Путина вейтина Яндарбиев, Нохчийчохь хIаллакбинчийн гергарчарна компенсацеш хIиттийна. КIираран жамIаш

Яндарбиев Зеламха а, Путин Владимир а. Коллаж

Журавель Никитина дина керла таIзар, Нохчийчохь байинчу нахах йелла компенсацеш, Американ талламхойн Яндарбиев Зеламха верах лаьцна хаамаш - цунах а, и доцчух а лаьцна дуьйцур ду шуна Маршо Радион 91-чу подкастехь.

Шайна атта доллучохь ладогIа подкасте:

Your browser doesn’t support HTML5

Путинан омраца Яндарбиев вийна хилар гучудаьлла | МАРШОНАН ПОДКАСТ #91

Журавельна 13,5 шо тоьхна

Политикан тутмакхна Журавель Никитина 13 шой ахшой тоьхна набахтехь даккха Волгоградан кIоштан кхело, пачхьалкхана йамартло йина цо аьлла. Хьалхо кхо шой ахшой кхайкхийра цунна КъорIан дагорна, цунна дуьхьал керла гIуллакх долорах хиира гIадужу-беттан йуьххьехь. Йаккхаза йисина хан лерича, кхелан сацамца а догIуш, колонихь кхин а 14 шо даккха дезаш ву иза.

Официалан версица а догIуш, гIуллакх айдан бахьана делира, жимчу стага Украинан кхерамзаллин сервисца йукъахь болхбан резахиларх. Стохка зазадокху-баттахь царна видеош йахьийтина хилла цо боху, цхьана эскархойн декъера тIеман кеманаш дIахьош йоьдучу машенан маршрут гойтуш. Оцу тIехула, цунна колонихь даккха тоьхна 13 шой ахшой доцург, набахтера араваьллачул тIаьхьа кхин а цхьана шарна цуьнан дIасалеларна дозанаш тоьхна.

Цунна таIзар кхайкхош шиъ кхеташо дIайахьа бен ца ийшира; хьалхарниг хIоттийнера лахьан-беттан 14-чохь, ткъа шолгIаниг йоьдуш кхелан сацам бовзийтира.

КХИН А ХЬАЖА: "Схема кхетаме йу – бехктакхаман гIуллакх кхолла аттаха ду": КъорIан дагорна кхел йина стаг хӀунда бехкевина йамартло йарна

И процесс дӀайаьхьира къевлинчу рожехь. Журавель бехке хиларх тоьшаллаш нахана хьалха ца гайтира. Къоръан дагорца санна, жимчу стагана кхел йира, цуо ша динчу тоьшаллийн буха тIехь, уьш а цуьнгара даьхна хила тарлора тIехь ницкъ а бина. Мухха делахь а, бехк тӀелацар тоаме дац зулам дина хилар билгалдаккха, бохура "Политикан тутмакхашна гӀортор йар" цӀе йолчу проектан бакъонашларъярхоша.

Журавель Никита вина ГӀирмехь 2004-чу шарахь, ахгӀайренан аннекси йинчул тӀаьхьа оьрсийн кадетийн школехь дешна цо, цул тӀаьхьа Волгоградерчу университетехь а. Мукъачу хенахь курьеран болх бина цо. 2023-чу шеран стигалкъекъа-баттахь иза лецира, бехкевира маьждигна хьалха КъорӀан дагош видео йаккхарна. Оьрсийчоьнан талламо дийцарехь, Журавель лелаш хилла Украинин къайлахчу сервисийн тӀедилларца. Бакъду, иза а тӀечӀагӀдина дац, КъорIан дагочу видеона иза билггал гунахь хилар а санна. Видео тIехь гуш вац и дIайазйийриг. Цкъачунна къастийна дац, хьан тIехьехна хилла жима стаг низам дохо. Цхьана версица, уьш шаьш ФСБ-н белхахой хила а тарлора.

2023-чу шеран бIаьста Журавель а, цуьнан гӀуллакх а Москван тӀедилларца, Нохчийчу дехьадаьккхира, иза Оьрсийчоьнан бехктакхаман процессан кодексан низамашна дуьхьал доллушехь. Дина боху зулам талла дезаш дара иза хиллачу меттехь, Волгоградехь. Соьлжа-ГӀаларчу СИЗО-н гIишлона хьалха Журавельна дуьхьалбевлла нах бара, меттигерчу Ӏедало вовшахтоьхначу акцин декъашхой. Цара маьхьарий деттара "мехкан кхел" йе цунна бохуш.

Your browser doesn’t support HTML5

Кадыровн кIанта йиттинчунна керла кхел кхайкхийна

Стохка аьхка лаьцначу Журавель Никитина йиттинера Нохчийчоьнан куьйгалхочун, цу хенахь 15 шо долчу кӀанта, Кадыров Адама. Кхиазхо жоьпе озочу меттана пачхьалкхан совгӀаташ а, даржаш а делира цунна. Кадыров Рамзана бохура, шен кӀанта СИЗО-хь дуьхьало йан ницкъ боцчунна йеттарца дин а, Делах теша нах а Iалашбина аьлла. Цул тӀаьхьа Журавелян гӀуллакхехь волайнарш бу аьлла, дӀакхайкхийра нохчийн 13 имам: кхелан кхеташонашкахь цара даредира, «массо а бусулбачу нехан синошна зенаш» дарх а, КъорӀан дагочу видеоно шайна бинчу Iаткъамах а. Ткъа комментарий ца йира СИЗО-хь жимчу стагана йеттарх лаьцна.

Кху шеран чиллан-беттан 27-чу дийнахь Соьлжа-ГӀаларчу кхело 3 шой ах шой хан кхайкхийра Журавельна, КъорӀан дагорца доьзна гӀуллакх бахьана долуш. Цул тӀаьхьа иза бехке хилар тӀечӀагӀдира, динан нехан синхаамаш сийсазбар, «динан цабезам» бахьана долуш харцахьа лелар аьллачу артиклашца. ХӀинца цу тӀе, шалха терахь долу таӀзар тӀетоьхна цунна, пачхьалкхана йамартло йарх лаьцначу артиклца. Бакъонашларъярхочо Черкасов Александра Журавельна керла таӀзар дар дузу ницкъаллин структураша цуьнах шайн хьашташна пайдаэца лаарца – шаьш зулам гучудаьккхина аьлла, дIахьедан Iалашонца.

"ЧIогIа ширачу бюрократин структурехь дехаш ду вай. Оьрсийчоьнан Талламан комитет – дикка ширачу бюрократин структурийн рогIера тептар ду, таIзарш, бехкаш дахкар дIакхийкхон. Кху хьолехь, стаг чохь валлош ву, тоьхна хан кхин башха дукха йац, маьршаваккха зама а герга йу, ткъа цхьаъ дIахьедан ма дезий… Тоьхна хан йоккха хиллехь а, оцу стагана дуьхьал кхин а цхьаъ гIуллакх даккхар – цул атта хIума дац, арара кхиниг лаца а лаьцна, и чу волла хьийзочул а. Кхузахь аттох ду. "Стаг тхан буйнахь ву, и тхан цергаш йукъахь ву, тIаккха стенна дIахоьцур вара иза оха?", - бохура Черкасовс.

Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурашна гергахь, - шога чот йан йеза, шена чохь са доцу хIума йу адам. Цуьнан карточка карара дIахецар – стенна хоьцур дара, йуха а цунах пайдаэца аьтто хилча? Адаман кхоллам цу тIехь шаьш кагбина хилар, хIинца цунна кхин а йеха хан тохар, цхьа хила ца дезарг санна тIе ца оьцу, хила дезарг санна лору. Цо гойту вайн исбаьхьа пачхьалкх стенга кхочуш йу, хетарехь, цуьнан сирла кхане йолчух тера ду "исбаьхьа" йахна хан", - бохура Черкасовс.

Журавельна керла таӀзар кхайкхийначу дийнахь хиира Волгоградан кӀоштахь йамартло йар аьллачу артиклца долийначу кхин а цхьана гӀуллакхах лаьцна. Иза а 20 шо долу меттигерчу вахархочунна дуьхьал айдина ду. Къайлахчу сервисаша цуьнан цIе йоккхуш йац цкъачунна. ФСБ-но бинчу хаамца, жимчу стага ахча дехьадоккхуш хилла Украинин эскаршна лерина. Хьалхо лахьан-баттахь бакъонашларъярхоша тоьшалла дира, мел кӀезга а цхьадолчу хьелашкахь бахархой цу кепара Оьрсийчоьнан низамаш дохорна шаьш ФСБ-н белхахоша йукъаийзош бу бохуш. Социалан машанашкахь къайлахчу сервисийн, йа Украинин эскаран векалш ду шаьш бохуш, лела уьш, нах Iехош.

Нохчийчохь байъинчех компесацеш йелла

Нохчийчуьрчу кхело цхьана декъехь къобалбина, 2000-чу шарахь шайн гергарнаш хIаллакбар таллаза дитина хиларх шина доьзало чукхачийна латкъам. Оьрсийчоьнан талламо 20 шарахь сов гӀуллакх тесна латторна хӀоранна а 200 эзар сом компенсаци йелла 6 латкъамхочунна.

2000-чу шеран гезгамашин-баттахь Джалкха юьртарчу бахархошна карийра Вагапов Адаман а, Таймасханов Мохьмадан а, Усуев Шарпудин а декъий. Оьрсийчоьнан эскархоша дӀалаьцначул тӀаьхьа тӀепаза байна лоруш бара уьш. Декъий дӀадоьхкина хиллера минаш йоьхкинчу хьуьнан асанехь. Таймаханов а, Вагапов а цхьана ор чохь вара, царна тӀехула делла жӀаьла а дуьллуш. Усуев царна 20 метар генахь хиллера. Цу кхаанна а тӀехь Ӏазап латтийна билгалонаш йара, билгалдаьккхира бакъонашларъярхоша.

Нохчийчуьрчу Гуьмса кӀоштан прокуратуро бехкзуламан гӀуллакх долийра стаг верна, байинчийн гергара нах волайнхой хилар тӀе а чӀагӀдира, царна йукъахь Таймаханов Мохьмадан пхи бер а хиллера. Амма 2000-чу шеран лахьан-баттахь талламбар сацийра - и сацам а йухабаьккхинера 12 шо даьллачул тIаьхьа. ХӀетахь дуьйна талламбар кхин а масийттазза йукъахдаьккхира, йуха дола а дира.

КХИН А ХЬАЖА: "Путинна Кадыровн Нохчийчоь – дика пачхьалкх йу": Нохчийчохь шолгIа тIом болийна шо кхачарх лаьцна дуьйцу бакъоларйархочо

Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело къобалдира, и нах байъар эвсара теллина цахиларна ницкъаллийн структурийн ледарлонна ду аьлла. Сочера аппеляцин КхоалгӀачу кхело а цхьана тIечIагIбира и сацам. Цу гӀуллакхан картотека карийра тхан редакцина.

Яндарбиев Путина вейтина

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Къоман талламан урхаллера рапорт кхаьчна Bloomberg агенталле, Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран дозанал арахьа бехаш хилла политикан оппоненташ байарх лаьцна. Цу тӀехь хьахош ву Ичкерин президентан декхарш кхочушдеш хилла Яндарбиев Зелимханан валар а.

2006-чу шеран документ Американ къоман кхерамзаллин талламхойн урхаллин дирекцино цхьана декъана гучудаьккхина хьостан журналистан дехарца. Цу тIехь 2006-чу шарера схьа дуьйна байъинчу цхьа могIа нехан цIераш йу охьайазйина. Талламна хетарехь, и нах хIаллакхбина Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша, Путина омра а луш.

Дуьххьара цу тӀехь хьахийна гӀуллакх ду 2004-чу шарахь, Катарехь Яндарбиев Зелимхан верна масех Оьрсийчоьнан тӀеман къайлахчу сервисийн белхахочунна кхел йар. Зулам динарш хилла - Оьрсийчоьнан тӀеман министраллан ГРУ-н белхахой Белашков Анатолий а, Богачев Василий а, белла дӀабовллалц набахтехь йаккха хенаш туьйхира царна. Амма дукха хан йалале уьш Оьрсийчоьне дIабелира. 2006-чу шарахь таӀзарш кхочушдаран Федералан урхалло дӀахьедира, уьш стенгахь бу, шайна ца хаьа аьлла.

КХИН А ХЬАЖА: Украино Европерчу адамийн бакъонашкахула кхеле Оьрсийчоьнна арз дина, Яндарбиев верца доьзна

Яндарбиев воцург, цу кехаташ тIехь хьахош ду 2006-чу шарахь Лондонехь ФСБ-н белхахо хилла волу Литвиненко Александр кхалхар а, йаздо Маршо Радион оьрсийн сервисо.

Ишта Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн болх бу аьлла, дуьйцу цу тIехь 2012-чу шарахь Британехь Оьрсийчоьнан совдегар Перепеличный Александр валар а. Цул совнаха, цу документо хьахош ду 2015-чу шарахь Луганскера сепаратист, "Бэтмен" тобанан буьйранча Беднов Александр кхалхар а. Беднов чохь хиллачу гIагI диллинчу автобусана тӀе герзаш диттинера цхьана наха.

Шайна атта доллучохь ладогIа подкасте: