Your browser doesn’t support HTML5
Масех де хьалха Соьлжа-ГIалина йистехь йолчу «Лента» супермаркетехь малар эца меттигерчу бахархошна а магийна. Цу чуьра Iуьйранна, къаьркъа эцна богIучу нохчашна бе Iаткъам сацийна низамхоша. ХIинццалц, малар оьцурш къайлаха муьлш бу а хьовсий, цаьргара иза схьа а доккхуш, нах полицин декъе дIа а буьгуш хIума леладора цара. ХIинца и гIуллакх сацийна.
Мотталур ду цигара и терго харжамаш хиларца йоьзна йина аьлла. Амма иза иштта долчух тера дац. Шен цIе ца яьккхар а доьхуш, полисхочо хаам бира Маршо Радион корреспонденте, дукха хан йоцуш цигахь дов даьлла хилла ФСБ-н белхахойн а, маларна тIаьхьабевллачу низамхойн а. Дийцарехь, уьш вовшах а летта цигахь. Цул тIаьхьа «Лента» а йитина, шайн белхан декхарш кхочушдан дIабахана полисхой.
Тамашийна дерг кхин хета тергамхошна: хIунда дихкина малар дохкар, туризм яржочу махкахь? Лелаш дерг Оьрсийчоьнан низамаш хилча-м муххале а?
Цуьнах ца кхета ша боху нохчийн юкъаралхочо Юсупов Анзора: «Ца хаьа Оьрсийчоьнан Федераци хилча, вайн кхуза дуккха а туристаш а, болх бан а нах богIу, оьрсий, кхечу пачхьалкхара балахь а. Церан шайн ду цуьнца цхьа гIуллакх. Дехкар нийса ца хета суна».
Меттигерчу маларчаш-м тоххара луларчу мехкашкара кхоьхьуш ду малар. ТIаьхьарчу хенахь спирт даьржина нахана юкъахь. Коньяк, пиво, виски бохург республикехь дуьйцуш а дац. Дикалла йоцу цу маларх боьлла меттигера маларца юкъаметтигаш йогIу бахархой.