Нохчийн национализман тулгIе гIаттор? Кадыров а, ненан мотт а

Кадыров Рамзан

Кадыров Рамзана чIагIо йина "шен команди йукъара дIабаха" хьаькамаш, ненан мотт церан берашна хууш бацахь. Иштта дIахьедира цо лахьан-беттан йуьххьехь. Кавказ.Реалиин сайто къастийра, муха пайдаоьцу Нохчийчоьнан урхалхочо маттах шен политикан Iалашонехь, мел дика хаьа цунна шен ненан мотт.

Политикан карьера Кадыров Рамзана йолочу заманчохь ша ненан мотт, культура, гIиллакхаш, ламасташ лардо ша, меттигерчу бахархойн таро йо шайн лаамаллехь хила бохуш, ша дIагайта хьийзара иза, сурт а хIиттош. Оцу йукъанна, Дуьненайукъарчу кризисан тобанан аналитикаша 2015-чу шарахь тидамбарца, национализман а, традиционализман а гIоьнца, Кремлан гIорторах пайда а оьцуш, Нохчийчоь йозуш йоцу, шен идеологи, динан политика, ницкъаллин структураш, экономика, бакъонан раж йолуш пачхьалкх йан гIерта Кадыров.

Халкъан нохчийн мотт къегина бу, Кадыровн къамелехь бац иза

"Исламизаци нохчийн национализмаца хийцар Кадыровс Кремльна хьехар уггар а коьртачу мIаьргонех дара. Доккхачу декъанна аьлча, цуьнан аьтто баьлла и дан. ХIинца, хетарехь, цуьнгахь цхьа чолхе хьал хIоьттина, иза йуха а нохчийн национализман тулгIе гIаттон хьийза, нохчийн мотт хаар коьрта ду а бохуш", - кхетадо политолого Преображенский Ивана.

Мотт, культура Iалашйар – нохчашна коьрта ду, Кадыров гуттар а кIелхьаравуьйлуш хила веза шина полюсна йукъахь, боху Прагера Карловн университетан политологин факультетан профессоро Аслан Эмиля.

"Цхьа полюс – "федералалла", и бохург хIун ду, республикехь нохчийн мотт мотт оьшуш хилар. ШолгIа полюс – нохчийн мотт, иза ларбар. Ткъа хIинца цхьана Iалашонца Кадыровс сацамбина шолгIачу полюсна тIетовжа. Цунах цунна новкъарло хир йац бутт баьлча, йа шо даьлча кхин бIостанечу дIахьедарца вистхила", - билгалдоккху къамелдечо.

Кадыровн къамел

Стохка гурахь Кадыров Рамзана кхеташо дIайаьхьира нохчийн мотт ларбарехула а, баржорехула а долчу хеттаршкахула, цо дIакхайкхийра, мотт лечу меттанашлахь бу аьлла. "Тайнигийн спектаклаш хIиттон йеза нохчийн маттахь, мультфильмаш йаха деза… Доьзалашкахь а иштта къамел деш, коьрта мотт ненаниг хила беза", - дIахьедира хIетахь республикин куьйгалхочо.

Мел дика буьйцу Кадыровс ша ненан мотт бохучух лаьцна шина кепара ду хетарг, билгалдаьккхира "Нохчийчоь. КхоалгIа шо" книги тIехь (2009-чу шарахь йазйина йу – Редакцин билгалдаккхар) америкахойн, францхойн йаздархочо, журналисто Литтелл Джонатана.

"Кадыровс буьйцу нохчийн мотт кIорггерачу, къекъачу озаца бу, къаьсттина куьйгаш дIаса а лестош[...] Суна хуур дац цуьнан ненан маттах лаьцна ала; соьга дийцарехь, нохчийн йаздархочо Садулаев Германа литературин, къаьсташ буьйцу боху цо мотт, бакъду, кхечара чIагIдо, мелхо а цуьнан нохчийн мотт ледара бу, оьрсийниг а санна бохуш. (Цхьана накъоста аьлларг дуьйцу аса) "беркъа хилла а ца Iа, шога гIалатех буьзна бу легарехь, тайпашкахь буьйцучу хенахь", и тIечIагIдойла йу сан а", - йаздина Литтела.

Кадыровн дешнийн шорто йац, стилистикехь йогIуш йоцу эпитеташ а, дустарш а леладо цо

Лингвист, Европехь куп тоьхначу нохчийн "Цхьааллин ницкъ" политикан организацин куьйгалхо Сулейманов Джамбулат шолгIачунна тIетов Кадыров Рамзана меттан мах хадочу заманчохь.

"Халкъан маттахь къамел до Кадыровс ала гIоьртина хиллий-те Садулаев? Амма тIаккха а цуьнца реза хуьлийла дац. Халкъан нохчийн мотт къегина, дуккха а кIоргера шен маьIнехь аларш, дерзораш, метафорш йолуш мотт бу, и мотт Кадыровн бац", - боху Сулеймановс.

Нохчийн меттан а, культурин а таллархо а тIетов Сулеймановна, шен цIе йаккхийта ца лиира цунна.

"Дуккхаъчарна моьтту, Кадыровс оьрсийн мотт ледара буьйцуш хилча, тIехдика бацахь а, тоаме нохчийн мотт бу цуьнан аьлла. Ма-дарра аьлча, и бакъ дац. Цуьнан нохчийн мотт шога, оьгIазе, чакхе дIа а кхоллуш бу. Дешнийн беркъалла йу цуьнан къамелехь, стилистикехь йогIуш йоцу эпитеташ, дустарш далош нисло цо, дукха хьолахь мимикица аьлла, йа экспрессихь аьлла. Къамелехь маттах тийсаделла "паразит"- дешнаш ца дийцича а, масала, цо олу "дуй хьуна". Оцу дешнаша цуьнан къамел маьттаза доккху, лергашна хааза томехь ца хуьлуьйту", - билгалдоккху къамелдечо.

Йарташкахь буьйцучу нохчийн меттан шорто, хазалла, аьхналла цуьнан къамелехь цахилар а бакъ до цо, Сулейманов Джамбулата а ма-аллара.

Меттийн баланс

2017-чу шарахь Кадыров Рамзана дIахьедира, республикехь ши мотт бу коьрта – оьрсийн а, нохчийн а, билгалдаьккхира иштта, оьрсийн мотт Iамор – регионера бахархойн шен-шен бакъо йу, амма нохчийн мотт хаар – декхар ду аьлла. Оцу йукъанна республикехь цкъа а хилла а йац, йа йан а йац доллу дешар ненан маттахь дIахьош школа.

"Дукха хьолахь дай-наной дуьхьал хуьлу. Бераш кийча дац цуьнга дерза. Жим-жима гIулчаш йохуш дан дезаш хIума ду и", - элира Кавказ.Реалиига регионера дешаран министраллехь.

2018-чу шарахь йоккха резонанс гIаьттира Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думо ненан меттанаш Iаморах низам тIеэцаро. Къилбаседа Кавказера дукхахболчу жигархоша а, регионийн лидерша а хIетахь диллина дIахьедора, депутатийн сацамна шаьш реза цахилар. Ненан меттанаш Iамор тIедожийна дац аьллачу скандале низамах лаьцна шена хетарг ца олуш сецира Кадыров Рамзан.

Кадыровс билгалдоккху, федералан органашца дуьххьал дIа къамел дан мегар дац, шена тIехбуьйлуш

"Гуш ду, ненан мотт Iамо луучунна, и безачунна цхьана а кепара дуьхьалонаш йац йеш", - кхетийра политико, "низам бехке деш, маттаца, халкъаца уьйраш хадон лууш велахь, и цуьнан харжам бу, амма низам кхузахь бехке дац" аьлла, тIе а тухуш.

2019-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь коьртачу низамийн Гулар а, нохчийн меттан орфографин бакъонаш а тIеийцира, ткъа кху шеран бIаьста дуьйна Нохчийчуьра школашкахь дешар дIахьош ду "керлачу тIаьхьенан, орфографин бакъонаш хийцинчу" жайнаш тIехь. Оцу йукъанна республикера школашкахь нохчийн моттт Iамо йелла хан кIиарнчохь пхи сахьт ду, ши сахьт нохчийн литературина дIаделла, - цунах лаьцна къайлах дийцира регионера дешаран системин белхахочо.

Республикехь доллу дешар нохчийн маттахь дIахьош школаш йуй, йа схьайелла дагахь а дуй шу аьллачу хаттарна Нохчийчуьра дешаран министраллера официалехь комментарий эца аьтто ца хилира Кавказ.Реалиин корреспондентан.

Политикан бахьанаш

Нохчийн мотт ларбан безарх Кадыровн керла дIахьедарш доьзна хила тарло, "лакхарчийн тIедожорца Кремло урхалла дечу суверенитете" кечлуш хиларца мехкан урхалхо, аьлла хета Сулейманов Джамбулатна.

Цо бохучунна тIе ца тов политолог Преображенский Иван. Церан берашна ненан мотт ца хаахь, шен "командера дIабохур бу" хьаькамаш аьлла, Кадыровн кхерам тасарх кхетийра цо, федералан центраца йолу йукъаметтигийн мах йуха узучу хьолехь ву политик, Москвана ориентаци йеш болчу республикера хьаькамаша эргIад оьхуьйту иза.

"Кадыров Рамзан цомгаш ву, йа велла бохуш, хабарш даьржинчу хенахь, нохчийн куьйгаллера, йа Оьрсийчуьра нохчийн диаспорера гоьбевллачу векалшца жигара къамелаш дора Москвахь. Цундела нохчийн мотт Кадыровна бахьана ду, цхьа метафора йу, цуьнгахула цо билгалдоккху шен куьйгакIел болчарна, шена тIех а буьйлуш, федералан Iедалхошца къамеле бийла мегар дац аьлла", - бохура Преображенскийс.

КХИН А ХЬАЖА: "Когаметтаниг хоржуш маьрша хилар": стенца доьзна ду Кадыровн клан чIагIйар

Федералан куьйгакIелара йаьлла Нохчийчоь де-факто, кхин дIа дуьйцура къамелдечо, регионан куьйгалхочунна дIайелла доза доцу а, цунна цхьанна бен республикехь магийна йоцу а бакъонаш. Тоххара Кадыров, шен потенциале мостагIий хIаллакбеш хиллехь а, хIинца кхин гIуллакх ду цо долийна – институциалан бух кхуллуш ву иза шен когаметтаниг ша харжархьама.

"15 шо долчу кIантана [Адамна] дуккха а орденаш йаларо а, республикера Iедалхошлахь 18 шо кхаьчначу воIана [Ахьмадна] керла дарж даларо а моттуьйту, Нохчийчоьнан куьйгалхо Оьрсийчоьнан низамашкахь хийцамаш байта хьийза, шен цхьадолчу берана, йа уллора гергарчунна, шена цхьаъ хилахь, республикин куьйгалла дан бакъо хилийта, цуьнан шерашка а ца хьоьжуш", - кхетадо Преображенскийс.

Цунна хетарехь, Нохчийчоьнан куьйгалле стаг хIоттон бакъо Кремлера схьайаккха гIерташ Кадыров Рамзана хIуъа а леладо, хуьлийла и хьаькамийн берашна ненан мотт хаар, йа шен кIант "исламан турпалхо" ву аьлла дIакхайкхор.

  • Шо доладелчхьана Кадыров Рамзана шен гергара мел кIезиг а итт стаг республикехь пачхьалкхан даржашка хIоттийна, лакхара дарж кхаьчна цуьнан 15 шо долчу кIантана Адамна а. Оцу йукъанна мехкан урхалхочун могушалла эшна йогIу бохуш, хаамаш баьржинчу заманчохь КадыровгIеран доьзалхошна совгIаташ до, иштта федералан тIегIанехь а цхьаьна. Кавказ.Реалиин редакцино къастийра, стенца доьзна ду Нохчийчохь керла совгIаташ декъар а, даржашка хIиттор а.
  • Оьрсийчоьнан Iилманан министро Кравцов Сергейс Нохчийчу а веана, республикан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанаца йийцаре йира керла хийцамаш бина йолу историн книга. Хьалхо оцу жайни тIехь йаздинера, Къилбаседа Кавказера репрессеш лайначу кхаьмнаша а, ГIирман гIезалоша а Гитлеран Германин оккупацин эскархошца йукъаметтигаш лелийна бохуш.
  • Кадыровн имиджана "сийлахь КъорIан Iалашдийриг", "исламан турпалхо", "Мохьмадда Пайхамаран суннаташ лардийриг" ву бохуш, шуьйра пропаганда йина Нохчийчохь. Мехкан куьйгалхо бахьана долуш, меттигерчу пачхьалкхан зорбанан гIирсаша чIагIдарехь, Кремль Iарбойн дуьненца "йузу зIе" хилла Соьлжа-ГIалех. Оцу йукъанна тIаьххьарчу заманчохь Кадыров волавелла Iарбойн мехкийн лидершна критика йан.
  • 2017-чу шарахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министралло "Магнитскийн тептаре" ваьккхира Нохчийчоьнан куьйгалхо. Республикехь кхел йоцуш нах байарх, ницкъбар, кхиндолу адамийн бакъонаш хьешарх а жоьпалла цунна тIехь дитира. 2022-чу шеран товбеца-баттахь Американ Пачхьалкхан департаменто керла санкцеш йехира Кадыровна дуьхьал – йуха а адамийн бакъонаш Iалаш ца йарна.