Навальный, Собчак…кхидIа мила?

Блоггер, юрист Навальный Алексей а, радиожурналист Собчак Ксения а

Президентан харжамаш самукъане хилийтархьама

Your browser doesn’t support HTML5

Хьан дохдийр ду президентан гIант 2018-чу шарахь?

Путин Владимирера шен дех Собчак Анатолийх ша йоккхучу филмна интервью эца яхале, цо бакъ ца дора ша президент хила лаам болуш ю бохург.

Амма Кремлера ара ма-елли, дIахьедина Инстаграмехула: «Сан цIе ю Ксения Собчак. Ас сайн кандидатура хIоттайо Оьрсийчоьнан президентан дарже».

ЦIершца бийца маьIна доцуш дукха бу, Навальный харжамашка вуьтур вац, иза набахтел арахь такха хан тоьхна ву, боху тергамчаша. Царна гарехь, харжамийн технологеш карахь йолучара цуьнан метта Собчаках ян лерина кандидат.

Амма Собчаке юхаяла, хьуна ца богIу президентан меттиг, халкъ ма кхардаде бохурш а бевлла хIинцале.

Зюганов: «…Ксюша, вайн махках а, халкъах а генетакан тIелхигаш аьлла йолу. Суна хала ду ала, юй цуьнан бакъо кандидат яла».

Жириновский: «Махкахула лелла яц, хIумма а ца хаьа, цхьана а урхаллехь ца хилла. …Иза кхераме ду… Иза, цхьаъ делахь, хоржур яц цхьаммо а. Еса, мотаргIане кандидатура».

Политикехь цIе чIагIъелла боцчийн могIарахь, Собчак, Навальный доцург, кхин нах а бу кандидаташлахь хила тарлуш, масала, Белковский Станислав.

ТIаьххьарчу 30-ех шарахь массо а президентан харжамашкахь кандитаташла язлуш хиларе терра, бIаьста хуьлучу харжамашкахь президентан дарж шай-шай къовсур дуйла дIахаийтина партийн лидерша Жириновскийс а(ЛДПР), Явлинскийс а ("Яблоко").

Чкъачунна ша леринарг довзийтаза Iа Зюганов (КПРФ). Президентан гIента хIинццалц кховдаза, амма къовсабала дагахь болучех ву Сурайкин Максим а («Оьрсийчоьнан коммунисташ», лидер), политолог, Социалан технологийн центран куьйгалхо Богданов Андрей а.

РогIехь дарже ваха тарлуш, цкъачунна ша дендерг ца довзуьйтуш Iа Путин Владимир а.

Хьалха шерашкахь а гIиртина баккхий политикашца цхьаьна пачхьалкхан коьрта дарже бевзаш боцу, я махканна бовза а бевзаш, «беламе», «самукъане» хета кандидаташ.

1991 шо, Советан пачхьалкхан халкъан депутатийн гуламехь делегат Ельцин Борис ца хаьржира Лакхарчу Кхеташоне. Хинволчу президентан кхоллам «кховдийра» цуьнга, дIаделира шегара депутатан мандат Казанник Алексейс – Омскерчу университетан юридикан факультетан кафедран куьйгалхочо.

1996 шо, кандидат Шакуум Мартин, инженер, «Реформа» фондан директор. Ельцинал тIаьхьабисинчаралахь 8-гIа меттиг баьккхира. «Iедалерчу коррупцех а, хьаькамашкара юьйлучу харцонех а бахархой Iалашбар» а, «Экономикехь пачхьалкхан низам чIагIдар» а цIе йолу ши омра кечдинера цо ша президент хилахь тIеэца.

2000 шо, кандидат Джабраилов Iумар, бизнесхо, баьхна кхаьжнаш - 0,1 процент. Дуьне цецдаьккхира нохчо шен даймахкахь тIом хьош долчу Iедало президентан харжамашка витаро.

2004 шо, Малышкин Олег, Жириновскийн хадархо лаьттина спортхо, кхаьжнаш – 2 процент . 2003-чу шарахь эккхийра Жириновскийс шен партера ( ша шен лаамца дIаваьлла партера бохура Малышкина).

2008 шо, Богданов Андрей, «цIарна кхоьллина кандидат» олура цунах, Демпартехь вара, амма вевзара дуккха а партеш кхоьллина политтехнолог санна – «Оьрсийчоьнан халкъан парти», «Социалан нийсонан компарти», « Гражданан позици», кхиерш а. 1,3 процент кхаьжнаш дехира, толам баьккхинчу Медведевл тIаьхьа 4-гIа а волуш. Цо а аьлла ша 2018-чу шеран харжамашка кандидат язлур ву.

2012 шо, миллиардер Прохоров Михаил, могIара а, юккъерчу тIегIанера а нах шегахьа хир бу, аьлла хетара цунна – 8 процент гергга кхаьжнаш бехира (3-гIа меттиг), дацара Путинна тIаьхьакхуьийла.

ТIейогIучу бIаьста хуьлучу харжамашкахь тергамчашна «беламе», «самукъане» гучу кандидатех цхьаъ, дагахь а йоцчу реванше а ваьлла, тоьлур ву аьлла ца хета цкъачунна цхьана а аналистна.

Цхьаболучарна «хууш ду» президентан гIант Кремле арара веъначу керлачу кандидато дохдийр доцийла. Кхиболучара сатуьйсу ши пIераска, аьлча а, ши кIиранде хинболчу харжаман дийнахь цхьаьнакхетаре.