Your browser doesn’t support HTML5
ТIаьхьарчу шина шарахь стигалкъекъа беттан иссолгIачохь Европин агIор новкъабуьйлу Оьрсийчуьрчу „Буьйсанан берзалой“ мотоцикалшхахкархойн клубера жигархой, Толаман Дийнахь Берлинерчу Оьрсийн салтичунна хIолламна хьалха акци дIаяхьархьама.
Иштта кху шарахь а. Мел кIезиг а, 50 байкерах лаьттачу тобанца „Толаман некъашца – Берлине“ цIе тиллинчу мотоцикалш хахкарца Беларуссехула Полшин доза а хадийна, йоллучу Европех чекх а довлуш, Германин коьртачу шахьаре кхача дагахь ду шаьш аьлла дIакхайкхинера шех Хирург олучу Залдостанов Александро куьйгалла дечу боламан декъашхоша охан баттахь.
„Иза ШозлагIчу дуьненан тIамехь эгначу турпалхойн сийна еш ю марш ю иза, вайн дайша а, дедайша машар хIотторхьама Iенийна хилла цIий вайна диц ца далийта, Оьрсийчоьнан а, Европин а хиндолчуьн дуьхьа белларш дага а лоцуш“, - элира Залдостановс шайн рогIерчу мотоцикалш хахкарх лаьцна оьрсийн телевизионехь дуьйцуш.
Амма кху шарахь а, даханчу шерашкахь санна, Беларуссин, Полшин дозанехь совцинера Кремлан муьтIахьчу байкерийн „Буьйсанан берзалой“ клубан декъашхой.
Доккхачу декъехь цигахь, цу Беларуссехула Европин дозанна тIе бовлуш болу уьш дозанан хьукматхоша цкъа хьалха кхечу некъахойн дIа а къастийна, йистах баьхнера, церан кехаташ а, цаьргара кир а, мотоцикалш а кIирбелла таллархьама.
КIиран сарахь Нохчийчуьра некъахой бахкош Австре вогIуш волу Арсамаков Ихван а нисвеллера Беларуссин, Полшин дозанехь байкершна дозан хьукматхоша талламаш бечу хенахь. Цо дуьйцу, и тIорсаган духарш доьхна болу жигархой бахьана долуш дозанехь вуно эха рагI хIоьттина, ялх сохьтехь латта дийзира шайн, бохуш.
Арсамаков Ихван: „Еха рагI яра цигахь кхоллаелла. И байкерш йистах баьхна, штраф тухучийн зонехь латтош бара полшхоша. Вуно дарбелла дозалардархой а бара.
Цхьаммо бахара соьга, хIун ду цигахь аьлла ас хаьттича, 70 шо хьалха хилла болу тIом карлабаккха хIорш стенна оьхуш бу кхуза, хIорш шаьш ма бу массанхьа а тIемаш беш, Шемахь а, кхечанхьа а бомбеш етташ тахана а нах бойуш, аьлла. Ца деза иза нахана, цара и хIумнаш лелор“.
Цу юкъана гучудаьлла, „Буьйсанан берзалой“ декъашхой Полшерчу дозалардархоша шайн лаьтта тIе ца бовлийтина, уьш экстремисташ хиларна шеконаш а кхоллаяларна, аьлла.
„Оьрсийн мотоцикалхойн тоба Полшин дозанна тIе ца ялийтина, экстермистхойн цхьаьнакхетараллин декъа уьш хиларх шеконца“, - аьллера цу тобан векал волчу Строгов Евгенийс ТАСС агенталле. Цо дийцарехь, дозанна йистехь байкерш совцор бахьана долуш цига баха шинари Iуьйранна новкъа бевр бу „Буьйсанан берзалойн“ Македонерчу филиалан ткъех декъашхой.
Ала догIу, даханчу шарахь а иштта Полшхоша шайн дозанна тIе ца бовлийтира Кремлан гергарчу байкерийн клубан декъашхойн доккхах долу дакъа. Ткъа царех дехьабовла кадаьлларш Чехехь а, Австрехь а, Германехь а некъашца дIахIиттинчу украинхойх а, нохчех а, меттигерчу къаьмнийн векалех а лаьттачу тобанаша „Яхийта шайн цIа, оккупанташ!“, „Чамда, вокзал, Оьрсийчоь!“, „ГIирмина -маршо!“ бохучу лозунгашца тIеийцира. Цара пикетца масех меттехь дIакъевлира хIетахь байкершна некъ.
Your browser doesn’t support HTML5
Дипломатийн скандалца доьзна дара байкерш лурчаха, 2015-чу шарахь, Берлине кхача гIортар а. Чехино а, Германино а дIахьедарш дира хIетахь, шаьш шайн махка и нах чу буьтур бац, церан куьйгалхочо ГIирмина аннекси яр къобал дарна а, и цхьаьнакхетаралла Украинин Малхбалерчу сепаратисташка гIодоккхуш хиларна а аьлла. Цунна дуьхьал Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло протестан нота хьажийра цу шина пачхьалкхан урхаллашка.
Хьахон догIу иштта, охан беттан 27-чохь Москохара новкъабевллачу байкерийн маршрут Смоленск, Минск, Брест, Варшава, Братислава, Дрезден гIаланашкахула чекх а яьлла, Берлинехь Трептов-Паркерчу Оьрсийн Салтичунна хIолламна хьалха гулбаларца ерзаян лерина ю.