Нохчийчуьра 48 шо долу вахархо Висхаджиев Iела – Туркойчохь кавказхойн Kafkasder диаспорийн вовшатохараллийн хьалханча ву. Кеп-кепарчу къаьмнийн векалш бовлу цуьнга гIо доьхуш меттигерчу Iедалхошца шайн гIуллакх Iоттаделча. 90-гIа шерашкахь Нохчийчохь тIеман конфликт йолайеллачул тIаьхьа Свердловскера шен дешар дитира цо, Оьрсийчоьнна дуьхьал тIемашкахь дакъа а лецира. 2006-чу шарахь веара иза Туркойчу, кхин а итт шо даьлча болийра цо йукъараллин, бакъоларйаран болх.
Кавказ.Реалиин редакцина йеллачу интервьюхь Висхаджиев Iелас дийцира Туркойчуьра кавказхойн проблемех, Нохчийчоьнан маршонан агIончаш а, Украинан Iедалхошна йукъарчу цакхетамех а, иштта дийцира, шена хетарехь муха хир йу Кавказ тIейогIучу заманчохь.
– ХIун Iалашо йолуш, хьан вовшахтоьхна йу Kafkasder организаци?
– 2016-чу шарахь кхоьллина йу Kafkasder организаци. И дагадеанарш – мухIажарш бара, Туркойчохь беха. Нохчий, дагестанхой, гIалгIай, гIебартой – Къилбаседа Кавказера доллу халкъаш довзийтина цигахь. Бу царлахь Нохчийчохь хиллачу тIемийн ветеранаш а. Бахьана дара – хIетахь оха ловш хилла хала хенаш. Шемара хиламаш бахьана долуш кхузахь пропаганда йара дIахьош, оцу террорхойн организацин ("Исламан пачхьалкх". – Редакцин билгалдаккхар.) дай бу бохура кавказхой.
Цигара баьхкина лоруш болу мухIажарш вовшахкхетта, цара сацам бира Kafkasder йукъаралла кхолла. Кегийрхошна а, авторитете нахана а дIагайта лиира, тхо кхузахь хIун деш ду, тхуна Туркойчоь муха хета. Тхан уггар хьалхара Iалашо йара бакъоларйаран – тхайн хетарг дIагайтар. Цул тIаьхьа гуманитаран гIо а латтадора оха, тIаккха юридикан хеттарш листа а дуьйладелира.
– Нохчийчуьра шолгIа тIом 2006-чу шарахь бирзина лоруш бу. ХIетахь дуьйна а, организаци кхолла ойла хиларна а йукъахь итт шо ду. Оцу хеначохь муха Iаш бара мухIажарш?
– Оьрсийчоьнан пропагандо боху 20006-чу шарахь тIом бирзина. Амма тхуна хетарехь, Нохчийчохь хIинца а боьдуш бу тIом, кавказхойн латтанаш дIалецна ду, пропагандо хIуъа бахахь а, тIом сецна а бац.
– Туркойчохь пачхьалкх болх беш йу Советан хиллачу мехкашкра баьхкинчу нахана тамашен а хеташ. Туркойн пачхьалкхаца йукъаметтигаш муха лелайо аша?
– Ма-дарра дийцича, тхан кеп-кепара менталитет йу. Амма йу шира уьйраш, кавказхойн халкъийн а, Туркойчоьнан къоман а вежаралла ала тарло цунах. Кавказхошка цхьа шатайпа безам бу кхузахь. Амма Туркойчоьнан Iедалхой а, тхоьгахьа болу тхешан доттагIий а кхетон дийзира тхан, дуьхьалойарх хиллачух. Аьлча а, Шема а бахна, даIишхойх дIакхетта кавказхойх цакхетамийн бахьана хилира. Дух-духа уш кхетон дийзира тхан. Оцу тIехь боккха болх бина оха. Ши-кхо бутт хьалха президентаца Эрдоган Реджепца а, министрашца а, тайп-тайпанчу партийн депутаташца а цхьаьнакхийтира тхо, тхайн хьолах уьш кхетийра. Массанхьа а цхьа хаза, дика бара уьш кавказхошца.
XIX-чу бIешерашкахь Туркойчохь гучубевлира кавказхойн дуьххьарлера мухIажарш – чергазой. Туркашна йезайелира тхан культура, и ала йиш йу сан. Тхан вовшахдеттадаларх, къамелаш дарх цкъа бен чам байна бац сан 2016-чу шарахь, кхузахь теракт хилча. ХIетахь Эрдогана элира: "Халахеташ делахь а, вайн вежарий-кавказхой а хилла оцу террорран тохарехь дакъалоцуш". Тхо чIогIа йуьхьIаьржа хIиттира хIетахь. Оха вовшахтуьйхира авторитете туркойн журналисташ. Билгалдаьккхира, оцу террорхойн организацина йукъахь массо а къаьмнашкара нах бу, и дерриг а цхьана къомаца доза мегар дац аьлла. Тахана дуккха а хеттарш ду, церан йист йаккха а йеза, вуьшта аьлча, тхоьгахьа тешам бу церан.
– Шун Kafrasder организацига дукха хьолахь муьлхачу проблемашца богIу?
– Тхан кегийрхой йукъахь болуш цхьа девнаш нислахь, тIаккха полици йогIу тхуна, тхо девза, тхоьца ларам бу, цундела оха тайп-тайпана хьелаш дерзадо. Кеп-кепарчу хьелашкахь нислун, харцахьа леллачу тхан махкахойн гергарнаш бовлу тхоьга. Амма цхьа наггахь чIогIа хала хуьлу, царна гIо дан тхешан ницкъ кхочург цахиларх уьш кхетон.
Оцу доллучо а гIо ца до тхуна а, Украинан Iедалхошна а йукъахь тешам хилийта
Кхечу организацешца йукъахь, бIешераш хьалхалерчу кавказхойн мухIажарийн тIаьхьенца рапорт кечдира оха тхайх Iитталучу юридикан проблемех, тхайга далур долчух. Дукхахйолу проблемаш йерзор ду мухIажаршна пачхьалкхалла далар, 2013-чу шарахь ма хиллара.
Дуккха а нах богIу кхуза, дукха хьолахь кехаташ доцуш, йа церан хан тIехйаьлла хуьлу И бохург хIун ду, бер школе дахийта, йа берийн беша дахийта йиш ца хуьлу, лоьрийн гIо а ца кхачадо. Оцу проблемашца а болх бан дезаш хуьлу. Оха дукха гIо дина доьзалашна ахчанца, оьшучуьнца – бисина зударий а бу царлахь, тIамехь могушалла эшна къаной бу. Кхелхина баьхкинчийн доьзалашна а гIо до оха, школе бахийта оьшург латтайо.
КХИН А ХЬАЖА: Туркойчоь а, Оьрсийчоь а: шина паччахьан дуьхьаллаттар
– Ахьа хьахийра бакъоларйаран а, юридикан а гIо. Советан хиллачу пачхьалкхашкахь санна белхаш ца бо церан адвокаташа. Муха карабо хьуна кхузарчу юристашца бийца мотт?
– ХIаъ, кхузахь маьIне дац кест-кеста адвокатш хьебар, хIунда аьлча, юридикан процедураш къаьсташ охьайазйина йу. Кхелийн кхо тIегIа йу, низамо магийначу муьрех гIуллакх чекхдаьлла дацахь, адвокате хIуммаъ а бохийла дац. ХIунда аьлча, ша дахьа ма-деззара дIахьош ду цо гIуллакх, цигахь хIуммаъ а хуьйцийла дац. Низам дохош, го баккха йиш ца хуьлу Советан заманахь санна. Шозза сов адвокатана ахь мах лахь а, кхечу клиентийн гIуллакхаш цо дIататтахь а, цунах хила гIоле йац.
– Къаьсттина чIогIа гIо оьшуш цхьа дакъа ду – Шемахь байинчех бисина зударий. КIезиг бац царлахь Кавказан мехкашкара зударий а, Туркойчохь карахь кехаташ а доцуш бехаш болу. Цигара дIасабовла йиш йац церан, депортацин нгабахте хьовсон тарло. Царна муха гIо дойла йу?
– Туркойн Iедалхошца дийцаредо оха, Шемара арабевллачу оцу бисинчу зударийн гIуллакхах. Гуш ду, политикан сацам бу цигахь хила оьшург. Амма цкъачунна и боцуш бу. Оцу тIехь къахьоьгуш ду тхо.
– ТIемашкахь дакъалаьцна дикка зеделларг а долуш, Оьрсийчоьнах дIакъаста луу Кавказера бахархой дукха буй цигахь? Украинерчу тIамехь дакъалаца лаам буй церан?
– 2022-чу шарахь кхузара дIа Украине Iабдулхьаьким (Рустам Ажиев) вахча, дуккхаъчарна моьттура цунна тIаьххье дIагIура бу Кавказехь а, Шемахь а тIемаш бина зеделларг долу нах аьлла. Амма ишта ца хилира. Суна хетарг: украинхойн Iедалхойх ца тешарна. Оьрсийчоьне дIавелла цхьа Тумгоев Тимур (Шейх Мансуран цIарахчу батальонан декъашхо, Оьрсийчохь 19 шо тоьхна цунна. – Редакцин билгалдаккхар.) а тоьар вара.
Дуккхаъчарна дагахь ву, Украино дIавелла Алхас, Беларусе хьажийра иза, массо а кхеташ вара, оьрсийн къайлахчу сервисаша иза цигара дIавуьгур вуйла. 2014-чу шарера схьа дуьйна Украинехь тIемаш бечу тхан вежарийн кехаташца йолу проблема а йац хIинца а йерзийна. Оцу доллучо а тешам бойу тхуна а, Украинан Iедалхошна а йукъара. Цундела дукха ца оьху цига тIемаш бан.
КХИН А ХЬАЖА: Украинехь Ичкери йаккхар: нохчийн тобанан буьйранчаца Ажиев Рустамаца интервью
– Даймахкал арахьа бехачу кавказхошна ассимиляцин кхерам лаьттий? ТIом бирзинчул тIаьхьа нохчийн кегийрхой цIа боьрзур буй?
– Иштта кхерам а болуш бу. Амма оцу кхераман барам кеп-кепара бу къаьстинчу пачхьалкхашкахь. Тоххаралерачу мухIажарийн тIаьхьенан зеделлачо тоьшалла до цунна: Туркойчохь, Урдунехь нохчийн а, чергазийн а аьтто хилла шайн мотт ларбан, шайн къоман кхетам латтон. Европех дерг аьлча, цигара хьал кхин а чолхе ду. Тхо цхьаъ хила деза, тхешан школаш йохкуш, мотт Iамош, и бух бу тIейогIу тIаьхьенаша, Кавказал а арахьа биса луучара шайн идентификалла Iалашйийриг хиларан.
– Муьлхачу кепехь го хьуна Кавказан халкъийн кхане?
Iазапашна, сийсазаллина, зударшна тIехь ницкъбар гечдар – и хир доцург ду аьлла хета суна
– Къилбаседа Кавказан къаьмнаш цхьаьна кхетар, Ламанан республикин кеп – бухех дерг дийцича, стенна тIехь кхуллур йу аьлча. Суна гуш ду, тIаьххьара йист йоккхург тхан исламан дин хир ду. Тахана демократих лаьцна тхох дуьйцуш верг а цхьаьна кхета цунах. Советан заманахь шарIехь кхел йеш хилла къаноша. Пачхьалкх а йацара, механизм а йацара, и товш боцу сацам кхочушбайта, амма и дерриг а тIеоьцура, кхочушдора. Цундела кавказхойн пачхьалкхан хиндерг Исламца дузу аса.
– Нагахь санна Нохчийчоь маьрша а йаьлла, хьо цIа водахь, уггар а хала хьайна хIун хир ду аьлла хета хьуна?
– Аса дукха ойланаш йо оцу тIехула. Нохчийчохь хьалхара тIом бирзинчу хенахь тхан лидерша а, къаноша а элира: бекхам бийр бац, йахначу хенахь и Iад а дитина, кхин дIа даха деза вай. ТIаьхьа кхийтира тхо, гIалат дара иза. Тхайна дуьхьал тIом бан арабевлла нохчий хIаллак ца бан, оха муьлххачу таронех пайдаийцира, амма цара и ца дира. Тхан эскархой летаршкахь балар а гечдойла йу, тIом ма бу хIара. Амма къизаллаш, Iазапаш, сийсазалла, зударшна тIехь ницкъбар – суна хетарехь, цунна гечдойла йац. Уггар а халаниг хир ду – и дерриг а лелийначаьрца нийсонца кхел йар. Тхан дин ду, динехь лелар ду-кх.
- 2022-чу шеран мангал-беттан 20-чохь Украинан Лакхарчу радехь депутатийн тоба гучуйелира "Маьршачу Кавказехьа" аьлла. Йуьхьанца цуьнан декъехь вара урхаллин а, иштта оппозицин а партийн итт депутат.
- Украинхойн агIора тIемаш беш йу Дудаев Джохаран цIарах батальон (командир Осмаев Адам), ВСУ-н декъера "Акха арданг", иштта Шейх Мансуран цIарах батальон (ЧIебарлойн Муслим). Хьалхо Кадыровс миллион долларшкахь ахча лур ду ша элира, оцу батальонийн лидерш болу меттиг шена йийцинчунна.
- Йозуш йоцчу Ичкерин агIончаша джихIад кхайкхийра Нохчийчоьнан куьйгалхочунна а, цуьнан рожана а. Ичкерин хиллачу президентан Масхадов Анзоран кIанта а, Шейх Мансуран цIарахчу батальонан спикеро Белокиев Ислама а дIахьедира, махкахь къайлах дуьхьало йан гIаттамхой бу шаьш кечбеш аьлла. Цара бахарехь, кечамбаран Iалашо йу – "деоккупаци а, къобалйазчу Ичкерин маршо а".