Дешаран шо долалуш ГIебарта-Балкхаройчоьнан а, Ставрополан мехкан а колледжаша дронаш лелон Iамош масех комплект эцна. Дешархошна дронаш лелон Iамор тIедиллина Оьрсийчоьнан президента. Кавказ.Реалиин сайто дуьйцу, Къилбаседа Кавказехь муха кечамаш бо керла курсаш йукъайахарехь.
Беспилотникаш лелоран курсаш школашкарчу дешаран программашкахь хилийтар охан-беттан чакхенгахь тIедожийра Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира. "Ца оьшург ца лелорехь" гIо хир ду дешархошна, "пачхьалкхана пайде а хир ду" иза, аьлла цо. Йуьхьанца тIеман кечамаш олучу программина йукъатоьхна и тема – иза йу Iилманан министралло школан ОБЖ-н курсехула тIечIагIйина.
Оцу кепара Iилма оьшур ду гIишлош йоттархошна, энергетикан, транспортан белхахошна, аьлла Путина. Амма школан программе къаьсттина тIеман хьуьнарш Iамор бен ца ийцира. 10-11 классашна ОБЖ урокашкахь дуьйцур ду, тIамехь дронаш лелор, меттиг таллар, мостагIчун дронашна дуьхьало йар а. Марсхьокху-беттан чакъенгахь арахецначу программехь дуьйцу цунах.
2024 шеран гезгмашин-баттахь дIайолор йу боху курсаш, уьш "Кхерамазаллин бух а, Даймохк ларбар а" олучу книги йукъатухуш йу. Iилманан министран гIовсо Тимофеева Татьянас дийцарехь, федералан низамашкахь хийцамаш кечбеш бу оцу хьокъехь, тIаккха Iаморан программа тIеман министраллица цхьаьна кечйеш йу. Делахь а, цунна кечамаш дан аьхкенан йуьххьехь йолайелира оьрсийн школаш.
Iилманан министралло марсхьокху-беттан 17-хь дуьйна тIечIагIйира колледжашна лерина программа. Министро Кравцов Сергейс дIахьедира, говзаллийн тептаре дронийн операторан говзалла йукъатоьхна аьлла. Дешаран керла шо доладелча ГIебарта-Балкхаройчоьнан а, Ставрополан мехкан а колледжаша "дронаш лелориг" Iамон масех комплект эцна, иштта царна ремонт йан оьшург а.
ТIеман профилан говзанчаш
ГIебарта-Балкхаройчуьрчу гуманитаран-техническан колледжо цхьаъ, ах миллион гергга соьмах дронийн комплекс эцна. Кхин а пхиъ, ах миллион сом дайъина дронаш чохь долуш интерактиван Iаморан класс кечйарна. Цу чохь студенташна Iамор ду квадрокоптерша муха болх бо, царна таллам муха бан беза, тайп-тайпана дронаш вовшахдаккха, вовшахтасса Iамор ду.
ТIеIаморан курсаш санна дIахьош йу хIинца дронаш лелон Iаморан урокаш
"Низам лардаран болх" олург Iамош ду колледжехь шо доладелчхьана. "Студенташа шен парашкахь хIун до" гайтира цига кхайкхина долчу 8-чу классера берашна керлачу программин куьйгалхочо: автомат кхийса, тапчаш вовшахйаха Iамийра бераш.
Профессионалитетан агIо схьайиллира федералан проектан гурашкахь – цунна лерина 60 млн сом билгалдаьккхира. ТIейогIучу хенахь ницкъахой хила луучарна ГIебарта-Балкхаройчоьнан гIишлош йоттаран, автонекъийн, агроиндустрин колледжашкахь 500 сов бюджетан меттигаш гучуйелира.
"Оператор БПЛА мультироторного типа" Iаморан комплексана лерина ах миллион гергга ахча дайъира Ставрополан махкара Минеральные воды гIаларчу шуьйрачу профилийн колледжо. Цхьаъ бен воцучу совдегархочуьнгара эцна йу иза – цунах лаьцна хаамаш бац пачхьалкхан сайтехь.
Тендеран тIедилларца а догIуш, тренажер лахьан-беттан чакхенгахь колледже дIакхачор йу. Беспилотан системийн операторан профилехула хьехархой лоьхуш йу колледж. Коьрта болх биссалц, "классашкахь боцу кхеторан болх" лелон безар бу цо студенташца а, церан "дай-наношца" а.
Ставрополан мехкан Iилманан министралло тIечIагIйина йолу къаьсттина кхетам болчу берашна лерина Михайловскера "Поиск" центро дронаш а, царна оьшу гIирс а эцна 317 эзар соьмах. Цхьаъ бен воцу совдегархочуьнгара ийцира иза а.
Бинчу бертаца а догIуш, оцу доьшийле Китайхь йина йалх квадрокоптер дIакхачон йеза совдегархочо, царна лерина шиъ пульт а, аккумуляторш, бернаш а – гIадужу-беттан 3-хь дIакхачийра уьш доьшийле.
Ставрополан мехкан Iилманан министралло марсхьокху-баттахь дийцира, урокашкахь лелош долу дронаш йерриг регионехула йолчу 100 доьшийлехь хIинцле а лелош йу – царлахь колледжел, тIеIаморан центрел сов, лаккхара доьшийлаш а йу.
Your browser doesn’t support HTML5
Школан программица боцу болх
Беспилотникех лаьцна керла курсаш колледжашкахь йукъайаьхна ца Iаш, школашкахь а хир йу. "Основы безопасности жизнедеятельности" урокан программа хийцайелира гезгмашин-беттан 1-хь дуьйна йерриг пачхьалкхехь. ТIамна йуьхьанца кечамбар олург йукъатоьхна цига, 90-чу шерашкахь дIайаьккхинера иза программера. НВП-н гурашкахь йукъатухур йу беспилоткех лаьцна курсаш.
"Просвещение" арахецаралло гайтира мангал-беттан йуьххьехь "ТIамна йуьхьанца бен кечам" олу дакъа долу ОБЖ-н керла книга. Цигахь ма-дарра дуьйцу тIеман белхан коьрта Iилмах: рогIехь нийса лелар, эскархоша де дика дар, тIедилларх лаьцна, герз лелорах – масала, дешархошна гойту, Калашниковн автомат вовшахйаккхар, схьагулйар, иза кхоссар.
Керла хийцамаш бинехь а, школехь хьехарийн процессан дакъа хилла дIахIиттина йац и курсаш. Федералан низаме хийцамаш дар ца тоьа уьш йукъайаха Iалашо йалахь, дуьйцу Кавказ.Реалиин сайтаца хиллачу къамелехь "Хьехархойн альянс" йукъараллин цхьанакхетараллин куьйгалхочо Кен Даниила.
"Низамна хийцамаш цхьана дийнахь а бало, кхин а хала ду дешаран планашца дерг – школаша уьш цхьанан шарна хIиттайо, – дуьйцу кхъамелахочо. – Кху шарахь цхьайолчу школаша, йа колледжаша бен ца дина иза, амма массо меттехь и курсаш йукъайаха аьтто хир бац тIедогIучу шарахь бен".
ТIеIаморан секцеш санна дIахьош йу тахана дронаш лелоран урокаш. Масала, Дагестанерчу Смурскан йуккъерачу школехь кIирнахь масехазза тIеIаморан урокашка дIагулбо дешархой. Цигахь Iамадо дронаш схьагулон а, уьш лелон а. "Дешар" олучу къоман проектехула кхоьллина йолчу берийн "Кванториум" технопарко дIахьош йу и урокаш. Дагестанехь оцу кепара дуьххьара технопарк йиллира 2021 шарахь, гезгмашин-баттахь.
"Школан программехь хийцамаш барал совнаха, и Iамор даьржина хилийта кхин а агIонаш йу – "партнерийн" хьукматашца болх бар: "патриотикан кхиоран центраш", спортан центраш, кIошташкарчу администрацийн куьйгкIелахь йолу, – дуьйцу Кена. – Амма оцу кепара Iамор урокашца йоьзна йоцуш хир йу, аьлча а, шен лаамехь хир йу".
КХИН А ХЬАЖА: Нохчийчохь дихкина дронаш лелорТIеман-патриотикан центраш
ТIеман министралло кхоьллина йолу "Авангард" олу тIеман-патриоткан центраш йу регионашкахь болх беш – цигахь дешархоша тIеман йуьхьанца болу кечамаш бо, къаьсттина, беспилотникаш лелон Iамадо, дуьйцура пачхьалкхан думан тIеман дуьхьало латторан Комитетан куьйгалхочо Картаполов Андрейс. Амма берриг дешархой оцу центрашкахь Iамабойла дац, тIетоьхна цо.
Дешархой пхеа денна тIеман говзаллаш, герз кхийса Iамош гуламашка боьлху
Амма оцу кепарчу центрийн терахь Къилбаседа Кавказехь, Оьрсийчоьнан къилбехь десташ ду. Гезгмашин-беттан чакхенгахь оцу кепара "Авангард" центр йиллира Ставрополан мехкан Михайловскан эвларчу йуккъерчу №23 школехь. Армех чекхбовла кечбийр бу дешархой цигахь, иштта дронаш лелон а.
Новороссийскерчу №29 йолчу йуккхерчу школехь схьайиллира тIеман-патриотикан кхиоран Центр. Доьшийлан тIехьарчу кертахь тир йоьллур йу – гIаларчу йерриг школийн уьтталгIачу классашкара дешархой Iамор бу кхузахь, дуьйцу Новороссийскан администрацин сайтехь. Дайначу шарахь Кубанехь оцу кепара кхин а ши центр йиллина – Сочехь, Армавирехь.
Iилманан министраллин куьйгалхочо Кравцов Сергейс дийцира, "Авангард" центре дешархой пхеа денна тIеман говзаллаш а, герз кхийса Iамош гуламашка боьлху, иштта могIаршкахь латтаран, инженерийн кечамаш баран а Iилма хьоьху царна. Суьйранна царна дуьйцу "дуьненахь долчу хьолах, гибридан тIамех, низамех, социалан машанашкахь леларан низамех".
"Авангард" цетраш йоцурш, лаккхарчу классашкара дешархой Iамош йу тIеман министраллин Iуналлехь йолу "Эскарна, авиацина, тIеман хIорд-кемашна гIоьнна йолу цхьанакхетарш" (ДОСААФ). Школахошна лерина Ростовн махкахь факультативаш кхолла дагахь йу иза, царна квадрокоптерш лелон Iамош. Ростоверчу ДОСААФ-н куьйгалхочо Трушин Анатолийс дIахьедора, урокаш мехаза масех школашкахь хир йу – "регионерчу дакъошна уллохь йолчу" доьшийлашкахь. Пилотан рожехь дIахьош йу и проект цкъачунна.
Дуккха а дешархой Iамон ДОСААФ-н аьтто хилийта лаахь, оцу кепара урокаш йукъайаха йеза, хIунда аьлча царна тIеман министралло билггал цхьа дешархойн терахь Iамон луш ду ахча, кхетадо Оьрсийчуьрчу Transparency International-н куьйгалхочо Шуманов Ильяс.
"ТIаккха Ростоверчу ДОСААФ-о шаьш дешархой мехаза Iамор бу бахахь – мехаза хIумма хуьлуш дац. Уьш йа мехаза болх беш болу къаьсттина энтузиастхой хила беза, йа тIеман министралло ахча латтош йолу керла тIеман Iаморан говзалла хила йеза", – дуьйцу къамелахчо.
"Беспилотникан оператор" олу кечваран курсаш тIеман министралло 2021 шарахь йолийра – Украинера тIом болабалале, амма хIинца а йаьржина йац иза. Ростоверчу ДОСААФ-о итт-итт стагах лаьтташ йолу пхи тоба бен ца Iамийна – "оператор БПЛА" олучу говзаллехула хьехар долорах оцу цхьанакхетараллин куьйгалхочо дуьххьара дийцира дайначу шеран лахьан-баттахь. Наха шайгара гулдинчу ахчах хIетахь ткъа сов дрон ийцира, тIаккха оцу тобанашка армех хьийсо кечбинарш гулбира.
Ростовера школахой Iамон лерина ДОСААФ-о кхин а итт дрон эцна – ахча даьлла меттиг йуьйцуш йац. Школахой Iаморах лаьцна дийцар доьхуш Кавказ.Реалиин редакцино дахьийтинчу кехатна жоп ца делира цигахь.
- 2022 шарахь милитаризацино дешаран хьукматаш жигара дIалаца йолийра: Z элпан кепехь дешархой дIахIиттабора, эскархошна лерина ахча, сурсаташ кхоьхьуьйтура, студенташа царна балаклаваш, кхинйолу бедарш тоьгура, пешаш йора, дехкина суьрташ, йаздина кехаташ кхоьхьуйтура.
- Пачхьалкхан "Юнармия" боламехула бераш тIейогIучу хенахь армех даха кечдо, ур-атталла хьонк баккха буьгу – Украинерчу тIамехь болчу эскархошна лерина.
- 2022 шеран охан-баттахь ГIебарта-Балкхаройчоьнан Прохладное гIалин колледжан студенташ дуьхьал хилира Оьрсийчоьно Украинин хьокъехь йина агресси къобалйарехь дакъа лаца. Z элпаш каралаьцна видеош йаха декхаре бора уьш.
- "Ладамечух къамелаш" олучу пропагандин урокашка бахкабоУкраинерчу тIамехь дакъалецна эскархой. Ставрополан мехкан Шангала гIаларчу школе валийра и доьшийла йаьккхина волу Бабасиев Радик – Украинерчу тIамехь дакъа лаьцна цо. Цо дийцира, оьрсийн эскархоша оккупаци йинчу латтанаш тIехь лелош долчу талорех. Краснодаран махкарчу Привольная эвлахь йолчу школин кхоалгIачу классера дешархошна лерина "Ладамечух къамелаш" олучу уроке валийра "лараме хьаша" – ЧВК "Вагнеран" йолахо.