Террорхой бале бевлла мухIажираш тIеоьцучу къинхетаме немцошна

Германи - Мюнхенехь терроран тIелатар дан мега аьлла хаам к[аьчна вокзалана ха деш бу полицин белхахой. ГIур.31, 2015

Германехь а, Францехь бусулба орамаш долчу террорхоша цхьа могIа тIелатарш даро керла хаттар айдина юкъараллехь – беллачу террорхойн дIабохкаран кеп муха хила еза бохург.

Your browser doesn’t support HTML5

Террорхой бале бевлла мухIажираш тIеоьцучу къинхетаме Германина

Аьхка немцойн Вюрцбург а, Ансбах а гIаланашкахь Iожалхоша дуккхаъ маьрша нах а бойъуш, дуккхаъчарна чевнаш а еш талорш динчул тIаьхьа цкъа хьалха цу зуламийн закъалтийн кхолламаша а, церан гергарчаьга деанчу а вонаша а.

Цул совнаха пачхьалкхана бусалба шаьш лоручу террорхошкара хIоьттинчу керлачу кхерамаша а боллу тидам шена тIе озийна хиллехь, цул тIаьхьа жимма хан а яьлла, хиллачунна гонахьара гIовгIа мелла а йижинчул тIаьхьа хIаваэхь кхаза дисина и хаттар – хьашт дуй, меттигерчу бусулбачийн цхьаьнакхетараллаша, Iедалан чотах белхаш беш йолчу, Iожалхошна, царна могIарера бусулбанаш белча еш йолу ритуалаш а еш, бусулбачу кешнашкахь дIабохка?

Декхарийлахь буй меттигера имамаш террорхошна докъа ламазаш дан? Я Iедало цхьанхьа цIе йоцучу кешнашкахь, цхьанна а мила ву дIавоьллинарг а ца хоуьйтуш, лаьтте верхо веза зуламхо? Хьан тIеоьцур ю шена и нах дIабохкарца йоьзна йолу харжаш, Европехь каша лелор вуно механа деза хIума хилар тидаме эцча муххале а? Я иза тIаьххьара верзоран гIуллакх цуьнан гергарчаьрга шаьшка дайта деза?

Германерчу Ансбахехь а, Вюрцбургехь а террорхой тIелатарш диначу шина жимчу стеган декъий хIинца а лаьтте дерзина дац, - Iедалхой церан зуламашна гонахь талламаш бина бевлла ца хиларца доьзна ду иза.

Амма цу шина стеган декъий Iедало схьаделла делахь а, и шиъ шайн куьйга кIеларчу имамашкахула лаьтте верзон кийча яц цу махкарчу бусулбачийн коьрта цхьаьнакхетаралла – Германерчу бусулба нехан Кхеташо. „Бусулба стаг бусулба Iадаташца дIавола везаш ву, амма цигахь кхин имам ца хилча ца мегаш хIума дац“, - элира цу хьокъехь Кхеташонан куьйгалхочо Мазиек Аймана.

Шен рогIехь террорхоша нах байъинчу Баварерчу бусулбачийн Кхеташонан векал волчу Ал Къомсан Муххьамада шаьшка цкъачунна Iедалхоша и Iожалхой дIабохкарх аьлла хIуммаъ дац, амма олуш хилахь а, меттигерчу бусулба кешнашкахь цхьа а террорхо вуллур вац, я шаьш царна докъан ламазан церемони а йийр яц, элира оццу хааман гIирсе.

Террорхой дIабохкаран проблема Францехь Германехь чул а хьалхох кхоллаелла. Цигахь 2015-чу шарахь Парижехь теракташ йича юкъареллехь вуно шовкъене дийцаре деш дара и хаттар- мила ву террорхойн дIабохкарна жоьпаллехь хила везаш? Хьакъ буй уьш бохкане а кешнашкахь бохка?- бохуш.

Даханчу аьхка террорхочо 80 сов стаг вийначу Ницца гIалахь бусулбачу нехан ассоциацин куьйгалхо волчу Магамадов Рамзана Маршо радиоца шен цу хьокъехь хиллачу къамелехь дийцира, велларг – иза дийна волчу хенахь мухха а ваьхнехь а, цуьнан валар мухха а хиллехь, лаьтте верзор тIаьхьабисначеран декхар ду, аьлла.

ХIунда аьлча, иза дийначеран адамаллин декхар ду, ткъа велларг шен леламашна жоп ша кхоьллинчу Далла хьалха луш ву, аьлла.

Магамадов Рамзан: „Стаг, дуьненчохь ша дийна волчу хенахь иза мухха а хиллехь а, цуо муьлха а зуламаш лелийнехь а, вайн Пайхамаро, Делан салам хуьйла цунна, омра дина вайн цуьнан хьокъехь цуьнца адамалла лелайе аьлла. Дала кхоьллина са ду иза. Велла волчу стеган, иза кхоьллинчу Делан юккъехь дерг вайна хуур дац.

Амма и велларг лаьтте дIакховдо везаш ву. Цунна Дала гечдойла ала дезаш ду. Цунна тIера цуьнан гергарчара сагIа даккха дезаш а ду, шайн аьтто белахь. Политике а дерзийна и хIума, иза дIавуллур а вац, цунна докъан ламаз дийр а дац бохуш дийцар суна нийса ца хета.

ХIунда аьлча Муса Пайхамаран заманчохь иштта цхьаьна зуламхочун дакъа дIа ца дуллуш хьал хIоьттича, Дала цуьнга аьлла, цу стеган дакъа дIадолла, цунна гечдар я ца гечдар шегахь ду, аьлла. Нагахь санна иза иштта дац, и велларг бусулба Iедалехь дIаволла мегар дац бохуш цхьаъ велахь, цо ша бохучунна бух балон беза“.

Цу юкъана белла болу террорхой дIабохкар я ца бохкар, цхьаболчу ладогIархошна хетадала ма-маггара, беккъа бусулба дин лелочу зуламхойх хьакхалуш дац. Немцойн къомах а болуш, цIеххьана амоке а бовлий, шайца ишколашкахь доьшуш долу бераш я новкъа боьду-боьлху нах байъа арабовлий, цул тIаьхьа шаьш шайна тухуш леш болу зуламхой а бу меттигерачу Iедалша цIе йоцучу кешнашкахь цхьанна а ца хуучу меттехь дIабухкуш.

Иштта, масала, 2002-чу шарахь немцойн Эрфурт гIалахь ша доьшучу ишколехь 16 стаг вийна, юха ша шена тоьхна хилла волу Роберт Ш мичахь дIавоьллина ву хоуьйтуш дац, цуьнан цIерачарна бен. Иштта 2009-чу шарахь 15 стаг вуьйш ишколехь герз диттина, цул тIаьхьа ша вийна волу Тим К а ву цхьанна а ца хуучу меттехь дIавоьллина.