ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанерчу тIемалошна Басаевна дуьхьалоярна ветеранийн статус ю луш


Федерацин кхеташоно къобалдина 1999-чу шарахь Басаев Шемалан эскарна дуьхьаллаьттинчу Дагестанерчу тIемалошна ветеранийн статус яларх долу низам.

"Низамо Дагестанерчу тIемалошна ветеранийн статус ло, хIора баттахь ахча дала а, церан доьзалшна коммуналан хьелаш аттачу даха а магош», - аьлла 'Это Кавказ' портале Федрацин Кхеташонан тIеман дуьхьалонан а, кхерамзаллин а комитетан декъашхочо Клинцевич Франца.

Сенаторо бахарехь, Басаевн тобанах «Дагестан Iалашъеш, тIеман хьелашкахь заьIап бисинчарна а, чевнаш йиначарна а шайнна къастийна аьттонаш а хир бу Iедалера». Массарна бийр бу аьтто пенсеш тIетохарца а.

Ветеранийн могIаршка бохур бу, документца а догIуш, 1999-чу шеран Марсхьокху а, Товбецан а беттанашкахь Дагестанехь Нохчийчуьра еъначу тIемалойн тобанна духьаллаьттинарш.

Низаман проектан автор ву "Цхьааллин Оьрсийчоь» партера Пачхьалкхан Думин депутат Умаханов Умахан.

Прессехь дийцина ма-хиллара, бахначу баттахь Оьрсийчоьнан бахархошца телеэфирехула къамелаш дечу Путине, шаьш Оьрсийчоь а, Дагестан а террорхойх къелхьараяьккхина, шайна тIамехь дакъалаьцначу ветеранийн статус лахьара, дихира БотIлихехь куьйгалхо лаьттинчу Умаргаджиев Мохьмада а, цуьнан накъосташа а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG