Нохчийчоьнан Ӏедало саццаза дӀахьош йу шайна критика йаш болчу нахах "цIанойар". Оппозицин дог ойла йелахь, лацарх кIелхьарвала аьтто бу махкара дIавахча, амма тIаккха хьийзабо жигархойн а, блогерийн гергарнаш. Дахначу кӀиранах полицино масех доьзал дIабигира, оппозицин канал лелочун гергара нах. Пхиъ сахьтехь хеттарш динчул тӀаьхьа дӀахийцира уьш, махкара дIасабовлар а дихкина.
Гезгамашан-бутт юккъе баьллачу хенахь Нохчийчоьнан цхьайолу кIошташкахь ницкъахой цхьана хеначохь масех доьзалан хIусамашка чулилхира. Массо а баккхийнаш полицин декъе дӀа а бигина, пхеа сохьтехь церан телефонаш толлуш, хеттарш динера, дийцира Кавказ.Реалии сайте лецначеран гергарчех цхьаммо. Цо дийцарехь, бахьана дара Европерчу пачхьалкхехь вехачу гергарчу стеган интернет-жигаралла: цо зорбане йоху республикерчу Ӏедалан структурашна шога критика йен артиклаш.
Нохчийчоьнан Ӏедалхойн тидам шена тӀебахийтина волу блогер Керим (цӀе хийцина ю) жима волуш шен доьзалца Оьрсийчуьра дӀавахана, махках ваьллачу 20 шарахь цкъа а даймахка веана вац, боху къамелхочо. Цо дийцарехь, жимчу стеган денана йелла тӀом боьдуш, цуьнан да а ву тӀепаза вайначарна юкъахь, ткъа цуьнан ши накъост йеххачу хенахь латтийна Нохчийчуьрчу къайлахчу набахтешкахь. Цуьнан бевза-безачех цхьаберш, къамел динчу стага дийцарехь, нуьцкъала Украинерчу тӀаме хьажийна бара. Царех цхьаъ велира, шолагIниг йоккха тоьпан даьндарг уллехь ихккхина, коьртана чов хилла, цIавеара.
Кериман гергарчу стага дийцарехь, жима стаг Кадыров Рамзнан "Ӏаьржачу тептарехь" ву: "Нохчийчохь бисинчу гергарчу наха цуьнца цхьана а кепара зӀе ца латтайо, йа цо лелочунна цхьана агIор дан хIума долуш бац. Делахь а, уьш мукъабохуш бац мехкан куьйгалхочунна йечу критикан жоьпаллех".
"Массо а къаьхка хьох, Iаьржа ун кхаьттачух санна"
Кавказ.Реалиин редакцин аьтто белира Кериман цхьаболчу гергара нахаца къамел дан. Царех цхьаберш Европехь бехаш бу. Кадыровн Ӏедална гӀортор йеш бацахь а, уьш чIогIа дуьхьал бу шайн стага лелочу жигараллина. Кхинболу гергарнаш Нохчийчохь бехаш бу, цхьанна а новкъа а боцуш, гIийла рицкъа а доккхуш, политикана ма-хуьллу йуьстах латта а гIерташ.
ТIаьххьара сайн 12 шо долчу хенахь гиначу стагах, ас жоп муха лур ду?
Бельгехь вехачу Кериман девешин кӀанта мукӀарло до, редакцица хиллачу къамелехь, шена цо лелори хууш дара, амма хӀора дийнахь цуьнга къамел дора, иза сацо гӀерташ. И бахьана долуш Керима массо а социалан мессенджерера дӀавахькхира иза: "Суна даго хьоьхура, тIаьххьаре иза а, тхан тайп а Iедало хьийзор ду аьлла. Цундела ас юх-юха цуьнца къамел дора, и жигаралла цуьнга йитийта гIерташ, Халитовн гергарчарна хилларг масална а далош. Амма иза кхин къар ца велира".
Кериман вашас дуьцу, ша цкъа хаьттира цуьнга, мел "гена ваха" дагахь ву хьо, стен сацор вара-те хьо аьлла. Цунна жоп луш, цо элира, Дала ша сацаваллалц, къийсам латтор болуш ву ша аьлла. Цул тӀаьхьа ша Кериме хаам бахьийтира, ьохура цо, АллахӀа сацавойла хьо аьлла. Оцу минотехь шена блок туьйхира цо бохура къамелхочо.
КХИН А ХЬАЖА: "Лечкъийначарна йетташ, тIехь къизаллаш лелайо": Нохчийчохь нах лечкъорахКериман нана шен кӀантана 200 чакхарма генахь Iаш йу, социалан машанаш лелош а йац иза, политикана а генахь йу, шен кӀанта лелочух лаьцна цунна хиъна хилла, Нохчийчохь гергарнаш лачкъийна бигале ши кӀира хьалха. Цаьршиннан чIогIа къамел хилла, цо дийцира редакцига: "Иза саца ца сацахь, айса сайна тӀе куьгаш хьур ду бохуш, кхерамаш тийсира ас цунна. Европехь хиъна а Ӏаш, атта ду Нохчийчуьра Ӏедална критика йан. Иштта хьо майра велахь, цӀа а гIой, цаьрца лата, вацахь - сацахьара хьо, клавиатурана тIе пIелгаш бетташ Iедал дохо а ца гIерташ, ма бехира ас цуьнга. Сан миска гергарнаш хьан мостагӀчун карахь бу, ткъа хьо кхузахь йовхонехь хиъна Ӏаш ву, вайн дерриге а тайпана кхерам латтош, тIаккха хьох къонах хуьлий?!"
Кериман лачкъийначу гергарчу нахе полицино дIахьедина хиллера, шаьш уьш паргIат буьтур бац, кхин а алсам церан цIийнах болу нах лоьцуш, нагахь санна, "волчара иза саца ца вахь". Нанас дехарш динчул тӀаьхьа, кӀанта дош делла цунна, шен болх сацор бу ша аьлла.
Цхьана муьрехь массо а гергарчарех волу хьо: доьзалан чаташна юкъара дӀавоккху хьо, блок тухий, шайна новкъарло ма йе олу.
Нохчийчохь вехачу Кериман генарчу гергарчех цхьаъ цецваьлла ву, шен дан хӀума доцчу хӀуманна жоьпалле хӀунда во ша бохуш: "Сайл а 15 шо воккха волу гергара стаг муха сацор ву ас? Йа жоп муха лур ду, юьхь дага а ца йогIучу стагах, сан 12-шо дара иза тIаьххьара суна гучу хенахь."
Цу кепара дог-ойла йолуш бу кхин болу Кериман гергара нах а, Нохчийчоьнан дуккха а бахархой санна, оцу хьолан закъалтхой болу: "Муха сацор ву 35 шо долу воккха стаг? Соьга сан кӀант ца сацавелла? Мобилизаци ца йинера цунна, хIетте а ша Украине вахана ахчанан дуьхьа. Къайлаха дӀавахара иза, шен дан долийна цӀа ду чекхдаккха дезаш аьлла, суна кехат а дитина", - оьгӀаз оьхуш къамел до жигархочун ден щичас Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь.
Шен генара гергарлонехь болу нах лечкъийначул тӀаьхьа, цара массара а шайн телефонашкара дӀайаьхна дукха зама хьалха Европе баха дIабаханчу гергарчийн номерш, бохуш дийцира редакцига Бельгехь вехачу къамелхочо. Цул сов, массо а социалан машанашкахь блокаш а тоьхна, цхьана даьхна суьрташ а, видеош а дӀайахахьара аьлла, дехар дина а хилла. Полицихь болх бечу цхьана вевзаш волчу стеган аьтто баьлла, Европехь бехачу гергарчеран йа доттагӀийн номерш ца латтор гӀоле ду аьлла, кхидӀа а дуьйцу цо: "Цхьана минотехь массо а гергарчарех волу хьо: хьан доьзалийн чаташна юкъара дӀавоккху хьо, Iаьржачу тептаре воккху хьо, шаьш ма хьеде бохуш. Хьуна букъ туху хьуна безначара, тIаккха хьо цхьаллехь вуьсу. Хьох нах къехка, долу лазар кхеттачу стагах санна. ЧIогIа эгIаза хоьтуьйту хьо оцу хIумано".
МаьIне боцу харжам
Ӏедална реза боцчу политикан оппоненташна Iаткъам бар сецна а дац Нохчийчохь, лаьмнашкахь тӀемалойн тобанаш лаьттинчу заманара схьа дуьйна. Уьш лоьхуш леррина операцеш дӀахьочу хенахь, ницкъахоша шайн коврана хьалхабохура тӀемалойн дай-наной, йа вежарий. Кадыровс дӀахьедора, шайн бераш цӀадерзо уггар хьалха лаьмнашка баха безарш гергарнаш бу бохуш.
Нохчийчоьнан Ӏедалша дийцарехь, дена-нанна, вешина хаа деза шайн доьзалхочо хӀун леладо, цуьнах жоп дала а деза цара. "Вай цунна бӀешерашкахь Iамош ду нохчийн Ӏадаташа", - аьлла, масийттазза дӀахьедира Кадыров Рамзана. Цхьана стага динчу зуламах гергарчара жоп дала дезаш цахилар цунна дагадогӀу, шен доьзалх цхьа хIума хьакхаделча.
Нохчийчоьнан Ӏедалша къаьсттина тидам тӀебохуьйту интернетехь йечу критикана, ткъа кхузахь гуш ду бехкечеран гергарчаьрга болу луьра хьежам: Кадыровс масийттазза тIечIагIдина, шена арахьара критика йеш болчу блогерийн гергарнаш цхьа а шеко йоцуш жоьпаллехь бу бохуш. Блогерша шена йеш йолу критика терроризмаца йусту цо.
"Кхерамаш тийсар, нах хьийзор пайден хила тарло цхьана йоццачу ханна. И хаалуш дара 2000-гӀа шераш дуьйлалуш, махкахь репрессеш лелочу заманчохь адам референдуме араделира 2003-чу шарахь, буьйсанна чулелхар, нах лечкъор, адам дайъар сацон Iалашонца. Амма йеххачу хенахь цу тайпа кепаша алсамдоккху нах эргIад бахар, юкъараллехь резадацар алсам доккху цо, ткъа ишта хьал Ӏедална дуьхьал дерза тарло", - билгалдоккху шен редакцица хиллачу къемелехь, цӀе йаккха ца луучу Ичкерин агӀончас, юкъараллин жигархочо.
Оьрсийчоьнан хьаькамна Кадыровна критика йар цхьа а маIна доцург ду, нагахь санна, зуламан орам Москвара схьа буйла гуш дацахь
Къамелхо тешна ву, Кадыровн репрессеша юкъаралла йоькъу, адамашна а, пачхьалкхана а юкъахь болу тешам лахбо аьлла: "ТӀейогӀучу хенахь и дерриге а бахьана долуш, чолхе социалан тӀаьхьалонаш хила тарло".
Австрерчу юкъараллин жигархочунна Асланна хетарехь, Кадыровн критикийн гергарчарна дуьхьал репрессеш йар - къовсаме хIума ду. Иза тешна ву, гергарчарна массо агIор бечу Ӏаткъамо Кадыровна критика йан лаам дуккха а нехан лахбина.
"Мел а ойла йеш болу нах буй, ас ца буьйцу , шаьш дийриг цхьа доккха хIума ду аьлла, "корта дIабахнарш", йа шаьш шайна пиар йийраш, шайн агIонашка дуккха а нах йазбелларш а ца буьйцу ас. Кхетам болу нах буй, уьш кхета Оьрсийчоьнан хьаькамна лер маьIне доций, нагахь санна, оцу критикна зуламан орам Москвара схьа буй хууш дацахь, - бохуш, дуьйцу цо.
Махкара могӀарерчу бахархоша дукха хьолахь бехкаш дохку, шайн нахаца хуьлуш долчуьнца бала боцчарна бохуш, кхин дӀа а дуьйцу цо: "Иштта тидаме эца деза, аьлла хета суна, нохчийн доккхачу декъанна хетарг а, Кадыровн критикийн болх нийсса бIостане бу цара билгалъйаьхначу Ӏалашонашца, хӀунда аьлча, Кремлера бохам бинчарна тIера регионера протежена тIетаттар нохчашна пайде хила мегаш дац".
Кадыровс масийттазза кхерамаш тийсина дозанал арахьа болчу шен критикашна, "уьш миччахь а белахь а", оппозицин юкъараллех "цIано йан йеза" бохуш.
- 2019-чу шарера 2021-чу шаре кхаччалц Нохчийчохь тӀепаза вайна 5 эзар гергга стаг. Москва, Москован кӀошт санначу йаккхийчу гIаланашкахь цхьа жимма бен сов дац и терахь.
- 2023-чу шеран марсхьокху -баттахь ЯнгулбаевгIеран вежарийн Нохчийчуьра виъ гергара стаг нуьцкъаха тIаме хьажийнера – церан деваша а, ден агIор кхоъ шича а. Иштта нуьцкъала тӀаме хьажийра оппозиционеран блогеран Халитов Хьасанан ваша а, Ичкерин политикан Закаев Ахьмадан вешин кӀант а.
- 2022-чу шарахь оханан-баттахь нохчийн оппозиционеран блогеран Халитов Хьасанан вешех цхьаъ нуьцкъала Украине тӀаме хьажийра. Цул хьалха блогеро дӀахьедар дира, шега Нохчийчохь лаьцначу йишин сурт даийтина хиларх лаьцна, республикан куьйгалхошна критика йар сацаде бохуш. Лахьан-баттахь Халитовс дӀахьедар дира республикехь шен да а, кхин а ши ваша а лачкъийна аьлла.