Украинехь кадыровхойн девнаш дийлар, Кадыровн кIанта КъурIан дагийначунна йеттар. КIиранан жамIаш

Кадыровхой, гайтаман сурт

ХIинжа-ГIалахь хиллачу лелхийтарийн бахьанаш, кадыровхоша а, Украинера Оьрсийчоьнан комедатуро а вовшашна герзаш деттар, Кадыровн кIанта йиттина шена аьлла, КъурIан дагийначо бина латкъам, Даудовх инарла-майор вар. Цунах а, кхиндолчух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 24-чу подкастехь.

Your browser doesn’t support HTML5

Кадыровхоша тIеман гIирс бехар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #24

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

ХIинжа-ГIалахь хиллачу лелхийтарийн бахьанаш

ХIинжа-ГIала чувоьддучуьра федералан некъа тIехь эккхийтар хилира, автосервисехь йаьлла цIе луларчу лаьттан туьха латточу гIишлох кхерстинчул тIаьхьа. Цунах лаьцна дIахьедира Оьрсийчоьнан Талламан комитето. Марсхьокху-беттан 14-чохь буьйсанна итт сахьт долучу заманчохь Nafta олучу бензин, газ йуттучу меттигера машенаш тойечу сервисехь цIе йелира. Цигарчу суьрташа Iадийнера республика.

Махкарчу могушалла Iалашйаран министраллин тIаьххьарчу хаамашца, оцу меттигехь велла 35 стаг, кхо бер а цхьаьна. Кеп-кепара чевнаш йира 115 адамана. Дукха нах балар а, лазор а дузу, и адам кхерамечу меттигехь лаьтташ дисарна, йогучу цIаре а хьоьжуш. Эккхийтар хилла диъ сахьт даьллачул тIаьхьа ницкъ кхечира цIе д1айайа. Марсхьокху-беттан 15-чохь Дагестанехь тезат кхайкхийра.

Оцу йукъанна, хIинца довзанза дуьсу масех дакъа – могушалла Iалашйаран министралло гергарчаьрга кхайкхам бина ДНК йайта ХIинжа-ГIалара морге тIедуьйла аьлла. Генетикан экспертиза йича бен бевзар болуш бац уьш.

КХИН А ХЬАЖА: ХIинжа-ГIалахь 35 стаг велла. Дагестанехь тезет кхайкхийна

Бохам хиллачу хьалхарчу саьхьташкахь хаамийн гIирсаша а, и сурт гинчара дуьйцура, газ чохь хилла йаьш лилхина бохуш. Делахь а, шолгIачу суьйранна, "Коммерсантан" хаамашца, хеттарш дан дIавигинера селитра чохь латточу чоьнан да, 34 шо долу Насрулаев Эльдар. Кхерамзалла а ца ларйеш хьашташ латттийна, ларамза дуккха а нах х1аллакбар аьллачу артиклехь бехктакхаман гIуллакх долийна талламчаша. Талламан комитетан коьртачу аппарате дIаделла гIуллакх, экономикан сферехь пачхьалкхан Iедална дуьхьал дина зулам санна луьстур долуш ду.

2019-чу шарахь йинчу инвентаризацица а догIуш, ХIинжа-ГIалин дозана тIехь болх беш 134 газ а, бензин а дутту меттиг бу, уьш йерриш а болх беш хилла кхачамбацарш долуш. БархIанна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш дехира, ткъа кхин а 16 станцин хьокъехь чуйелла искаш йу, церан белхаш сацабайта.

Кадыровхоша а, Оьрсийчоьнан комедатуро а вовшашна герзаш деттар

Украинера Донецкан кIоштара Урзуф эвлахь марсхьокху-беттан 11-чохь кадыровхошна а, оккупаци йинчу Оьрсийчоьнан тIеман комендатурин белхахошна а йукъахь герзаш деттар нисделла. Цунах лаьцна дIахьедина Мариуполь гIалин мэран хьехамчас Андрющенко Петра. Мариуполь гIалина 45 чакхарма дехьа йу и эвла, иза а йу Оьрсийчоьно дIалаьцна. Девнна йукъахь нисвелла виъ воцург а, кхин а ворхI маьрша вахархо велла, чIагIдо украинхойн агIоно.

ASTRA телеграм-каналан хаамашца, журналисташа телефон тоьхнера Урзуфан куьйгалхочуьнга Топузов Иване, цо а бакъдира, билггал герзаш деттар а, цигахь нах байар а. Оцу йукъанна, билггал цигахь маса стаг хилла а, хиллачух а ма-дарра дийца ца хIоьттина иза, оцу меттигехь болх бечу Талламан комитето кхин сов информаци луш йац аьлла.

Украинхойн Iедалан версица, кадыровхой, уьш маса стаг вара цара а ца дуьйцу, Урзуфе баьхкина хиллера садаIа – Азовн хIордайистехь йу и йурт. ТIеман комендатурица дов даьллера церан, цул тIаьхьа Нохчийчуьра цхьахволу эскархо, къаьркъа мелла а волуш, герз детта волавеллера.

Нохчийчоьнан зорбанан министро Дудаев Ахьмада "фейкаш", "пайдабоцу пропаганда" а йу элира, кадыровхой оцу девнна йукъахь хилла бохург. Бакъду, герзаш диттина хиларна керст ца дира цо.

КХИН А ХЬАЖА: Украинин Iедалхоша дIахьедина кадыровхоша герзаш деттарх. Маьрша ворхI вахархо велла

Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу Урзуфан эвлара бахархоша шайн цIераш ца йохуш чIагIдо, "шина минотехь юкъ-кара сеца а деш" герзаш диттира аьлла.

Цул тIаьхьа Урзуфе чу-ара волу некъ дIакъевлира, оккупацин Iедалша карантин кхайкхийра йуьртахь, ткъа Мариуполь гIалин кхеташонан телеграм-каналехь видео йаржийра, хетарехь, герзаш диттинчул тIаьхьа йаьккхина.

Кадыровн кIанта йиттина КъурIан дагийначунна

Волгоградехь КъурIан дагийна аьлла лаьцначу Журавель Никитас дIахьедина, Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь Нохчийчоьнан куьйгалхочун 15 шо долчу кIанта Кадыров Адама йиттина шена аьлла. Оцу кепара латкъам барх хаамбина махкара адамийн бакъаонаш Iалашйан декхаре винчу Солтаев Мансура. Цо чIагIдо, оцу хьолан йистйаккхар шена Оьрсийчоьнан омбудсмено Москалькова Татьянас тIедилларх.

Солтаевс бахарехь, Соьлжа-ГIалара изоляторехь хилла иза, цигахь Журавеля дийцина шена боху, камери чуьра Кадыров Рамзан араваьллачул тIаьхьа, цуьнан кIанта Кадыров Адама буйнашца а, мийрашца а йиттира шена.

Пачхьалкхан "Грозный-Информ" агенталло зорбане хIоттийна Журавелян цIарах кьугйаздинчу кехатан сурт. Цу тIехь чIагIдо, лаьцначуьнца цхьанакхеттера Кадыров, "цуьнга бусулба дин тIеэцарх дийца" 1алашонца.

Журавель Никитина йиттина аьлла, дуьххьара хааме даьккхира Iедалхошкахь йолчу "ЧП/Вайнах", "ЧП/Грозный" пабликаша. Цхьатерра чулацам болчу посташкахь чIагIдо цара, "Кадыров Рамзана пурба делла бен хила йиш йоцург ду и". Хьалхо цо масийттазза кхерамаш тийсира, КъурIан дагораш хIаллакбийр бу аьлла. Схьагарехь, оьрсийн регионан куьйгалхочунна хетта, дуьйцуш ца Iаш, дийр ду бохург дан деза аьлла", - йаздо публикацешкахь.

Нохчийн оппозиционерашна тамашен хета, Iедалхошкахь йолчу агIонашкахь Кадыров Рамзанна критика йеш санна посташ гучуйийларна. Бакъоларйархочунна Янгулбаев Абубакарна хетарехь, шаьш хIинццалц лелийна хилла пропагандин кепаш хийца ойла хилла Нохчийчуьра Iедалхойн.

"Дуьххьара ду кадырохвой шайна Iеминчунна тIера бовлуш, махкхаь муьлхха а кепара ницкъ бахь, кадыровхой цунна гунахь бац бохуш, чIагIдора хIинццалц. Цара бакъ ца дора, йа дош ца олура, йа шаьш ницкъбинчуьнга бертаза гIело йина йац олуьйтура. Ткъа кхузахь кадыровхоша шаьш схьа боху", - элира Янгулбаевс.

ХIара подкаст зорбане йоккхучу заманчохь шен кIанта лаьцна датточу Журавель Никитина йеттарх Кадыров Рамзана йина комментарий йац.

КХИН А ХЬАЖА: КъурIан дагорна лаьцначунна йиттина аьлла шеконаш йу Кадыровн 15 шо долчу кIантах

Кадыровхоша латкъамаш бина герз дац аьлла

Украинехь болчу кадыровхоша латкъамаш бо, тIемаш бечу зонехь шайна кхачам боллуш тIеман гIирс луш бац бохуш. Нохчийчоьнан куьйгалхочуьунга цара бен кхайкхам зорбанехь баржийна оппозицин NIYSO телеграм-канало.

Видео тIехь бархI эскархо ву, царех цхьаъ Нохчийчоьнан байракх тIехь йолу кепка тиллина ву, 408-чу штурман ротин командир ву ша олу цо – оцу декъах йиллинчу хьасташкахь информаца йац.

"Тхан ротин, кхо-йиъ гранатомет а, пхи-йалх топ а йоцург кхин дIоггара даккхий герзаш делла дац тхуна. … Дела дуьхьа, тIеман гIирсаца дехьа тхуна гIо", - боху эскархочо камера дуьхьал.

Маца, стенгахь видео дIайазйина йу, билггал хууш дац. Нохчийчуьра Iедалхойн а, йа тIеман а векалех публикацина йина комментарий йац цкъачунна.

Оьрсийчоьнан армица гуттар а хуьлуш дерг ду, царна тIеман гIирс цатоар, дийцира оцу видеох лаьцна Кавказ.Реалиига украинхойн политолого Савва Михаила: «Оьрсийчоьнан тылан система чIогIа ледара болх беш йу, оцу кхайкхамехь дуьйцург рнислуш хIума ду: патармаш ца дохьу, йуург, йа машен ца карайо. Цу тIе, ВСУ-но чIогIа жигара къахьоьгу тылехь йолу базаш, тIеман гIирс, логистикан некъаш хIаллакдеш. Дикка аьтто баьккхина цо Украинана хIинцале а".

ХIора кIиранахь нохчийн пачхьалкхан хаамийн гIирсийн сюжеташкахь дуьйцу лаамхой тIаме бахийтарх "царна мел оьшург" Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо латтош хиларх а.

Хьалхо эскархойн хьелашна латкъам бинчийн шайн дешнаш йухаэца дийзира. Стохка товбеца-баттахь Нохчийчу йухабаьхкинчу лаамхоша видео дIайазйира, лур ду аьлла ахча а ца ло шайна, йа лоьраша тергал ца до шаьш бохуш. Бакъоларйархойн хаамашца, "лаамхойн" тептаре йазбо полицино лецнарш, Iедалхошна гергахь "бехкала бахнарш", йа Кадыровн критикийн гергарнаш.

КХИН А ХЬАЖА: Кадыровхойн латкъамаш баржийна нохчийн жигархоша

Даудовх инарла-майор вина Путина

Оцу йукъанна, Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин инарло -майор ву. Оцу кепара омрана куьгйаздина президенто Путин Владимира. Шен телеграм-каналехь Нохчийчоьнан урхалхочо хаамбина цунах лаьцна. Путина "иштта рогIера йуха а лаккхара мах хадийна Кадыровн командин" аьлла цо.

Кадырвс бахарехь, мехкан парламентан куьйгаллехь хилла ца Iаш, Даудовс урхалла до Украинехь тIеман операци дIахьош а. Украинана дуьхьал болийначу тIамах официалехь иштта алар тIедожийна Оьрсийчохь

Украинан кхерамзаллин сервисо кху бIаьста шеконаш кховдийра Даудовга, цо Оьрсийчоьнан тIелатарехь дакъалацарна. Урхаллин сайтехь билгалдаьккхина ма-хиллара, "Кадыровн уллорчу нахалахь ву иза, луьра тIом барехь цуьнан тIедакхарш кхочушдо" цо.

ТIамехь дакъалацарна Оьрсийчохь Сийлаллин орден йелира Даудовна – сепаратистийн "ДНР", "ЛНР" олчу метитигашка иза вахначул тIаьхьа.

2014-чу шарера схьа дуьйна Даудов Мохьмад Американ Цхьаьнатоьхначу Штаттийн санкцийн тептарехь ву, адамийн бакъонаш ларйеш вац аьлла. 2020-чу шарахь цунна дозанаш туьйхира Британихь а, ЛГБТ+адамийн бакъонаш лар ца йарна Нохчийчохь. Украинехь шуьйра тIом болийначул тIаьхьа Польшин санкцеша а лецира Даудов.

Оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона тIаьхьабевлла лелачу хьаькамийн могIарехь а ву парламентан хьалханча. 2019-чу шарахь Даудовс чIир кхайкхийра цунна, Кадыров Ахьмад нохчийн къоман йамартхо вара блогеро аларна.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: