Туркойчуьрчу официалан хаамашца шинарийн буса Истамбулерчу Ататюрк аэропортехь динчу эккхийтаршкахь 41 вийнарг, кеп-кепара чевнаш йинарш 239 стаг ву. «Исламан пачхьалкх» шайх олучу тобано дина аьлла хетачу терактехь байинчарех 10 кхечу мехкашкара бахархой бу, ткъа цу иттанах шиъ шина пачхьалкхехь ваха бакъо йолуш хилла.
«Цхьа а дин а я кийрахь дог а доцучу зуламхоша дина тIелатар бахьанехь дуьненан юкъаралло марсабаккха беза террор эшорехь къийсам» аьлла, вистхилла Туркойчоьнан президент ЭрдохIан Тайип. Истанбулан губернаторан офисо бинчу хаамашца, лазийначарех 109 стаг дарбанан цIийнера арабовлийтина цIа бахийтина. Байинчарлахь бу Китайра, Урдунера, Тунисера, Узбекистанера, ГIажарийчуьра, Украинера бахархой.
Кху шарахь Туркойчохь мел динчу зуламашлахь уггар Iожалле лору шинарийн буса Истанбулехь дина лелхийтраш. Масех сахьтехь къевлина латтийначу Ататюрк аэропорто кху муьрехь болх буьззинчу барамехь дIаболийна.