30 стаг ву Истамбулехь террорхойн лелхийтарш диначаьрца зIенехь хиларна я цу лелхийтаршна декъа хиларна шеконашца лаьцнарг. Иштта дIахьедар дина Туркойн президенто ЭрдогIан Реджепа шинара Iуьйранна Истамбулерчу маьждигехь мархин Рамзане бутт чекхбаларна леринчу Iийданахь.
Цо цул совнаха тIечIагIдина, 45 стаг а вуьйш, 200 сов лаза а веш и зулам динарш мацах Советан пачхьалкхенна юккъехь хиллачу республикашкара а, Къилбаседа Кавказера а орамаш долуш хилар.
„Халахеташ делахь а, цу терактан декъа хилла Къилбаседа Кавказера вайн лулахой“, - иштта дахкадо туркойн уггаре а доккхачех Хурриет газетано Эрдоганан дешнаш. Иштта Туркойчоьнан президенто тIечIагIдинера, кеманийн портана тIелатар кечдинарг а, иза дайтинарг а ша шех Исламан пачхьалкхе олу ДаIиш тоба хилар.
Билгалдаккха догIу, Эрдоган Реджепа шен къамелехь цхьанна а дашца терактана декъа я цунна тIехьа лаьтташ нохчийн къомах нах хилар ца хьахор, хаамийн гIирсашкахь Истамбулерчу кеманийн портана тIелатар хилча дийна дуьйна схьа цу Iожалхойх цхьаъ нохчо а хилла, ткъа цу доллучу талорна тIехьа лаьтташ верг Чатаев Ахьмад а ву бохуш чIагIдеш делахь а.
Шинари дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен инстаграммерчу агIонехула кхайкхам бина Туркойчоьнан президенте, туркойн махкахь бехаш болу нохчийн къомах болу тIемалой схьалуш гIо дахьара, аьлла. Хьахийра цо шен хаамехь Чатаев Ахьмад а. „13 шарахь Чатаевца гIуллакх догIуш яра Белгин, Швецин, Болгарин, Украинин, Гуьржийчоьнан, Туркойчоьнан къайлаха сервисаш. Массанхьа а баьццара серло яра цунна луш.
Оьрсийчуьра дIавоьдуш иза могIарера тIемло вара. Ткъа цунах террорхо вина Австрехьий, Гуьржийчоьхьий, Туркойчоьхьий“, - аьлла яздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо. „Суна хазахета, Туркойчоьнан, Оьрсийчоьнан юкъаметтигаш толуш йолуш.
Ас кхин цкъа а дехар до Туркойчоьнан президенте Эрдоган ТIайипе, террорхой схьабала сацам тIеэцаре“, - иштта яздо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Цу хаамехь хьахийна волу а, кху деношкахь хаамийн гIирсашкахь Истамбулерчу теракташна тIехьа лаьттарг ву бохуш а вуьйцуш волу Чатаев Ахьмад, хууш ма-хиллара, Австрехь политикан тховкIело а йолуш ваьхна ву.
Хила там буй-те Туркойчоьне бинарг санна кхайкхам Австрин куьйгалле а, я йоллучу Евробертан куьйгалле а бан, цхьанна а къайле а йоцуш цигахь бехаш болу цхьана хенахь Нохчийчуьрчу тIемашкахь дакъалийцина болу тIемлой схьало, аьлла хаьттира Маршо радионе ша а тIамехь дакъалоцуш хиллачу Исханов Хьусейне, карарчу хенахь Европехь вехачу. Цо дийцира, Оьрсийчоьно и нах схьабехар цкъа а сацийна а дац, юкъараллина иза башха гуш дацахь а, аьлла.
Исханов Хьусейн: „Даима а цара и нах схьаобоьхуш лаьтташ ма дуй хIара хIума. Цкъа а севца а ма бац уьш тIемлой схьабоьхучара. ХIинца дукха хан йоцуш юха Ахмадов Ильяс дIавоьхуш бара уьш, Ичкерин арахьарчу гIуллакхийн министр хилла волу. ХIинца Чатаев вуьйцучохь а Ильяс гойтуш бара уьш.
Кхузахь болчарна кхин тIаьхьло хир ю аьлла ца хета суна, хIунда аьлча кху Европера Iедалша шаьш цхьаъ лацале я дIавалале хьовса, и стаг мила ву, цо хIун лелийна я иза хIун лелош ву“.
Цу юкъана, Туркойчоьнан Iедалхой кхин дIа а Истамбулехь тIелатарш дарна декъахилларш лоьхуш а, луьйцуш а бу. ХIинцалца схьа лаьцнарг 30 стаг ву. Царах 11стаг Оьрсийчуьра орамаш долуш ву, кхин дIа берш туркой бу. Цул совнаха, мукъаденошкахь Истамбулерчу кеманийн портехь кхин 2 Киргизин вахархо лаьцна, харцахь паспорташ а, тIеман духарш а, кхин болу тIемалойн гIирсаш а болуш шайца.