шайн ма-хуьллу сиха долаэца арабевллачийн могIаршкахь вара Агаев. Цуьнан доьзалан долахь алссам активаш ю мехкдаьтта духкучу бизнесера. Ткъа Кадыровца а, Къилбаседа Кавказехь мехкдаьтта духкучу бизнесхошца а Агаевс лелочу гергарлоно бакъо ло "Трансперенси Интернешнл – Оьрсийчоь" юкъараллин эксперташна цуьнан рицкъ мехкдаьттаца доьзна дуйла ган а, оцу декъехь иза лоббист ву ала а", - боху документо.
КХИН А ХЬАЖА: Пачхьалкхан Думин депутатна Саралиевна ца хаьа "Скандинави" пачхьалкх йоцийла?"БотIлих ларйинчу тIемалошна" тIеман ветеранийн статус йоккхуш хьийзина депутат ву дагестанхо Умаханов Умахан. Оьрсийчохь хIордайистошца лаьтта массех порт долахь йолчу вежарийн МагомедовгIеран "Сумма" концернан лаамаш Думехь чекхбоху Умахановс. Эрна а дац иза - цуьнан зуда Наида ю МагомедгIеран йиша.
Умахановнний, цуьнан зудчунний долахь ю ООО "Русские просторы" (гIишлош оьцу-юхку компани), ю цаьргахь алссам ЗАО "Жуковка*****" компанин акцеш а.
Умахановн хIусамненан Магомедова Наидин долахь ю ООО УК "Ин-Инвест Груп" – ткъа оцу хьукматна юкъайогIу ООО "Агро-Инвест" а, ООО "Агротехнопарк 'АгроДагИталия" фирманаш. ТIаьххьарчо итт шарахь кхочушъян тIеэцна шена 14 миллиард сом мах болу Iедалан проект – юьртбахаман техникан парк.
"Умахановс Думехь дакъалецира гIишлойн проекташ экспертизехула чекхйоху процедура аттачу доккху низам кхуллуш. Оцу низамах пайдаоьцийла ду Умахановн стунвежарийн – дуккха а яккхий гIишлош ю цара ян тIеэцна", - боху эксперташа.
ХIирий "Ростех"чIагIъеш бу
Чемезов Сергейн "Ростех" корпорацин хьашташна аьтто барца билгалбовлу ХIирийчуьра депутаташ.
КХИН А ХЬАЖА: Forbes: Массарал а дика беха Оьрсийчохь депутаташОхьатохархлатархо хилла волу Таймазов Артур "Аэроэкспресс" компанин директоран Криворучко Алексейн хьехамча лаьттина Пачхьалкхан Думе ша ваххалц. Ткъа "Аэроэкспресс" кхоьллинчу бизнесхойх волу Уралерчу маьIданийн компанин куьйгалхо Махмудов Искандер ву БуьрийтIехь Iалам бехдарца гIараяьллачу "Электроцинках" доладеш.
"Калашников" концернан инарла директор Iийра цхьа хан хьалха Криворучко. 2006-чу шарахь дуьйна Оьрсийчохь герзаш дечу "Ростехан" структурашкахь белхаш бина цо: "Рособоронэкспортехь" а, "АвтоВАЗ-ехь" а. Republic-о иза Чемезовн гергара стаг ву боху. Тахана Криворучко Оьрсийчоьнан тIеман министран гIовс ву, цунна техь ду тIеман гIирсах кхачояр.
Эксперташа бахарехь: "Долуш долчу герзах тера герз кхолларна стаг я фирма административан жоьпалле озор низаме доккхуш (пневматикан герзах долу низам) жигара хьавзира Таймазов. И низам пайде ду официалехь пневматикан герз кхуллучу компанешна – ткъа царалахь ю и тайпа герз деш йолу "Калашников" концерн".
Таймазовс жигара дакъалецира сенаторо Бокова Людмилас кечйина низаман проект чекхйоккхуш (зIенан хьукматаш ларъяр доларчу фирманашна тешор). "Ростехо" шен Iалашоне диллина 2025-гIа шо тIекхачале и тайпа фирманаш кхолла.
"Ростехна" оьшу низамаш арадохучу депутатех ву "Цхьааллин Оьрсийчоь" партера депутат Макиев Зураб а. Вице-премьеран Шувалов Игоран секретариатехь куьйгалхочун гIовс лаьттина Макиев 2009-2012-чу шерашкахь. Оцу даржехь ша волуш "АвтоВАЗ " а, "Уралвагонзавод" а компанех жоп луш вара иза (ший а компани ю "Ростехан" куьйга кIел).
2015-чу шарахь Макиевс а, кхечу депутаташа а юкъадаьккхира "Ростехна", цо шен цIе хийцарца доьзна, бакъонаш къастош долу низам. "Индустрин технопарк" термин юридикан бухе ялош хьаьвзира иза 2016-чу шарахь. И низам оьшура "Ростехна", аьлча а, технопаркаш кхуллуш хьийзачу, цуьнан дакъа ларалучу "Камазна".
ХIирийчохь къаьсттина жигара хьийза "Ростех" – меттигера 7 индустрин хьукмат яьлла цуьнан дола.
Газ ларъярхо Газгиреев
Газ шайна пайде ерзийначу депутатийн тобанах ву боху "Трансперенси Интернешнл – Оьрсийчоь" юкъаралло "Цхьааллин Оьрсийчоьнан" ГIалгIайчуьра векал Газгириев ЮшаI. Ехха хан яьхьина цо "Газпроман" декъарчу "Бургаз" компанехь болх беш (хIинца цунах "Газпром бурение" олу, цуьнан 78,7% акцеш ю миллиардеран Ротенберг Аркадин кIентан Ротенберг Игоран долахь).
Газан, мехкдаьттан биргIанашна тIе а тийсалуш, ягориг лечкъочарна дуьхьал бехктакхам боккху низамаш кхуллучу депутатийн тобанца ву Газгиреев. Иштта, цо дакъалоцу ягочух, барамаш а ца лоьруш, пайдаэца бакъойолу хьукматаш билгалйоху низам кхуллуш а, яздо эксперташа.