2022-чу шарахь Украинерчу тIеман уггар чIогIа гуш болчу декъашхойх шиъ вара Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, "ЧВК Вагнеран" куьйгалхо, бизнесхо Пригожин Евгений а. Оьрсийчоьнан тIеман министралло кхоччуш комментареш ца йаларна, церан дешнашна цитаташ йора зорбанаша. 2022-чу шеран хьалхарчу декъехь йерриг Оьрсийчуьра йолахой тIамна кечбеш йолчу Нохчийчоьнах бен хезаш ца хиллехь, тIаккха аьхка дуьйна и хаамийн аренера дIатеттира Пригожино оьрсийн набахтешкара тIаме хьийсочу тутмакхаша.
Кадыровс шех "Путинан гIашсалти" олу, билггал дIагойту ша "Путинан повар" санна вевзаш волчу Пригожинан агIонча хилар. Цул сов, церан хьукматаша а вовшашца йукъаметтиг лелайо: хууш ду, Нохчийчухула Украине хьежийна болу "лаамхой" "ЧВК Вагнере" кхочуш хилар.
Шайн къамелашца а, леларца а вовшашца герга стенна хилла Кадыров а, Пригожин а, теллина Кавказ.Реалиин корреспонденто.
Набахтехь а, тIамехь а гIеметтахIоьттина
"ЧВК Вагнеран" куьйгалхочун а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун а дахаран некъашкахь вовшашца тера догIуш хIумма а дац. Пригожин Кадыровел 15 шо ханна воккха ву. Цхьаъ Ленинградехь кхиъна ву, важа – нохчийн эвлахь. Пригожинан жималла советийн набахтешкахь чекхйаьлла. 18 шо долчу хенахь хIума лачкъорна арахь йаккха хан тоьхнера цунна, амма 20 шо долчу йукъанна колони чувоьллира 13 шарна, хIума лачкъорна, хьарамлонаш лелорна, талораш дарна а. Кадыровн 20 долчу хенахь Нохчийчохь хьалхара тIом бара, цуьнан да Ичкерин имам вара.
ЧВК-н хила везаш волу куьйгалхо пачхьалкхан хьукматашкахь официалехь балхахь вацара – шен ресторанийн бизнес лелош хьийзара иза, тIаккха Кадыровн йерриг карьера – Путинан Оьрсийчоьнна болх барца йоьзна йу.
Йуьхьанца бIаьрг тоьхча, царлахь цхьана догIург ду, и ший а президентаца гергарлонаш долуш хилар а, шиннан а "Оьрсийчоьнан турпалхочун" седанаш хилар а.
Кадыров – меттигера цхьа жима паччахь ву, Кавказан тIегIанехь оьшу иза Путинна, Москвахь ца веза
Пригожинан а, Кадыровн а доттагIалла 2021-чу шарахь доладелира, нохчийн политико ша Америнкан Iедало лур ду аьлла 250 эзар доллар даккха дагахь ву, бизнесхочун волу меттиг дIа а бийцина, аьлла беламан кепехь комментари йича.
"Пригожин Евгений сан хьошалгIахь ву Соьлжа-ГIалахь. Кхочушдинчу декхаран синхаам а болуш, ийза а ца луш, сайн догIу ахча схьаэца кийча ву со, амма цхьа бехкам бу – кехатийн ахча бен схьа оьцур дац", - йаздира хIетахь Кадыровс.
Пригожинан "Конкорд" компанино шолгIачу дийнахь цуьнан цIарх хаам арахийцира беламан кепехь: "Хьал ишта дара: Москвахула воьдуш вара со, нохчий тIебаьхкира. БIаьргаш схьадилли аса – Кадыровн ларми чохь ву-кха. Дала могушалла лойла цунна. КIайн халаташ доьхна нах бара гонахула. Соьх клонаш йийр йу бохура, хIунда аьлча, 250 эзар доллар цкъа делча кIезга ду. ХIинца со дакъошца дIавохка дагахь бу уьш. ХIинца дуьхьал богIу уьш. Рамзан Ахматович хьошалгIа лелош стаг ву".
Байначу гIадужу-баттахь Кадыровс керла пост арахийцира, "ЧВК Вагнеран" куьйгалхочух "хьоме ваша", "билгалвина тIемало" а элира. Оцу хеначохь цо критика йира украинхойн Лиман дIайелла волчу хIетахь тобанан эскаран "Центран" буьйранча хилла волчу Лапин Александрана, цунах "бездарь" аьлла цо. Цул тIаьхьа Пригожинера комментари кхечира: "Рамзан, цIе тасса".
Амма Херсон дIайеллачул тIаьхьа Кадыровс къобалбира, цул сов, хаза дош элира оьрсийн эскаран Украинерчу тобанийн буьйранчан Суровикин Сергейн сацамна.
"Со а, Кадыров а "Сийлахьа Оьрсийчоь йуьхьIаьржа ца хилийтархьама тIаьхье тIекхачалц тIом беш йолчу" партехь ву. "КIедачу йийбаршна тIехь бегIачу хабарчийн" партехь вац цхьаберш санна", - аьлла дIахьедира тIаьхьо Пригожино, тIаккха шега нисса дIа Кадыровца долчу доттагIаллех лаьцна деллачу хаттарна цо кхоччуш жоп ца делира: бохура, церан цхьана даьккхинчу суьрта тIехь – шех тера стаг, Нохчийчоьнан куьйгалхочух терчу стагца ву.
Марионетийн буьйранчаш
Кадыровн а, Пригожинан а цхьа куьйгалхой хила мега президентан администрацехь, чIагIдо Gulagu.net бакъоларйаран проектан куьйгалхочо Осечкин Владимира.
Цунна хетарехь, лаккхара шайна омра делча, ший а кадрийн ловзарх ловза хIоьттира, тIеман министрана Шойгу Сергейна а, коьртачу штабан куьйгалхочунна Герасимов Валерийна а тIелетарш деш дакъа лоцуш, - уьш дIа а бахийтина, оьсийн эскар шайн кара дерзо дагахь, цуьнан ахчанца а, геразаца а. Церан хIилланаш чекх ца девлира, Кадыровс, Пригожино къобалвина волу инарла Суровикинан аьтто ца хилира кхиамаш баха, тIаккха даржехь лаха ваьккхира иза, оцу кепара Нохчийчоьнан урхалхочунна а, "ЧВК Вагнеран" куьйгалхочунна шайн меттиг дIагайтира.
Пригожинан а, Кадыровн а цхьана богIуш боцучу "хьежамашца" беха уьш
"Уггар боьха болх барца а цхьана вогIуш ву Кадыров а, Пригожин а. Шен эскархошца Оьрсийчоьнна кхерамаш туьйсуш лелара цхьаъ, муьлхха а стаг шишанна тIехао кхерам болуш. ШолгIаниг и хIума лелош ву фронтехь. Цхьаъ – пачхьалкхехь "кхерамаш туьйсург", шолгIаниг – "пятисотхошна" (тIаме баха ца луурш бу уьш. – Ред. билг.). Кадыровн а, Пригожинан а проблема йу, царна цхьанне агIора кхеташ дац, Путинан рожан баккъала болу бенифициараша – олигархаша Тимченкос, Кольвальчукаш, Ротенбергаш, кхинаш а – уьш цкъа а "шайнаш" санна тIелоцур бац, шайн тIегIане бовлуьйтура бац. Уьш шайн хьашташкахь лелош бу", - тешна ву Осечкин.
Бакъоларйархочунна хетарехь, Путин а кхоччуш тешаш вац Кадыровх а, Пригожинах а, цундела цо лур дац царна федералан даржаш, хIунда аьлча, цунна дика кхета церан дешнийн мах.
"Кадыров – меттигера цхьа жима паччахь ву, Кавказан тIегIанехь оьшу иза Путинна, Москвахь ца веза", - боху Осечкино.
Нохчийчоьнан куьйгалхо а, "ЧВК Вагнеран" хьалханча а доттагIий хилар доьзна ду церан боьхачу амалца а, Кремлах воьзна хиларх а, хета Европехь вехачу нохчийн йукъаралхочунна, "Единая сила" боламан куьйгалхлочунна Сулейманов Джамбулатана.
"Кадыров, Пригожин, культурица къаьсташ валахь а, шайн менталан боьхаллица, къардайна хиларца а тера ву. Криминалан ойла йолуш нах бу уьш, ша Путин санна. ТIера къаьсташ велахь а, цхьатерра психотип йу церан. Путинна муьтIахь хилар – кхиаме кхачаран бух бу цаьршинна. Амма и хьал Путино доьттина долу Iедал дохалц бен лаьттар дац, тIаккха и леста доладелла Украинера тIом бахьанехь", - дIахьедина Сулеймановс.
Криминалан хьежам
Пригожинан а, Кадыров а масех йукъара факторш йу – ший а Iедалан системера вац, рогIера урамера нах бу, ойла йо Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь политикан Iилманийн докторо, украинхойн "Бахархойн маршонан центран" эксперто Савва Михаила.
Цо бахарехь, лартIахь долчу хьелашкахь Кадыровн а, Пригожинан а биографиша цаьршинна аьтто лур бацара пачхьалкхан хьукматийн дакъош хилла дIахIотта. Йозуш йоцучу элементаша санна, вовшашна тIехIитта гIерта уьш, тобанехь схьа а гулалуш, хIунда аьлча, царна дуьхьал Iедалан монолит йу, дуьйцу политолого.
ТIамах ахча доккхуш волу олигарх ала мегар ду Пригожинах
"Путино Кадыров Нохчийчоьнан куьйгалхо хIоттийначул тIаьхьа, хетарехь, цунна кхин вариант гина хилла хир йац – чолхечу хьоло радикале сацам байтина цуьнга. Иштта цуьнан аьтто бацара Украинера оьрсийн эскар армех болчу нахаца дIадуза, цундела Пригожинан йолахошца дIабузу и могIнаш. Кадыров Нохчийчоьнан куьйгалхо хIоттор а, "ЧВК Вагнерна" тIехIоттар а – цхьана могIера сацамаш бу, оьрсийн Iедал даха меттигш боцуш хилар гойту цо. ЛартIахь долчу хьелашкахь Кадыровн а, Пригожинан а биографиша цаьршинна аьтто лур бацара пачхьалкхан хьукматийн дакъош хила дIахIотта", - чIагIдо Саввас.
Амма, тидам бо политолого, Кадыров а, Пригожин а тоъал тера ву шайн психотипашца: радикалан гIуллакхаш лелорна тIера ву и шиъ. Кегийрхойн къамелехь царах "отморозкаш" олу, цундела лаьцна Путино церан агIо, хIунда аьлча, цара муьлхха омра ойла ца йеш чекхдоккхург хиларх ша кхеташ хиларна, хета Украинерчу экспертана.
"Мемориалан" бакъоларйархо Орлов Олег ца теша Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, "ЧВК Вагнеран" хьалханчан а баккъала а доттагIалла ду бохучух – цара баккъала цхьанца доттагIалла лелор ду бохучух а. Цунна хетарехь, тактикан цхьанакхетар ду иза, шех стратегин хила а тарлуш.
"Криминалан хьежамашца тера ву и шиъ. "Бакъо" боху дош даьсса хета цушинна. "Хьежамашца" вехаш ву и шиъ, церан уьш жимма хийцалуш балахь а. Дера, Кадыров оцу хьолана цкъа а реза хир вац, нохчийн къоман ламасташца лелаш ву ша бохуш ма дуьйцу цо. Амма баккъалла цо нохчийн бакъдолу кIорггера ламасташ дохадо – ша хIинцле а уьш дохийна ца ваьллехь", - боху Орловс.
Цунна хетарехь, Путинан системехь къаьсттина васт деза Нохчийчоьнан урхалхочунна а, "ЧВК Вагнеран" куьйгалхочунна а – формалан бух болуш дац уьш: юридикаца дийцича, Кадыров жимачу регионан куьйгалхо ву, бIе гергга болчу губернаторех цхьаъ ву, тIаккха Пригожин – Кремлана уллера бизнесхо бен вац. Амма церан формалехь йоцу таронаш церан вастел генайаьлла йоьду.
"ТIамах ахча доккхуш волу олигарх ала мегар ду Пригожинах. Аьлча а, Путино ша Iедале вогIучу хенахь къийсам латтош болу нах бу баьхнарш. Иштта Кадыровс а къаьсттина меттиг лоьхура шена, Нохчийчоьхь хилла а ца Iаш, йерриг Къилбаседа Кавказехь, тIаккха тIом болабеллачул тIаьхьа, федералан повесткехь а", - чекхдаьккхина "Мемориалан" бакъоларйархочо.
- "ЧВК Вагнера" – Оьрсийчоьнан официалехь доцу тIеман дакъа ду, цуьнан эскархоша дакъалоцу Шемахь а, Африкехь а, Украинехь а лаьттахула дIахьочу операцешкахь. Оьрсийчоьнан низамаша дихкина ду долахь тIеман компанеш лелор.
- Аьхке чекхйолуш лаамхой жигара фронте кхайкха болийра даккхийра ахчанаш хьоьхуш Оьрсийчоьнан къилбехь а, Къилбаседа Кавказехь а. Кубанехь контракт йаздинчу наханна баттахь ши миллион сом лур ду элира, кхин а 100 эзар – йохийначу техникина дуьхьал, мел кIезга а ши миллион - чов йича, ворхI миллион – вийча.
- Кавказ.Реалиин сайто хеттарш дина йолу "Гражданин и армия", "Мемориал", "Салтийн нанойн комитет" бакъоларйаран цхьанатохараллаш цхьатерра реза хилира, ши миллион ахча далар бакъдолчух тера дац аьлла, хIунда аьлча, ур-атталла Афганистанерчу тIамехь, йа Къилбаседа Кавказехь контртерроран йу бохучу операцехь дакъалаьцначу ветеранашна а хIинца а ахча дIа ца делла кхелаш йу дIахьош.