Нохчийн республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло (МВД-но) шен 2022-чу шеран йинчу чоьтехь дийцира терроран бух болу 104 зулам шаьш гучудаккхарах, террористийн бен бохорах, гIаттамхой хила тарлучарех шиъ верах лаьцна. 2021-чу шарахь ницкъаллин урхаллин белхан жамIаш а царех тера догIуш дара. Республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана террористийн тобанаш "хIаллакйина" шаьш бохуш дIахьедарш деш лаьтташехь, МВД-н хIора шеран белхан хаамашкахь хеза "тIемлой дIабаха аьтто" баларах дуьйцуш. ХIунда хуьлу ишта, хеттарш дира Кавказ.Реалии сайто.
(КТО) аьлла цIе тиллина террористашна дуьхьала операци дIайолийра 23 шо хьалха. ШолгIа тIом цу операцица дIаболабелира. Официалехь 2009-чу шеран бIаьста дIайелира иза. Амма и (КТО) дIайахьан вовшатоьхна ницкъахойн структураш дIа ца йохош, йитира цу хенахь, ца йехира уьш дIа 2021-чу шарахь а, Кадыров Рамзана республикера "мел болу террористаш хIаллакбина" аьлча а. ХIинца а йолуш йу. ХIораза а шайн дIахьедарш деш, шайн болх регионехь эшаран кеп хIиттош, Iаш бу. Федералан трасферташца Оьрсийчохь йоьалгIа меттиг йу регионехь, боху Кавказ.Реалии сайто хеттарш динчу эксперташа.
"Нохчийчохь экономика йац, ницкъахойн структурашкара Iедалан белхаш - алапа хуьлу болх бу. Шаьш хилар бух тIенисдеш, [ницкъахойн] урхаллаша "нийса" терахьаш гайта деза. Иза ца дахь, тIедогIучу шарахь уьш балхара дIабохур бу йа церан алапа лахдийр ду", - боху адаман бакъонаш ларйечу "Мемориал" центран кхеташонан декъахочо Черкасов Александра.
Къийсам гойтуш ца хилахь - ахча сацор ду. Дукха гайтахь - балхаца ца лараво моьттур ду
Цо бохучунна реза ву кавказйовзархо, "Стратегин анализан Центран" а, "Юккъерчу Европан Институтан" талламийн цхьаьнакхетараллийн возуш воцу эксперт Баранец Томаш. Цо дийцарехь, 16 шарахь Кадыров Рамзан куьйгаллехь хиларан бахьана цхьаъ ду. Кремлан хьежамца, иза республика кхиаран, хазйаларан гарант вац, иза йерриге Кавказ регионан тешам боллуш латторан гарант ву. Цундела йелла Кадыровн ницкъахошна цу кепара таронаш. Цундела царна ахча цакхоор а цу бахьанна ду, боху Баранеца.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун бакъонаш латтош йолу бюджет ларйархьама "дIабаьхна тIемлой" бийцар ладаме лору. Кремлана цо гойту, Кадыров кхин а оьшуш хилар, боху къамелахочо.
Герзаца болчу гIаттамхошца болчу къийсамо пачхьалкхан бюджетера ахчанаш схьаийдарал совнах Нохчийчуьрчу Iедало адамийн бакъонашна гIело йарна бехказлонаш йо, олу "Iазапашна дуьхаьл Команда" цхьаьнакхетараллин Къилбаседа Кавказерчу филиалан куьйгалхочо Ванслова Екатеринас.
"ДIахьедаршкахь йаздечу терахьаша республикан шатайпа статус билгалйоккху. Цара гойту, тIемлой республикера хьал галдаккха дагахь хилар, амма меттигера Iедал цу зуламна дуьхьал латтар. Цу "дуьхьал латтарца" Iедалхоша Кремлана хьалха бехказадоху шаьш адамийн бакъонашна гIело йар. Ишттачех ду бакъо йоцуш дIалийцина нах лармешкахь бахкор, таIзарш дар. Цу кепарчу бехказлонийн бух бац, таIзарш дан цамагар шен абсолютан амал йолуш хIума ду", тIечIагIдо къамеле йаьллачо.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун дIахьедарийн, МВД-н официалерчу хаамийн вовшашца догIуш цахилар дийца девлча, Кавказ. Реалии сайто хеттарш динчу эксперташа билгалдоккху - хIора агIо шен болх беш йу: Кадыров махкара терроран кхерам дIабаккхар дIахьедеш ву, ницкъахой низам латторна шайна ахча догIийла кхетош.
"Къийсам гойтуш ца хилахь - ахча сацор ду. Дукха гайтахь - балхаца ца лараво моьттур ду. Муьлххарш гайтина, цхьа терахьаш гайта ма дезий - цундела цара шо шаре мел дели а, цхьатерннаш гойту. Шайна оьшу ахча схьа а оьцу, "вуно дика" терроран кхерамца къийссам латтабо. Кадыровга, хIан хIинца тхо ларий-кх алийтархьама", кхеттош дуьйцу Черкасовс.
Кхерамзаллин дуьхьа керла ницкъ - оьшу йа бахьанаш ду лоьхурш?
2022-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо шозза дIахьедира республикехь кхерамзаллин хьелаш чIагIдан эшарах. Марсхьокху-баттахь изза дIахьедира цо Росгвардига, МВД-га, ТIеман министралле. ГIадужу-баттахь Кадыровс республикехь долу низам латтон шена кхин а ницкъаш оьшу элира. ФСБ урхалле гIо а дийхира.
Ницкъахойн Iуналла эшар Украинехь боьдуш тIом болуш Нохчийчуьра хьал хоршара даларна кхерарца доьзна хила тарло, билгалдаьккхира Кавказ.Реалии сайтана йеллачу комментарехь Европерчу нохчийн комитетан "Толам"боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата. Цо дийцарехь, Кадыровн кхерар цхьана бух тIера схьадогIуш ду. Оьрсийчоьно тIом болабарца дуьне ма-дду болчу нохчийн жигаралла хьаладаьлла.
Терроризм кхиаран кхерамо "Путинан пехотинец" статус гала ца йоккхуш, тIамехь дакъа цалаца бахьана ло Кадыровна
2022-чу шеран мангалан-баттахь Украинехь тIом бечу къобал ца йинчу Ичкерин агIончаша Кадыровга шаьш хьоьца тIом бан кийча ду аьлла, шаьш Нохчийчоьнна "деоккупаци" йан кечдалар дIа а хьедина. ГIаттамхойн тоба вовшахтохарах хаамаш бакъ хилар чIагIдира Ичкерин хиллачу президентан кIанта Масхадов Анзора. Цунна жоп луш, Кадыровс Ичкерин агIончашна чIир кхайкхина.
Махкахь боццушехь терроризман кхерам бу бохуш хила тарло, элира кавказйовзархочо Баранец Томаша. Цо дийцарехь, и дерриге Кадыровн "кхерамзаллин гарант" статус, бюджет ларйархьама лелийна ца Iаш, кхин бахьанаш ду Терроризман кхерам республикехь кхиаро Кремлана хьалха нохчий тIаме хьийсо цалаар магадо куьйгалхочунна, боху къамелахочо.
"Украиненохчийн тIемлой хьийсон цалаар Кадыровн дешнашца пурхнехьа догIуш нисло. ТIамана "Дийна ницкъ латтошверг" санна хьийзаш ма ву иза. Терроризм кхиаран кхерамо [президентан Путин Владимиран] "пехотинец" статус гал ца йоккхуш, тIамехь дакъа цалаца бахьана ло Кадыровна. "Цкъачунна тIамана бала кхин эскархой бац тхан - кхузахь террористаш карзахбевлла, ницкъаца и хьал хорша ца дерзийча ца довлу тхо", бохуш санна, дуьйцу къамелахочо.
ГIаттамхой "лехаран" некъаш
Къилбаседа Кавказехь гучубевлла, чубоьхкина, байина аьлла болчу гIаттамхойн терахь массийтта шарчохь хийцалуш дац - шарчохь 1000 гергга стаг. Цу терахьах цхьатерра процент Нохчийчоьнна йогIуш хуьлу, билгалдоккху бакъонашларйархочо Черкасов Александра.
"Регионерчу гIаттамхойн боккъал долчу хьелашца и жамIаш мел догIуш ду хаар ладаме ду. Вийнарг, чевнаш йинарг маса стаг ву хьаьжча, массийтта шарахь герзаца гIевттийначара хIоттадо хьал башха коьрта хета ца деза",- тIетуху Черкасовс.
КХИН А ХЬАЖА: Теракт йа сурт хIиттор? Нохчийчуьра Iедалхоша дуьйцург тамашийна хIунда ду?Регионехь боьдуш, партизанийн тIом ца хилча, МВД-на оьшу терахьаш стенгара схьаэца деза. Цу хаттарна жоп луш, къамелахочо билгалбоккху ницкъахошна марзбелла кхо некъ. Хьалхарниг - дIадаханчу шерийн гIуллакхаш йухакегор. Масала, 2000-чу шеран охан-баттахь Перман ОМОН-нна тIелатарехь бехкевинчунна велла дIаваллалц чохь йаккха хан туьйхира.
Дикка хан йу Нохчийчохь Пскован десантана тIелатарехь бехке лоруш, нах дIалуьйцу. ХIинцца дIахьош ду-кх кхелехь цу бахьанца лаьцначу Алханов Мохьмадан гIуллакхан ладогIарш. И тайпа гIуллакхаш цхьана могIанца кечдеш ду цара. Тоьшаллаш дийриш цхьа нах хуьлу, йа шайн цIераш йовзийта цалуурш бу олу. Кхелийн сацамаш хаддаза кхайкхош бу, ницкъахойн дIахьедаршка терахьаш тIе а тухуш.
Терроризман оьшу тIегIа латтадо шолгIа некъ - официалехь доцу исламан цхьаьнакхетараллаш, дуьйцу бакъонашларйархочо:"Царех дерг Iеламхошна 70-чу шерашкахь дуьйна схьа хезна ца хуьлу. Нохчийчохь экстремистийн тептар тIе "нийса" йоцу маж лелориг йазво.
КхоалгIа, уггаре атта "гIаттамхой" лоху некъ - террористашна ахча далар аьлла йолу артикл, боху Черкасовс. "Цу артиклаца хьанна ахча дахьийтина волу милла дIалаца аьтто хуьлу. И тайпа "зулам" гIантара хьала ца гIовттуш толлу ницкъахоша, олу бакъонашларйархочо. Талламхоша дийцарехь, гIаттамхойх дIакхета дагахь бен ца хиллачу адмана 150 евро банкехула дахьийтахь а, чуволла тарло стаг. Вевзачунна йухалург 20 эзар сом деллехь а."
Террористашна ахчанаш даларна, уьш лелорна йогIу хенаш хьалайахаро, "терроризман пропаганда" Бехкзуламан кодексехь билгалдаккхаро нахана харц гIуллакхаш долорхьарна некъ буьллуш ду, дуккхаза бехира юристаша.
- Герзаца дуьххьал бевллачу гIаттамхойн тобанашкахь хиларна бехке лору Нохчийчоьнан вахархо Усманов ИсмаьIал. Цо ша цадинарш шега тIелийцийтина аьлла. Амма лаккхарчу кхело цуьнан дIахьедар бух боцуш лерина.
- Аппеляцин тIеман кхело ца хуьйцуш битна нохчочунна Даудов Асланан гIуллакхна шаьш бина сацам. Цунна чохь даккха тоьхнарг 12 шо ду. Иза бехке лоруш ву терроризмехь, 1995-чу шарахь Басаев Шемала Буденновск гIалина тIелатар дарехь дакъа лацарна а.
- "Мемориал" адамийн бакъонашларйаран центрана бух боцуш хета 63-шо долу Соьлжа-гIалин вахархо Батыкаев Iалавди жоьпе ийзор. Иза бехке веш ву 2000-чу шарахь Басаев Шемалан, Хаттабан тобанан декъехь волуш Пскован десантана тIелатарна.
- Iедалхоша тIемлой лоруш болчара кхелашкахь дIахьедо, шаьш мел дийцинарш шайга, ницкъбеш, дийцитийна ду олий, боху Оьрсийчоьнан бакъонашларйархоша, адвокаташа а.
- 2022-чу шеран дечкен-баттахь Кадыров Рамзана дIахьедира, республикина хьашташна федерал центро 300 млрд сом шарахь ло аьлла.