МаслаIатан философи

Динца доьзнарг даиман а ду экаме. Цундела динца доьзна къамел деш хIора ша олу дош лардеш ала гIерташ хуьлу баккъалла а Iилма долу оьзда стаг, и дин муьлхха а далахь а.

Your browser doesn’t support HTML5

МаслаIатан философи

Кху деношкахь мосуьйттоза цхьацца наха бечу хьехамашка а, халкъ Iамош къамелаш дечу молланашка а ладоьгIуш цхьана хIуманан тIехь ойла сацара сих-сиха. Иза дара шега ма-хуьллу маслаIате а, сатухуш, Делан дош хаза дуьйцуш хила безачу цхьаболчу молланаша деш долу къамелаш вуно кIоршаме, девне хилар.

Йоккхуш цIе йоцу нах чехош воллура цхьаъ. Важа луьш вара ша санна зуькар деш боцучу нахана. Вукхо емал бора кегийра нах, уьш шаьш хаьржинчу шайн маьждиге гулло бохуш.

Ткъа муха хила веза-те Делан дош довзийта никат долуш араваьлла стаг? ХIун хила деза-те цу стага юьхьарлаьцнарг?

Садулаев Мансур Малхбузен Европехь бехачу нохчийн юкъараллан жигархо ву. Жима волуш дуьйна бусулба Iилма Iамош ву иза. Дин довзарх тоьаш дац, нахаца бийца мот каро а беза, Динан хазалла адамашна дIагайта говза хила а веза цу новкъа ваьлла стаг бохуш вара иза.

Тахана вуно дукха баккхийн аьттонаш бу бусулба Iилманна тIаьхьакхиа. Цундела хIоранан аьтто бу шена хьалха хIоьттинчу хаттарна жоп каро бохуш а вара Садулаев Мансур.

Тахана, хала хеташ далахь а, гуш ду вайнах политика а, бахам хиларца а бекъабелла ца Iаш динан башхаллийн бух тIехь а бекъабелла хилар. Цуьнан бахьанаш хIораннаа хууш ду бохуш, дуьйцу ша Малхбалерчу Европехь цхьамогIа пачхьалкхашкахь бусулба юкъараллах лаьцна лекцеш йоьшуш йолчу къона Iилманчо Азимова Сийлахас.

Вай дуьйцучу хаттарх лаьцна къамел дира цо Австрерчу нохчийн маьждиган имам волчу Расулца.

Азимова Сийлаха: Советан Iедал доьхначул тIаьхьа Оьрсийчохь а, Нохчийчохь а дин лелоран маршо яларца буьйлабелира дин бахьана долуш нахалахь къестамаш а, юьйлаелира дуьххьара динца доьзна нохчашна юккъехь ваьснаш а, гамонаш а.

Лулахой вовшашца хер бовлар а, цхьана хенахь, селхана-стомара цхьана зерате-зикре лелларш вовшашца пен беттар. Суна дагадогIу, тхан лулахь тезет даьлча, 1993-чу шарахь, чехкачу зикаран чкъургехь юьдуш мурдаш а болуш, царах лаьцна луларчу цхьана ткъех шо долчу жимчу стаго „шайтIанан ду цIингаш бетташ“, аьлла.

ДегIастанара Соьлжа-гIала веана, цигахь берашна дин хьоьхучу цхьана Iеламна тIе оьхуш вара и кIант цу хенахь. Цуо шайтIанаш аьллачу зикар дечу мурдашна юккъехь цуьнан шен да а вара, ала дашна.

Нохчийчохь адам динан бух тIехь декъадалар бIаьргашца гаррехь цу дийнахь дуьххьара тергалдира ас. ХIетахь дуьйна шо -шаре мел долу цу декъадаларан марсадалар гуш дара массарна. Гуш дара къам муридашний-вахабисташний декъалуш, вахабисташний – салафиташний, салафиташний – джихадхошний, бусулба вежаршний, ахишний, ухтишний, зударшка я шайн дайшка а, вежаршка а саламаш лучарний и саламаш къонахаший бен луш ца хуьлу бохучарна.

ТIаккха гучуйийла йолабелира керланаш бусулба динан креатураш – ахьл сунна валь джамаIа шаьш ду бохурш, хабашиташ уьш бу кхечаран бохурш, хавариджаш дIогарниш бу цхьаццачара бохурш, мадхалиташ, мурджииташ, ур-аттала шиIаташ а.

Дуьххьара дин Нохчийчу кхаьчча дуьйна тахханалца йолчу хенахь, аьлча а, шен йоллучу бусулба исторехь цхьа а дуьненан масштабехь мехалалла йолу Iелим стаг ваьлла а доцучу я цхьаъ мукъане а мехала динах болх язбина стаг ваьлла а доцучу жимчу нохчийн къомалахь оцул дукха тайп-тайпана тобанашка бусулбанаш бекъабалар мел тамашийна хеталахь а, амма цунах кхета волало цу, олуш ма-хиллара, ког биллалла боцчу махкахь тIаьхьарчу ткъех шарчохь IаьIначу харцонех, гIелонех а, къизаллех а ойла йича, ткъа иштта и харцонаш гуш, амма царна дуьхьал гIорасиз а хилла Iен безачу кегирхойн синкхетамашка ваьлча.

Нагахь санна дуьненан хIума гуонахьа мел дерг мокха а, синхьаам боцуш а делахь, Iедал харцоне делахь, ткъа Делан дин хьоьхуш болу молланаш цу Iедална товш дерг бен ала маьрша бацахь, тIаккха наха Делан динца лоху нийсо, амма лоху иза официалечу молланашкахь а доцуш, тайп-тайпанчу, наг-наггахь шеконечу алтернативан хьостанашкахь.

Iедалан балхахь болчу молланаша гарррехь харцдерг дуьйцуш я харцдерг дуьйцучунна тешаш уьш хIуьттуш хилча, цара кхечу хIуманна тIехь бакъдерг дийцахь а ца теша царех кегийнарш. Бол-болуш церан массо а официала молланех тешам болу тIаккха, хуьлда иза Нохчийчохь я Европехь.

Ткъа муха хила веза нахана Делан дин Iамош верг? Муьлхачу маттахь, муьлхачу дешнашца хьеха догIу-те бусулба дин иза нахе дIакхийдочу Iелимаша а, имамаш а?

Австрерчу нохчийн маьждиган имам волчу Расула дийцира Маршо радионе, нахана дин Iамош волу Iелим – иза лор санна стаг хила везаш ву. Цкъа хьалха шега ладогIучийн хIун лазамаш бу, царна хIун ца тоьу я хIун оьшу бохург теллина, цуьнца доьзна хила езаш ю цуо бечу хьехамийн тема.

Имам Расул: „Нахана хьехам беш волу стаг иза лоьрах тер ву аьлла Iелимнаха. Масала, лоьро шена тIе цхьа стаг веача, цкъа хьалха цуьнан лазар талла а толлий, цуьнан лахарна доIуш долу дарба ма яздо. Иштта хила везаш ву хьехамаш беш волу стаг, шега ладоьгIучеран хьоле хьаьжжина Iамон беза цуо уьш.

Ткъа цхьаболчара цу хIуман ойла ца йо. Масала, дIо СаIудийн Iарбахь цхьа Iелимо аьлларг схьа а оьций, иза гоч а дой, кхузахь а изза Iамадо. Амма СаIудехь кхин хьал ду, кхузахь кхин хьал ду. Цигахь оьшург, кхузахь оьшург уьш тайп-тайпана хIумнаш ду“.

Нагахь санна нахана, къаьстина кегирхошна дин хьоьхучу имамаша шаьш дуьйцург динан тIегIанна тIера дIа а доккхий, идеологин тIегIане а дохуш, кегирхой ира-кара а хIиттош, церан пхенашкара цIий кхоьхкучу агIор хьехамаш бича хуьлуш дерг кху деношкахь Австрерчу Грац гIалахь дIахьочу кхелан процессехь дика гуш ду.

Цигахь кху цхьана баттахь джихадхойн могIаршлахь Шемахь маьршачу нахана дуьхьал къизаллаш лелорна жоьпалле озийна ву масех нохчийн къомах волу жимстаг ву. Кхин цхьааш бу цу къизаллаш лелочу тобанех дIакхета сатессина новкъабевллачура Iедало юхаберзийна.

Кхин а ву шиъ молла, маьждигашкахь кегирхошна радикале идеологи Iама а еш, уьш, церан дешнашца аьлча, „кафиршна а, мунепакъшна а, муртадашна а“ дуьхьал тIом бан ира-кара а хIиттош, уьш Шема хьежорна бехке веш.

Цу шина имамах цхьаъ нохчо ву, важа боснихо ву. Шерашкахь Австрерчу кегирхошна, я Iедалера а, я меттигерчу нахера а, я бусулбачийн юкъараллашкара а цхьа а новкъарло а йоцуш, бIеннашкахь кегирхошна шайн адамаллин гома хьежамаш Iамийна ларалуш ву и ши стаг.

Грацерчу прокуратурано чIагIдарехь, цу щиннан а, - нохчочун Виситин, боснихочуо Мирсадан, - хьехамийн коьрта лейтмотив – Австри тIагIутан мохк бу, цу пачхьалкхан низамаш бусулбачу наха лардан мегар дац, демократи – ширк ду, ткъа Шемахь тIом беш берш – уьш бакъболу къонахий бу, Делан дош лаьттахь дIахIоттош болу бохург хилла.

Цуьнца цхьанна амма цу шинна а имамо тIагIутан пачхьалкхера шайна а, шайн доьзалшна хIора баттахь эзарнаш еврошкахь ахчанаш оьцуш хилла, ялх бераний, шина зудчунний нохчочуо а, ворхI берана – боснихочуо.

Ша ца дешдерг до моьттуйтуш, ша кхочуш ца деш дерг кхечарна Iаморан шалхалла бусулба динехь вуно емал еш ю. КъурIанчохь ишттачарех масийтаза хьахийна а ду, „шаьш ца деш дерг кхайкхориш“ бохучу маьIнехь. Австрерчу нохчийн маьждиган имамо Расулс дуьйцу, Пайхмаро, Делан салам хуьйла цунна, цкъа а ша дешдоцург нахера доьхуш ца хилла бохуш.

Имам Расул: „Цхьаболчу кегирхошна лууш хуьлу, эмоционале хьехамаш беш ладогIа. Амма царна лаьара аьлла и хIума царна луучу агIор дийцар – иза хьекъале дац. Нахана дезарг дийца дезаш вац имам, ша дийца декхарийлахь дерг дийца дезаш ву, кIеда хила везаш ву иза. Вайн Пайхмар, Делан салам хуьйла цунна, нахаца дукха чIогIа кIеда-мерза хилла, цуо цкъа а цхьанна а гойтуш ца хилла, шена цхьаъ ца везахь я гома велахь.

Иза массаьрца цхьатерра оьзда хилла. ХIунда аьлча, иштта ду бусулба дин. Вовшашца цабезамаш хаийта йиш яц вайн. Цундела и дин дIахьоьхучу нахах доьзна вуно дукха хIума ду, цара аьллачунна тIаьхьа хIуьттуш ма буй нах. ЧIогIа Делах кхера безаш бу дин дIахьоьхуш болу нах.“

Муха Iамо деза кегийчу нахана, шайн хенан жималле хьаьжжина цIий кхехкаш а болчу, Делан дин – иза къизаллах цIена хилар, Делан дин – иза уггаре а хьалха къинхетам, нийсо, собар, орца оьшучунна орцах валар, вуо деанчунна гIо-накъосталла дан гIортар хилар? Мелхо а, вуо деанчуьн вуонах хьайна пайда бан а ца гIерташ?

Чолхе хаттар ду иза, къаьстина цхьаццаболчу молланийн леламаш тергал бича. Грацерчу кхелехь Шема кегирхой дIаэхийтарна Iедалхоша бехкевеш волу имам Висита, масала, кхелан материалаша гойтуш ма-хиллара, цхьа 19 шо долу жимстаг шен маьждигехь джихад марздина, Шема хьажийна ца Iа.

Цигахь и жимстаг вийначул тIаьхьа масех бутт балале цунах йисина йолу цуьнан кхаа беран нана шена кхозлагIа зуда санна дIаерзо тIаьхьаваьлла хилла. Шега иза ян ца тикча, шен бухара ши зуда цу шел ткъо шо сов жимахчу йисинчу зудчунна тIеоьхуйтуш, яла а, йола а меттиг битина ца хилла цуо цунна бохуш чIагIдо Iедало.

ТIаккха а шен гIуллакх ца хилча, цуо Нохчийчохь вехачу цу йоIан дена тIе нах бахийтина хилла, иза шега яийта, аьлла. Иза а чекх ца даьлча, суна ца кхачахь цхьанна а ма кхочийла хьо бохучу принципца, иза Шема дIахьажон гIерташ хилла иза, Iедало дийцарехь.

Я, мелхо а, цу имаман тIеIаткъамца Шема а вахана, цIийнда цигахь вийна йисина Iаш йолу и зуда, Австрехь цу стаго шена кхин Iе меттиг а ца битина, цунах едда Шема яха гIерташ хила а мега элира процессехь Грацерчу прокуроро.

Кхин тоьлашха хьал дац боснихойн къомах волчу вукху, шозлагIчу имамца дерг. Шемара схьа цуьнца телефонехула зIене вуьйлуш хиллачу цхьана цуьнан наиб хилла леллачу нохчочуьнца цу имама дийцина хабаршка ладоьгIча, – Iедалхоша къайлаха дIа а яздина, кхелехь довзийтинчу, - дегIе зуз догIу.

Маьттаза, осала, эвхьазчу маттаца дуьйцу цу шиммо йийсаре лаьцначу зударшна Шемахь волчу Делан некъан тIехь джихад доккхуш ву ша бохучу стаго лелош дерг я лелон сатуьйсург. Цу шен цIийндас дийцинчу хIумнашка ладоьгIуш Iаш ю цу мIаьргонашкахь кхелан кхерчахь цIиййела кхохкийна йолу цуьнан хIусамнана а, ткъа иштта цу кIентан воккхах волу ваша а.