Нохчийчоьнан бахархой нуьцкъахаУкраинерчу тIаме хьийсабо бохуш хаамаш кхочу, оьрсийн Iедало мобилизаци йирзина аьлла дIахьедар дича а. Оцу юкъанна дуккха а наха эмиграци йо республикера – нохчийн юкъараллин цхьанатохараллашка а, жигархошка а алсам орца доьхуш кхайкхамаш кхочу. Иштта республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана "повесткаш кхин а оьхур ю" аьлла дIахьедира.
Туркойчоь, Гуьржийчоь, Казахстан йоцург, тIаме хьийсорах уьду нах кхочу меттигех ю Евробертан пачхьалкхаш: Нохчийчуьра бахархой Польшан, Белорусин дозанехь бу, иштта европхойн пачхьалкхашкара мухIажарийн лагершкахь а, дийцина жигархоша Кавказ.Реалиига. Амма мобилизацих идар – иза цхьана пачхьалкхехь низамца богIуш бух бац политикан тховкIело йеха, делахь а, оцу тайпа дIахьедарш дира лаккхарчу политикаша, масала, Германехь. Пачхьалкхехь и нах бахийта дуьхьал хиларх а, ур-атталла депортацеш йарх а кхоьру бакъоларъярхой.
Масала, гIадужу-беттан 30-хь карахь тIекхойхку кехаташ долуш Нохчийчуьра бахархойх редакцица къамелдинчу веанна дуьхьало йира пачхьалкхехь уьш бита. Туркойчухула а, европхойн цхьамогIа пачхьалкхашкахула а кхаьчнера уьш Германе.
ЦултIаьхьа тхан карахь мел дерг схьадаьккхира, тIаккха лагере хьажийра
"Немцойн полици тхан дехаре а ца хьевсира, ур-атталла ладегIа ца хIоьттира. Оцу дийнахь дIа а лаьцна, цIерпоштехь тхо схьадаьхкинчу Австри депортаци йира тхуна. ЦултIаьхьа тхан карахь мел дерг схьадаьккхира, тIаккха Вена гIалина уллохь йолчу лагере хьажийра. Кхузахь тIамех бевдда кхин нохчий а бу. ХIинца тхан аьрзнаш талларе хьоьжуш Iа тхо", - дийцина редакцица къамелдинчех цхьамма.
Пачхьалкхашка схьакхочучу Нохчийчоьнан бахархойн терахь тайп-тайпана хуьлу, боху бакъоларйархоша, Оьрсийчуьра дIабоьлхучу нехан терахь билгалдаккха йиш ца хуьлу. Официалерчу хаамашна тIетовжар ду дуьссург: республикерчу Росстатан зерашца, 2022-чу шеран дечкен-марсхьокху беттанашкахь дозанал арахьа дIавахара 948 Нохчийчуьра вахархо – дайначу шеран оццу хенаца дуьстича, иза кхузза дукха ду. Мобилизаци дIайолийча регионера дIабахначу нехан терахь хьукмато ца даладо.
ТIаме хьийсорах кIелхьарабовларца муха гIо до нохчийн жигархоша шайн махкахошна, дозанехь, лагершкахь биссинчу наха хIун дан деза, Евробертан пачхьалкхашкахь висса хIун дан деза – иштта хеттарш делира Кавказ.Реалиин редакцино бакъоларйаран а, юкъараллин а цхьанакхетараллин белхахошка.
Махкахошна тховкIело йоккхуш гIо дан аьтто бац, хIунда аьлча, бекхтакхаман гIуллакх дуьхьалдаккха тарло, боху нохчийн бакъоларйаран "Вайфонд" (Швеци) ассоциацин векало Абдурахманов Мухьаммада. Оьрсийн доза хадийча Нохчийчоьнан бахархоша дукхачу хьолехь билгалйаьхначу пачхьалкхашка кхача некъ бийцар доьху, тIаккха тIаьххьарчу 1,5 баттахь цаьргара кхочу кхайкхамаш алсамбевлла.
КХИН А ХЬАЖА: "Къаьсттина дукха бара нохчий, гIалгIай, дагестанхой": мила, муха ведира мобилизацих Гуьржийчу"Цхьа хIума дан йиш ю тхан – консультацешца юридикан гIо дан. Доккхачу декъанна рогIера нах кхочу, божарий, цхьаберш шайн доьзалшца. Низам лардаран органийн, МЧС-н, цIейойъучу хьукматийн белхахой бу царлахь, уьш Украинерчу тIамехь дакъалаца декхаре бо, - дуьйцу къамелдечо. – Масала, европхойн пачхьалкхашка уьш кхачахь, церан агIо лоцуш ходатайство йала мега оха, цкъа дуьхььара церан гIуллакх талла а теллина".
Абдурахмановна хетарехь, дукха хан йоццуш Украинан Лаккхарчу Радано бинчу сацамо – Нохчийн республика Ичкери Оьрсийчоьно оккупаци йина латта хилар тIелацаро – дикачу агIор нисдан мега и хьал. Тайп-тайпанчу пачхьалкхийн миграцин сервисашка дIакхайкхо деза "Нохчийчохь долчу къаьсттинчу хьолах" дерг, аьлла хета къамелдечунна, хIунда аьлча, меттигерчу "тоталитаран ражо бахархой нисс дIа баларе хьийсабо".
Тоталитаран ражо бахархой нисс дIа баларе хьийсабо
МухIажаршна лерина къаьсттина хьехамаш бац, билгалдоккху Абдурахмановс, амма юккъера хьехарш ду: "Нийса шен проблемех лаьцна меттигерчу Iедална дIахаийтар, корматалла йолу юрист лацар, бакъоларйаран юкъаралле орца дехар, кхин а дика ду и меттигера йалахь".
Нохчашкара шортта кхайкхамаш кхочу "Европерчу нохчийн Ассоциаци-н" кхоллархочуьнга Муртазалиев Аслане. Европерчу пачхьалкхехь цхьана ханна тховкIело йалийта тоъал бахьана ца хета цунна мобилизаци йарна кхерам лаьтта бохург. Нохчашца а, кавказхошца йолчу ледарчу юкъаметтигаца доьзна хила а тарло иза, боху Муртазалиевс.
"Транзитан пачхьалкхашкахь болчара тхан диаспорийн векалшца зIе латто йеза шаьш болчу меттигашкахь, тIаккха кхин дIа долчу гIуллакхашца цара гIодийр ду. Жигархошца зIене бовла беза гIуллакх гIардаккха, юристашка орца деха деза, миграцин хьукматашка сихаллин барамаш лелабайтархьама", - хьехарш до жигархочо.
Тахана белорусхойн Брестехула нехан йаккхийра тобанаш дIаоьху, иштта Нохчийчуьра бахархой Хорватехула дIаоьху. Оьрсийчуьра дIабоьлхучу нахах дуьйцучу юкъанна Сулеймановс билгалдоккху, царлахь ницкъахойн болх бинарш бу, амма цара шайх лаьцна дуьйцур дац: "ТIелоцучу пачхьалкхера а, шайн Iедалах зен хиллачу нахера а тIаьхьалонаш хиларх кхоьру уьш".
Хорватерчу лагершкахь латточу шайн махкахошна оьшург эца ахча гулдира меттигерчу нохчаша – оцу хьукматашкара хьал ледара ду, билгалдоккху Сулеймановс. Амма кхин а хала ду дозанахь лаьттачу мигранташна. Царна ерриг оьшу: кхача, буьйса йаккха меттиг, бедарш – уггар чолхе хьал ду шайн кегийрачу берашца долчу дай-наношкахь.
"Царна цхьаъ хьеха хала ду. Тахана сих-сиха хуьлуш йолу проблема – билггал шайн хIун оьшу цахаар. Шайн муьлхачу пачхьалкхе баха лаьа билгал ца доккху наха. Церан планаш нийса хилча царна консультаци йала атта хуьлу. Уггар хьалха собар хила деза, хIунда аьлча, дуккха а нах схьататтабаларна ерриг процессаш меллаша йоьлху", - дерзийна къамелдечо.
Бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь билгалдоккху, доккхачу декъанна шега орца доьхурш тIом ца безаш болу рогIера бахархой хилар, иштта ницкъахой а, амма уьш кIезга бу. Масех кехатийн кеп нийса хIотторца гIо до цо: балхара дIаваларан а, балхах мукъаваккхаран а.
ДIатарвала аьтто а ца хилла, шиъ Оьрсийчу юхавирзина, амма Нохчийчу ца вахана и шиъ
"Мобилизаци дIакхайкхийча ас 57 стагна консультаци йина, ницкъаллин хьукматашкара дIаваларан 22 рапорт йазйеш гIо дина. ВорхI стеган сан гIоьнца аьтто хилла Оьрсийчуьра Белорусе, Гуьржийчу, Казахстане дехьаваха. Халахетахь а, дIатарвала аьтто а ца хилла, шиъ Оьрсийчу юхавирзина. Амма Нохчийчу ца вахана и шиъ", - дийцина Янгулбаевс.
Иштта рапорташ йазйича виъ нохчийн ницкъахо республикера дIавахана, амма церан кхерамазалла ларъярхьама къамелдечо церан цIерш ца йоху. Рапорташ йазйинчарна дуьхьал Нохчийчоьнан куьйгалло тIамех вада гIерта бохуш бехкаш дахка мега, амма оцу тайпа меттигаш нисъелла йац, боху Янгулбаевс.
Орца доьхуш махкахошкара кхайкхамаш гезгмашин-гIадужу беттанашкахь кхочура – мобилизаци йолайелча, дуьйцу редакцица хиллачу къамелехь нохчийн юкъараллин гIуллакххочо, къобалйанзачу Ичкери республикан Германерчу векало Сулейманов Хизира. Цо бахарехь, Евробертан пачхьалкхашка нохчий доккхачу декъанна Туркойчухула а, Балтин пачхьалкхашкахула а кхочу.
"Доккхачу декъанна 20 шарна тIера хенаш йолу кегийрхой кхочу, наггахь – 40 кхачанза болу божарий а. Цкъа а тIеман декхарш кхочушдина боцу, кадыровхойн Iедалца цхьа а юкъаметтиг йоцурш бу уьш. Цара дийцарехь, барзакъ доьхначу масех стага керта а богIий, армех кхойкху кехат кара а лой, шолгIачу Iуьйранна военкомате ваха декхаре во. Суна сайна бевза кху деношкахь тIе а кхайкхина, хIинца герз кхуьйсучехь (Iаморашкахь. – Ред. билг.) болу кегийнах. ТIаме кечдеш къона бераш ду уьш", - дийцина Сулеймановс.
Даймахкахь баккъала а царна мобилизаци йийр ю бохуш тоьшаллаш йаздо юкъаралхочо шен махкахошна. Оцу тоьшаллийн бух тIехь шен арз чу а эцна, цуьнан хьокъехь таллар ду дIахьош, аьлла цхьамма хIинцле а хаамбина. Мобилизаци йирзина бохуш деш долу дIахьедарш – иза хабарш бен дац, тешна ву Сулейманов, Оьрсийчохь ур-атталла и йерзийна йалахь а, амма "нохчий тIетаьIIина дIахьийсош бу".
Your browser doesn’t support HTML5
Хьалхо дийцина ма-хиллара, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана мобилизаци республикехь кхин дIа а хир ю аьлла дIахьедира. СОБР "Ахмат-н" эскархошца хиллачу цхьанакхетарехь Кадыровс билгалдаьккхира, Нохчийчохь "тIаме кхайкхаран кехаташ дуьйлалур ду" аьлла.
"ХIинцца тIекхьуйкхуш кехаташ кхачор ду, нагахь санна иза [тIеман гIуллакхдархо] цхьахйолчу полкехь йа батальонехь дIаязвина велахь, эскаре ваха оьшур дац цунна, иза шечарлахь хир ву, нохчашлахь. Вуьшта цхьанхьа дIавуьгур ву, цхьана дивизи, бригаде, ткъа цуьнан гергарчарна хуур дац, хьо стенгахь ву", аьлла Кадыровс, нохчийн маттахь эскархошка вистхуьлуш
Ичкерин Польшерчу векалша мигрантийн тептарш а хIиттош, тIаккха уьш дозанехь чекхбовлийта гIерташ Iедале церан хьокъехь тоьшаллаш ло, дийцина редакцига "Европерчу нохчийн Ассамблейн" пресс-секретара Албаков Шемала.
"ХIора дийнахь аьлча санна хаамаш кхочу тхоьга. Гуттара орца доьху Белорусин дозанца болчара, - оцу хьолехь цхьана агIор шайна гIо дар, тоьшаллаш дар доьху цара. Амма билггал хIумма чекх ца долу тхан, халахетахь а. Мобилизацих бевддачарна лерина билггал цхьа план йац. Къамелаш ду цкъачунна", - чекхдаьккхина Албаковс.
- Гуьржийн Паьнказан чIожера нохчаша волонтерийн тобанаш вовшахъйетташ, гIо до Нохчийчуьра а, Къилбаседа Кавказан мехкашкара а Оьрсийчоьнан мобилизацих уьдучарна. Кавказ.Реалиин сайтан корреспонденто къамел дира доза хадон аьтто баьллачаьрца а, царна гIодинчаьрца а. Хьалхо гуьржийн Iедалхоша Кавказан регионашкара чуоьхучарна дуьхьалонаш йора дуьйцуш бахьана а доцуш. Гуьржийчоьнан парламентана хьалха Тбилисихь протестан акци йинчул тIаьхьа нах чубита болийра. Гуьржийн Iедалхоша дуьйцуш бахьана а доцуш, тIетаьIIина Кавказан регионашкарчу бахархошна массарна а бохург санна гезгамашин-бутт бовш доза хадон дуьхьалоечу заманчохь къаьсттина чIогIа оьшура махках бовлучарна гIо.
- Нохчийчохь болх бечу бакъонашларъхярхойн а, демографийн а, журналистийн а лараршца, республикерчу статистикех тешна Iойла дац –терахьаш хаздина хила тарло йа оцу агIор, йа вукху агIор, Iедалхошна товчу кепехь. Возуш воцчу демографо Ракша Алексейс билгалдоккху регионехула демографин хаамаш бакъ цахилар.
- Дукха ца Iаш нохчийн бакъонашларъярхочо, оппозиционеро Янгулбаев Абубакара дийцира The Insider гIирсе, митингехь лецначу зударийн гергарнаш, "лаамхой" санна, бертаза тIаме хьийсийна аьлла. ТIаьхьо Соьлжа-ГIалахь тIамна дуьхьал митинге яьллачу цхьахйолчу зудчун хIусамда велира даге лазар иккхина. Адамийн бакъонаш ларъяран "Мемориал" Центро чIагIдарехь, шен зудчунна йеттийтина хиллера оцу стаге, ткъа церан 18 ишо долу кIант Валид (цхьаболчу хаамашца Абу) Украинерчу тIамтIе вахийтинера.