Your browser doesn’t support HTML5
ДАIИШ олучу терроран тобанца зIенаш ю аьлла массийта пIаьнказхо, яьккхий хенаш а тоьхна набахте хьажийна Гуьржийчуьрчу кхело.
«Гуьржийчоьнна дуьхьал шен цхьанна а тайпа гамо яцара»,-аьллера Борчашвили Аюба, кхело сацам балле, шега деллачу тIаьххьарчу дашехь.
Амма Тбилиси-ГIалана кхелан куьйгалхочо Мсхиладзе Лилис, иза бехке лерира пачхьалкхан бехктакхаман низамийн ши артикал:«Терроран тобанна юккъе баха нах иркахIиттор а», «терроран тобанца ша а юккъевахар а, я цунна гIодар а» а цIе йолу, йохийна аьлла
Борчашвили Аюбан 14 шо хан тоьхна.
Цуьнца кхиъ шинна стаган а кхайкхина хенаш. 23 шо долу Хутунишвили Георгийн II шо тоьхна, 21 шо долчу Пирисебия Давидан-10 шо билгалдаьккхина чохь даккха. Оцу талламан юккъахь хиллачу кхиъ цхьанца- Куправа ГеоргиIца кхело барт бинера.
Цо набахтехь цхьа шо бен доккхура дац. Хенаш кхайкхинчеран адвоката Николаешвили Гелас, кхелан сацам емал бира. Маршо радиога вистхуьлуш цо элира, шаьш лаккхарчу кхеле аппеляци чулура ю аьлла.
Николаешвили: «Борчашвили Аюбан гIуллакхехь, цуьннан цхьа жимма бехк болуш тоьшаллаш дара.
Амма цу хьокъехь сацам бар боьзна бара цхьана хIуманца- кхелхочо муха туьдура ду иза: бекхбиллархойн, я адвокатийн агIонца. Ша Борчашвили Аюба даре динера, ша Шемахь хилла хилар а, цигахь Батирашвили Тарханца гина хилар а. И шиъ гергара а ву, цхьана хьалакхиъна а ву. Ша цуьнан векал лоруш а вара цо. Бехкбиллархойн агIоно лорура, цо дийцинчо иза ДАIИШАН векал хилар а, цо ПIаьнказ чIожера кегийчу нахера байIат схьаэцна хилча, цуьнан бехк бу аьлла.
Цундела кхел прокуратуро бохучуьнна тIеа тайна, ши артикал йохийна аьлла, сацам кхайкхира иза бехке веш болу.Цу юккъахь ду: оцу тобанна юккъе нах бигар а, ша а цу юккъаххь хилар а. Иштта тоьшаллаш ду-кх. Оха аппеляци а йина, Хутунишвили а, Пирисебия а бакъ веш болу сацам тIеэцийта хьовсура ду тхо».
Адвоката иза бахарх, бехк буьллуш йолу прокуратура нийса бIостнехь хьежам болуш ю оцу кхелан сацамна.Цигахь къобал деш тIеэцна иза. Цул совнах, цара къайлахь яьккхина видео а гайтира кхелехь, Борчашвили Аюба, ша ДАIИШан векал ву бохуш йолу.
Борчашвили Аюб а, кхиберш а дIалаьцнера дIадаханчу шарахь аьхка. Iедалша уьш тидаме эцнера ПIаьнказ чIожера 16 а, 18 а шераш долу ши жима стаг Куштанашвили а, Багакашвили а вайначулла тIаьхьа.
Цхьацца хаамашца и шиъ Шема вахна тIом бан. ПIаьнказхоша оцу хьокъехь цхьацца дуьхьалонан акци а йинера.
Цара Iедалшна тIедожийнера кегий нах Шема дIаэхарна дуьхьало е аьлла.
ПIаьнказ чIожехь ша тайпа тIеэцна шайн махкахошна набахтехь яьккха яьккхий хенаш тоьхна аьлла. Хетарг довза атта дацара кистойн юккъараллехь.
Амма шай цIераш ца яхар а доьхуш дийцира цара цуьнах. ХIокху зудчуьнна оцу процессан коьрта фигурантан бехк ца хета. Борчашвили Аюб, цо бахарехь дика юьртахо а, лулахо а вара, нахана ма хуьллу гIодеш.
Кисто-зуда: «Иза террорист а вацара. Йишина-вешина дика ваша вара. ГIо-накъосталла деш а вара. Дика ца тоьхна цунна и хан».
Борчашвили Аюбан а, кхечеран а бехк хилча а, царна кхайкхина хенаш тIехсов яьккхий ю, аьлла хета кистойн жимчу стаган. Цунна а лууш дацара шен цIе яьккхийта. I4 шо хан тухучу хенахь, цуьнан цIахь бераш хилар чоьте а ца эцна элира цо.
Кисто-кIант: «14 шо тохар нийса дац. Бераш а, зуда а ма ю цуьнан. Суна нийса ца хета иза».
ДАIИШ терроран тобанца зIенехь хилар хьокъехь, Гуьржийчохь хIара кхел дуьххьара яц. Оццу Тбилиси-ГIалара кхело луьстуш ду Аджарера 4 вахархочуьнна хьокъехь гIуллакх а. Уьш кхо бутт хьалха дIалаьцнера Iедалша. Царна а бехке дуьллуш ду, оцу терроран тобанца зIенаш хилар.
ПIаьнказ чIож кху итт сов шарахь, йохьарлаьцна юьйцуш ю, къаьстина Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаша. Наггахь жигара доккхуш, наггахь гIелдеш а кхайкхадо цара иза, террорхой бу цигахь бехаш бохуш. Цу тайпа рогIера Iаткъам цара бан болийна цхьа бутт хьалха. Москохано чIагIдеш дIахьедар динера оцу чIожехь террорхой хилар сов, цигахь цара тIеман Iаморш деш ду а бохуш.
Иза бакъ доцийла хаа йиша ю хьенна а.Цига боьду некъ биллина бу. Дукха хан йоцуш цига кхаьчнера Оьрсийчоьнан «Россия-24» цIе йолчу каналан тоба а. Царна а цакарийнера цигахь Кремло бохург.