Your browser doesn’t support HTML5
«ТIамо стаг вина вац, тIамо стаг вийна». Заманан йохаллехь тIеман къахь лан Iеминчу халкъан кхетамехь,цуьнан барта кхоллараллехь, ишта кица хилар лаа дац, гарехь. Историн говзанчаша даре а деш,вайнахана зеделла хIума ду тIамо къоме заздоккхуьйтуш цахилар, мелхо а и заза дожа а деш, байш дебош,орам бакъош хилар. Хьахаделлачу цу бакъдолчуьнан лазаме тоьшалла ду кху тIаьхьарчу ткъех шерашкахь, хенал хьалха эзарнаш, бехк-гуьнахь доцу маьрша бахархой а тIехь, Iожалле кхачош, махкахь кхихкина тIемаш а.
Кху чохь тIеман эрчонаш гарал сов шатайпа ламаст а хилла дIахIоьттина бертахь а,бертаза а нохчийн кегийрхой шайбоцчу,хийрачу тIемашка хIиттар а: цунна масал Къилба ХIирийчоь, Украина, юххерчу Малхбалера Шема пачхьалкх.
И тIаьххьарниг, Iаьрбийн пачхьалкхера тIом бу тахана махкахь шуьйра бийцаре баьккхинарг, цига ницкъаллин структурашкахь гIуллакх деш болу бIеннашкахь вайнехан кIентий хьовсор бахьанехь.
Уьш шайн лаамехь бахана я омра а дина дIахьовсийна? Цу хаттарна официалан цкъачунна жоп дац,бакъду, дукхахболчу махкахошна ца тайна,нохчийн кегийрхой и гена некъ бадийна, хийрачу мехкан тIаме кхачор. Церан хьокъехь, цIе а юьйцуш, шайна хетарг ала хIуьттурш дукха бац. Амма массара бохург санна къобал дац Шема пачхьалкхан тIам тIе нохчийн кхийлар.
Вахархо: «Гойтуш бара .Дукха-м бара уьш. Ма кхоам бара церан…»
Яхархо: «Нохчийн кIентий ци цабахийтарх хIума-м дацара. Кху чохь лайнарг тоьур дар-кх».
Вахархо: «Дош аьлла вист дIа-м хир вац со церан хьокъехь. Суна бе дIа-м дац, шайна луъург дахьара цара!»
Вахархо: «Ца лозу корта бехкар ду. Ницкъала бигна бохуш а дуьйцу. Нохчийн тIом бац иза. Царлахь баларш дукха хиларна кхоьруш ву-кх со. Цу бухахь берш шайн са а дIадала кийча тIемалой ма бу».
Оьрсийчохь стеган дахар мехала цахетарца дузу Iаьрбийн пачхьалкхан тIаме низамхой хьежор Соьлжа-гIалин кIоштерчу вахархочо Нурадис. Цунна моттарехь тIемаш а ду тахана цхьа бизнес санна,хьал цахуург дуьхе ца кхуьуьйтутаро,ницкъ болчара шайна сане дерзийна.
Нуради: «Церан болх бу иза. Царна цига бахча ахча ло. Шайна луъуче баха маьрша ма бу уьш. ХIара зама ша а ю бизнес. Аьтто,таро йолчеран карахь ду дерриге а. Шайна ма тов цIе тилла йиш а ю церан. И тайпа нах белча а пусар деш а ма дац тахана Оьрсийчохь. Цига ваха мел луъучеран гIазот хуьлда везан дела».
ТIамах мелла а шуьйра, шен къомана и тIемаш,цхьа хан мосазза йолу,юх-юха а бале довлуш хиларх, дийцира суртдиллархочо,хьехархочо Пашаев Абус. Шен аьллар тIедаьлча, бохура цо, кхерам бацара цхьа нохчо хийрачу тIам тIе хIотта Iалашонца махках валарна. Абу ву дуьйцуш.
Абу: «Шина тIамах чекхдевллер-кх тхо. Со поцивист ву, вуьшта аьлча со тIеман дуьхьалонча ву. Ас мел бина болх, ас мел яздина сурт цу тIамна дуьхьала ду-кх. И къизалла ас гайтина сайн суьрташкахь,цу тIамо адамаш тIехь доккхуш долу эра. Деллахь сунна-м ца лаьара уьш цига боьдийла. Со цу тIамах ведда лелла-кх,юххера, чуьра гергара нах,герз диттина, байа а байина.
Суна царех къа ма хета. Тхуна ма ца веара цхьа. Жима къам ма ду тхо. Вовшийн лардан ма деза. Ма йиш яцара. Цу эскархойх цхьаберш мел товш бу,даккхий догIмаш а долуш. Кхоам бац церан!
«Вайн дахар беца тIе диллина тхи санна бен дацахь а, хIетте а…» яздина-кх, шен кIант вийна карийча японан байтанчо Кабаясис.
Кхечаммо аьлла тIаккха: «Ша дуьненан Iаламах дуй ма баара, цуьнан вист цахилар ма дара цуьнан дешнел говза…» Суна вайнах кхуззахь маьрша бехийла лаьар-кх! Вовшийн дашар а долуш,дешнаш а ца кегдеш,тIамах цхьа цецваккха а ца гIерташ, низамехь а долуш,маьрша а долуш…Сонталла дика яц. Дала диканца дIаберзабойла Шемара тIом… И эскархой могуш-маьрша цIехьа берзабойла».
Кху тIаьххьарчу 22 шарахь махкахь а, махкал а арахьа а тIемашкахь белларш, байнарш, мел бу а ца хууш чот йоцуш дукха хиларна,къамел дечеран юкъара цхьа лазам бара- Iехийна,тилийна,бертахь я бертаза тIаме хIитта кхаж баьллачарех къахетар.»Шайна хьалхара а, баркалла хир дойцуш, нахана хьалхара а, тIеман кIуркIаманех бийла, эга хIун даьлла хилла те нохчашкара бохуш хеттаршка буьйлу жимма а хиламех кхуьуш берш. Амма и санначеран дехаре аз хаза луурш урхаллин мукъ карахьболчарлахь хуьлчух тера дац.