Украинера тIом бахьанехь Нохчийчуьра бахархой Оьрсийчуьра дIаихар соцуш дац. Царах дуккха а нах Европе кхача гIерта Босни-Герцеговинехула транзитаца – оцу пачхьалкхо Оьрсийчоьнан бахархошкара виза ца йоьху, туристаш санна 30 дийнал кIезга йолчу ханна уьш пачхьалкхе богIуш балахь. Нохчийн мухIажарийн Iалашонаш атта йара: Босни-Герцоговине кхаьчна, цигара Хорвати кхача, 2023-чу шеран 1-хь и пачхьалкх Шенгенан дозанна йукъа йахале, тIаккха цигара кхин дIа баха. Амма и некъ чекхбаккха аьтто ца хилла массеран а, гурахь проблемаш йуьйлайелира.
Лахьан-беттан йуьххьехь иттанаш нохчий Хорватехь дIалецарх лаьцна хиира. "Европерчу нохчийн ассамблейн" хаамашца, цхьаболчу мухIажаршна тIехь ницкъбина хиллера, кхерамаш туьйсуш, сийсаза къамелаш дина хиллера, иштта миграцин белхахоша шайна дуьхьал озабезамаш лелорах, лоьрийн гIо ца кхачорах лаьцна латкъамаш бина хиллера цара. ТIаьхьо цхьа хьенехан экстремистийн боламашца боьзна бу аьлла шеконашца экстрадицин кхелаш йуьйлайелира Хорватехь цхьаболчу нохчашна дуьхьал. Нохчийчуьра мухIажарш Австрехь дIалецарх лаьцна а дуьйцура.
Нохчийн ницкъахойх вада хьалха хала хиллехь, хIинца муххале а ду
Босни-Герцоговинехь гIуран-баттахь транзитан хьалхарчу тIегIанехь а цхьана дуьхьалонаш йан долийра шайн пачхьалкхе бахка. Делахь а, бIеннашкахь нах бу хIинца а оцу пачхьалкхехь буьссуш, тIаьхьо Евробертахь низамехь баха дагахь. МухIажарийн центрашкахь латтош болчу, официалан барамаш ца лоруш, шаьш доза хадо луучу нехан терахь дац оцу йукъадогIуш.
2022-чу шеран чакхенехь Хорватин доза хадо гIоьртинчу цхьаволчу нохчочо Кавказ.Реалиин сайте дийцина ма-хиллара, шаьш лелочух вовшашка дийцархьама мессенджерехь чат кхоьллина. Цигахь цара дуьйцу, муьлхачу меттехь атта ду доза хадо. Дехьабовла аьтто хилла болу нохчий доккхачу декъанна Австре, йа Германе боьлху – пачхьалкх харжар доьзна хуьлу цигахь бехаш гергарнаш, бевза нах хиларца.
"Европерчу нохчийн ассамблейн" бакъонан къерамазаллин декъан куьйгалхочо Дадуев Iийсас мах хадорца, Оьрсийчохь мобилизаци йолийначул тIаьхьа, Босни-Герцоговинехула Европан пачхьалкхашка кхача гIоьтира цхьа эзар гергга нохчийн мухIажарш – йуккъерчу барамехь дийнахь 10 гергга стаг дехьавала гIерта дозанехула.
2023-чу шарахь дечкен-баттахь Нохчийчуьрчу мухIажарийн керла проблемаш хилар гучуделира. Царах шимма Хорватин полисхоша шайна ницкъбарх лаьцна дийцира, шайн хьашташ кхочушдайта аьлла дехар дича. Кхин а цхьа нохчо Автрера Хорвате йухаверзийра, цунна а, цуьнан доьзална а политикан тховкIело йала дуьхьал хилча.
Европерчу нохчийн мухIажарийн проблемаш тIехула Венехь митинг хIоттийра. Дечкен-баттахь диаспоран векалша гулйира и. Австрерчу Ичкерин векал йолчу Дунаева Розас Кавказ.Реалиин сайте хIетахь дицина ма-хиллара, Балканан пачхьалкхашкахь мухIажарийн бакъонаш хьешар хьалха а лелаш дара, амма хIинца вуно чIогIа даьржина и гIуллакх.
"[Украинерчу тIамна тIехула Оьрсийчоьно йолийначу] мобилизацих бевдда мухIажарш бу буьйцурш. Царна дуьхьалонаш йо, [царна] йетта… Амма царна депортаци йича хила зен дац бохуш Москвано дуьйцучух теша [уьш кхача гIертачу пачхьалкхийн Iедалхой]. Уьш аьшпаш бу", – чIагIдо Дунаевас.
Your browser doesn’t support HTML5
Оьрсийн бакъоларйархочунна Черкасов Александрана хетарехь, Европе кхача луучу нохчийн миграцин Iовраш кхиар доьзна ду Украинерчу тIамна тIехула йолийначу Путинан мобилизацица. Къамелдечо бахарехь, хIинццалц гIолехьа дахар лоьхуш Нохчийчуьра бахархой Оьрсийчоьнан кхечу регионашка дIабоьлхуш хиллехь, амма хIинца и кхачам боллуш дац шайн кхерамазалла ларйархьама.
"Соьлжа-ГIалахь петаршкахула эскархой, полисхой лела. ТIаьххьарчу хенахь дуккха а хьехийна йолу шолгIа мобилизацин тулгIе йолчух тера ду и. Оцу кепарчу хаамех къайлавала атта дац кхечу оьрсийн регионе дIавахарца", – аьлла Черкасовс. Цунна хетарехь, керлачу хьоло "цхьана баттана хийцина а Iаш, йеххачу ханна" хийцина Къилбаседа Кавказера миграцин Iовраш.
Бакъоларйархочунна хетарехь, Европерчу миграцин сервисашна ца кхета Нохчийчуьрчу мухIажаршкахь церан даймахкахь а, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь а лаьттачу баккъала болчу кхерамах.
"Нохчийчоьнан куьйгалла йерриг Оьрсийчухула [республикан бахархошна] тIаьхьдаьлла лелаш хиларх Европерчу Iедална кхето гIерта тхо гуттара а... Нохчийн ницкъахойх вада хьалха хала хиллехь, хIинца муххале а ду. Башхалла йац, хьо Саратован махка кхаьчнехь, йа Камчатке, хIунда аьлча, хьо вехачу меттигехь регистраци йеш йолу система массанхьа цхьаъ йу, оцу базина тIекхочийла ду ницкъахойн йерриг пачхьалкхехула", – аьлла Черкасовс.
КХИН А ХЬАЖА: Мобилизацих уьдурш? Хорватин дозанехь бисина Нохчийчуьра бахархой- Босни-Герцеговинера Оьрсийчоьнан векалтехь дIахьедина, Нохчийчуьрчу, ГIалгIайчуьрчу а мигрантийн проблемаш йац аьлла. Пачхьалкхе а кхаьчна, тIаккха Хорватехь тховкIело йеха дагахь бу и нах, Украинерчу тIамехь дакъалацийта йолийначу мобилизацица доьзна ду и дерриг.
- Нохчийчохь Iедало Iаткъам бинчу бакъоларйаран "Вайфонд" ассоциацин белхахочунна тховкIело йала дуьхьало йина шведахойн миграцин хьукмато. Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь маьршша Iойла ду оцу стеган, урхаллина хетарехь.
- Гурахь Оьрсийчуьра а, Украинера а, Советан Iедал доьхча, дIасайевллачу а, Европан а пачхьалкхаша Интерполе кхайкхам бира, политикан буха тIехь Оьрсийчуьра а, кхечу мехкашкара а нахана тIаьхьабийла гIо дечу политикех дIахада аьлла. Дуьйцург дара Интерполон системехула Москван дехарца нах лехар.