Путинан тIаьххьара сатийсам? Кадыровн доьзална тIе совгIаташ стенна Iенадо Кремло

Кремлехь хиллачу цхьанакхетарехь ву Кадыров Рамзан а, Путин Владимир а. 2023 шо

Марсхьокху-бутт болалуш Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказера векал Чайка Юрий Нохчийчу веара, Кадыров Рамзанна баркаллин кехат дIадалархьама. Цул а ши де хьалха Путин Владимиро цуьнан нанна Айманина Сийлаллин орден йелира. Товбеца-баттахь "Даймахкана хьалха хьуьнарш гайтарна" орден йелира 26 шо долчу цуьнан вешин кIантана Кадыров Хьамзатна, сигалкъекъа-баттахь "Нана-турпалхо" совгIат делира политикан хIусамнанна Меднина. Политологашна хетарехь, оцу кепара Путино Кадыровга шен йукъаметтиг гойту, тIаьххьарчу хенахь Москвана буьззинчу барамехь цуьнан накъосталла оьшуш хиларна. Амма Нохчийчоьнан куьйгалхочун гергахь и "йукъаметтиг" хилар цуьнан дахар санна ладаме ду.

Массочу хIуманийн кавалер

Керистийн бух берш йиссалц, масех оьрсийн лаккхара совгIаташ ду Кадыров Рамзанан (масала, сийлахьчу апостолан Первозванный Андрейн, Сийлахьчу Георгийн, Сийлахьчу Екатеринин цIарх а совгIаташ дац цуьнан).

Шен 28 шо долчу хенахь, Кадыров Рамзан Нохчийчоьнан куьйгалхо хIоттале, цунна Оьрсийчоьнан турпалхочун чин делира, иштта Дашон седа а. ТIаккха лакхара охьа рогIерниг хIара совгIаташ ду: "Даймахкана хьалха хьуьнарш гайтар" – ишттаниг шина тIегIанера йу Кадыровн. Космонавтикехь кхиамаш гайтарна луш йолу 2023 шарахь йукъайаьккхина Гагаринан цIарх орден йаккха ца кхиъна Кадыров хIинца а, и республикан куьйгаллехь а волуш, "Ахмат – 1" микроспутник тIурнене хьалахецнашехь (цуьнан вовшахтохар, хьалахецар, ахча латтор а Нохчийчуьра хилла дац). Амма 2022 шарахь политикан накхана тIе кхин а цхьа совгIат кхийтира – Гагаринан орден дIайаьлча рогIера йолу Невский Александран цIарх совгIат, иза ву Новгородера паччахь, таханалерчу пропагандо лелаво иза, "Малхбузенца къийсам" латторан исторера масала санна.

Царал а лахара орденаш, мидалш, чинаш ду кхин дIа – пачхьалкхан а, хьукматийн а, йукъараллийн а. Царлахь йу, губернаторехь башха йогIуш йоцурш: Кадыров, масала, сийдолу даьхнилелохо ву, хьакъволу бакъоларйархо а, стоматологехь кхиамаш гайтинарг а, бехктакхаман, таIзарш кхочушдаран а система кхиорехь дакъалаьцнарг а.

Дуккха а совгIаташ ду политикан ненан а – веллачу Нохчийчоьнан оьрсашкхьа хиллачу хьалхарчу президентан зудчунна Кадырова Айманин. Зорбанаша Нохчийчоьнан куьйгалхочун "альтернативан казна" олучу, цо куьйгалла деш йолчу гIоьналлин фонд бахьанехь йелла йу цунна уьш.

Цул сов, Кадыров кхечу губернаторел а сих-сиха кхочу Кремлерчу аудиенцешка. Официалехь а йоцуш, Путин Владимирца шен хиллачу цхьанакхетарех дуьйцучех цхьаъ ву Кадыров. Дуьззина доцучу шарахь цара мел кIезга а кхузза къамел дина: лахьан-беттан 25-хь, зазадоккху-беттан 13-хь, мангал-беттан 28-хь а – президент Дагестане ван кечвеллачу хенахь. Билгалдаккха догIу, зазадоккху-беттан 4-хь Путина дуьххьара тIелецира ша волчахь 17 шо долу нохчийн политикан кIант Кадыров Ахьмад.

Масаллина: луларчу ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Калиматов Махьмуд-Iелин Кремлехь цхьанакхетар хилира 2022 шеран зазадоккху-баттахь; Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочун – ши шо хьалха; ГIалмакхойчоьнан куьйгалхо Хасиков Бату тIелецира тIаьххьара 2019 шарахь.

Кадыров Ахьмад а, Путин Владимир а Кремлехь, 2023 шеран зазадоккху-беттан 4-хь

Кадыров проектан кепехь кхоьллина вара, таханалерчу дийнахь санна шен муьтIахь хилар цо гайта дезачу ханна, дIахьедира Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь Музаев Сайхана, Европехь йолчу ичкерихойн "Цхьаъаллин ницкъ" боламан векало.

"Нохчаша олуш кица ду: "Несина хезар долчу кепехь ала йоьIе олург". СовгIаташ тIеIенош, амма кхачамбацарш ца гуш санна Iан кийча хилар гойту Кремло ша. Йиссинчу элитига кхайкхам бу иза, муьтIахь хилар ду ладаме, балхахь даьхна кхиамаш, хьуьнарш дац, бохуш. Диссиначу дерригенал а ладаме ду иза", – тешна ву Музаев.

Кхечу агIора, и хаам нохчийн йукъаралле хьажийна бу, тIетуху къамелдечо. ТIом болабелча Европера диаспора жигарйаьлла, ичкерихойн тобанаш йу оьсрийн эскарца тIом беш, республикехь протестан дог-ойланаш йу кхуьуш. Шел а хьалха хиллачу, оьрсашкхьа бирзинчу нохчех "дIавирзинчу" Ельцин Борисан гIалат кхин доккхург ца хилар гойту Путино, аьлла хета экспертна.

Валлалц муьтIахь хир ву?

Ницкъаллин ресурсех тIаьххьаре а воьзна виссинчу таханалерчу президентан аьтто бац Кадыров Рамзанах вала – ЧВК "Вагнеран" куьйгалхо Пригожин Евгений "дIавахча" муххале а. Иштта дуьйцу Путин Владимиран спичрайтер хилла волчу Галлямов Iаббаса. Пачхьалкхан куьйгалхо декхаре хуьлу тIаккха массочу кепара Нохчийчоьнан куьйгалхочунна хазахетарш дан.

Кавказан къаьмнийн Ассамблейн хьалханча волчу Кутаев Русланна хетарехь, тIаьхьий-хьалхий совгIаташ даран масех бахьана ду.

"Кадыровн могушалла эшна хилар ма-дарра схьагуш хиларна, цуьнан йуххера го къайлаха цуьнан гIант къовса ойланаш йолуш хила тарло. Кадыров Рамзанна а, цуьнан доьзална а совгIаташ даларца Путина гойту: регион Кадыровн тIаьхьенах цхьаволчунна кхочург хилар. Москвахь дукха дика кхеташ ду, Iедал къовсаро керла девнаш долор хиларх", – дуьйцу редакцица къамелдинчо.

Путин паргIат хила йиш йу – гIаттам болабелча, билггал "Ахматан" полкаш хир йу цунна муьтIахь

Цо мах хадорца, фронтехь, йа республика кхиорехь кхиамаш ца хиларо новкъарло ца йо совгIаташ дала, хIунда аьлча, Кадыровн коьрта Iалашо республикан бахархой бихкина латтор йу, кхузахь гIаттамхойн дог-ойланаш ца кхиийта, тIеман шолгIа фронт ца йеллайалийта.

Кадыровн Нохчийчоь – иза Путинан коьрта кхиам а, коьрта чов а хиларх тешна ву Дубровский Дмитрий, Карлан университетан социалан Iилманийн белхахо ву иза. Украинера тIом болабалале – НИУ "Экономикан лаккхарчу школан" политикан кафедран доцент.

"ЦIий Iенаш йолчу, йохийначу Нохчийчоьнна тIехь кхоьллина йу Путинан раж. ХIинца Москвано ца гуш санна дуьту республикехь оьрсийн бакъо лелаш ца хилар, долара эскар, набахтеш хилар, цигахь журналисташна, бакъоларйархошна тIелатарш деш хилар, гейшна тIехьбевлла лелаш хилар", – боху Дубровскийс.

Цунна хетарехь, цуьнан бахьана ду, 1917 шарахь хиллачуьнца цхьанадогIуш санна Путинна таханалерниг гуш хилар – хIетахь Къилбаседа Кавказера "Акхачу дивизино" тесна ца витира император Николай II-ниг – революци йолайелча. Президент тешна хила тарло: гIаттам хилча, билггал "Ахматан" полкаш хир йу цунна муьтIахь, Кремл а ларйийр йу цара.

"Тахана буьззинчу барамехь муьтIахь хилар ца тоьа Путинна. Дукхачу федералан хьаькамаша, кхечу губернаторша а шаьш муьтIахь бу бохуш ден дIахьедарш бух болуш ца хета, цундела оццул мехала ву "гIашсалти" Кадыров, Путинах воьзна волу, цо аьлларг чекхдаккхархьама муьлхха хIума дийр долуш волу", – ойла йо политолого.

КХИН А ХЬАЖА: "БIарлагIе регалеш, титулаш". Стенна, хIунда ло Кадыровн берашна совгIаташ?

Иза ду нохчийн политикан доьзална тIе совгIаташ Iенош хиларан бахьана, билгалдоккху къамелдечо. Цхьана агIора, президенто цунна хазахетарг лелош ловзарш до, вукху агIора – кхин а чIагIдо цуьнан Iедал.

"Путинан карара Iедал дIадалахь, муьлхха а губернаторца хIуъа хила мега, хила тарлучун масалш дукха ду. Кадыровца хиндерг ма-дарра гуш ду – иза шен наха дIакхоллур ву. Кхечу агIора, Нохчийчоьнан куьйгалхо Путин Владимиран чоьхьарчу кхерамазаллин гарант санна лелаш ву, цундела Кадыровна хIаваъ санна оьшуш ду, мелла а дукха иза Iедалехь хилийтар. Иштта цхьа тандем йу-кха", – дерзийна Дубровскийс.

"Путинан гIашсалти" ву ша баьхна Кадыров Украинехь тIом болабелча, Пригожинна муьтIахь хилла дIахIоьттира. Цул совнах, церан структураш йара цхьана бертахь болх беш. Нохчийчухула тIаме дIахьовсийна "лаамхой" ЧВК "Вагнере" кхочура. ДIадаханчу шеран гIадужу-баттахь Кадыровс пост йира, ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочух "сан хьоме ваша", "бакъволу тIемло" олуш. Цаьршимма цхьаьна тIеман министралла йемалйира. 2023-чу шарахь Кремлехь цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа Кадыровс Пригожине ойла хийцира, тIеман министраллица долу гергарло дендира. Цул тIаьхьа а цхьаццачу бахьанашца Нохчийчоьнан куьйгалхочун гоно йуьхь йохуш къамелаш дира ЧВК "Вагнеран" долахочуьнга. Вагнерхоша гIаттам болийча, цара дIалаьцначу Ростов-на-Дону гIала новкъабевлира кадыровхой. Амма цига дIакхача а, вукхарца тIом бан ца ларийра уьш: Пригожинан а, тIеман министраллин а дов сиха дIадирзира.

  • Къилбаседа Кавказера дукхахйолу республикаш банкашка ахчанаш дохкучех хIоттийначу ретийнгехь тIаьххьарчу могIаршкахь нисло дуккхаъ а шерашкахь. Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташна хетарехь, оцу кепара статистика бахархошна тIебогIу пайда лахара хиларца доьзна ду аьлла, кхетадойла йац. И доьзна ду иштта шайн вовшахкхетта ахча пачхьалкхана хаийта цалаарца а.
  • Соьлжа-ГIалара Москварчу пачхьалкхан университетан (МГУ) филиал кечйийр йу "Смарт Билдинг" компанино. Хьалхо оцу компанина тIедиллинера иштта "Грозный молл" йохка-эцаран а, самукъадаккхаран а центр, Соьлжа-ГIалара аэропортан дуьненайукъара терминал, Соьлжа-ГIалара дуьненайукъара университет, "Ахмат Тауэр" стигал-бохь йар а. Дуккхаъчу миллионашна регионера белхаш кхочушбо даим а, цхьанна а бевзаш боцчу наха куьйгалла дечу фирмаша. Кавказ.Реалии сайто дуьйцу, мехкан урхаллица и комапанеш муха йоьзна хила тарло, оцу кепара хьал – цхьана Нохчийчохь бен стенна дац.
  • Нохчийчохь тIаьххьарчу кIиранашкахь уггар йийцаре йеш йолу тема йу Бахмутана гергахь дуккха а кадыровхой байъина бохург – дуккха а эшамаш хиларна ЧВК "Вагнеран" йолахоша дIатийсина йолчу меттигашкахь. Оппозицихоша лач тоьшаллаш гойту – гергарчу наха кадам беш, "Ахматан" эскархойн цIерш йолуш скриншоташ, тIемалоша шаьш дIайазйина видеош, аудиош. Оцу йукъанна Кадыров Рамзана а, цуьнан гоно а масийттаза чIагIдора, и хаамаш харц бу бохуш. Стигалкъекъа-баттахь билггал Кадыров Рамзан вара вагнерхой нохчийн эскархошца хийца бохуш президенте Путин Владимире дехарш динарг.