Британин махкахочунна тIехь дуьххьара кхел ю дIайоьдуш Бирменгемехь, цо ДАIИШ тобанца юкъаметтигаш лелина аьлла. Кхеле озийнарг ю 26 шо долу зуда Шакил Тарина. Иза Шема яхана хилла, шен дакхош долу бер а эцна.
Шакил хIинца бехке еш ю иза "Исламан пачхьалкх" олучу тобанера экстремисташ лелочуьнца уьйраш йолуш хилла аьлла. Цул сов цунна бехке дуьллуш ду террор лелоре кхайкхамаш бар. Цу зудчо цхьацца тексташ язйеш хилла интернетерчу социалан машанашкахь.
Шакил Таринас тIе ца дитина шена дохкуш долу бехкаш, амма иза къера хилла ша Шема-пачхьалкхе яхана хиларна. Кхелан сацам бовзуьйтур бу Оршот дийнахь.