Your browser doesn’t support HTML5
ЦIахь хIинцца баьккхина тIо, цIахь яьккхина кIалд, нехча, ахьарх йина сискал. Махкал арахьа бехачу нохчийн доьзалшкахь кест-кеста хIоттош а, бууш бу и кхачанаш. Уьш хилла а ца Iа.
Дакъийна жижиг, масала, я наха шаьш дуьзна йоьхьаш, я чо-ко чуйоьллина баIарш, Iай шен хан кхаьчча кхерзина хьонка я хьонкий а, нитташ а чу боьхкина хьолтIамаш – и массо а бераллехь дуьйна нохчашна девзаш а, дезаш а, церан къоман тIум шайх хIотталлун цхьа дакъа долу даарш Малхбузехь а кечдо нохчаша. КIеззиг бац Вена шахьарахь, масала, шайн чохь шур чекхйоккху машенаш йолу зударий.
Цу гIалина гена йоцуш Iохкучу фермашкара оьций шура а йохьуш (туьканашкахь юхкучу химикаташ йиттинчу шуьрех тIо-кIалд ца даларна) шайн доьзална а, хьеша-дена а тIой-кIалд латтадо цара.
Цхьана агIор и дайн кхачанаш Малхбузехь а биц ца бар, уьш Даймахкана мел генахь хилча а безаш, ларбеш кхабар шайн орамашца йолчу уьйраца а, геналлехь Даймохк кхин а чIогIа безаш а, оьшуш а хиларца а доьзна ду. Вукху агIор, нохчийн кхачанаш, уьш цхьаццадолчу кхечу къаьмнийн санна шорталлийца я чолхаллийца къаьсташ бацахь а, амма могашаллина вуно пайдехьа хилар теллина бIешераша.
Масала, Малхбузерчу Европехь а, кхечу меттигашкахь а туьканашкахь юхку шура чомана ледара хилла ца Iаш, кхин а иза сихха талха ца талхийта цхьацца химикаташ йиттина хуьлу. КIалд йоккхур яра-кх аьлла иза ятон гIоьртича, ятарна метта иза къахь а лой, телха. Дукха сиха кхийтира мел кIезга а кIалд яккха хьуьнар долу нохчийн зударий и шура берашна а дика хила йиш йоцийла – иштта карийра царна гIалел арахьа бехачу юьтабахаршна тIебоьду некъ.
Изза хьал ду жижигаца а. Малхбузе схьабаьхкинчул тIаьхьа дикка хан еза вайнахана цигарчу жижиган чомаза хиларх дIаэн. И жижиг туркойн а, Iарбойн а йохкархоша хьаналчу хьесапехь урс хьаькхна а, вуно хаза семса дерг а, даьIаг ерг а доькъий лелош делахь а, чудоьхкина а дахкош, эвсаралла лакхаяккха молхнаш а даош кхиочу бежинийн жижиган чам буста ца ло аренца сийна буц юууш маьрша кхууьчу Нохчийчуьрчу бежанийн жижиган чомаца. Цу хьолера а некъ карийна Европехь бехачу нохчашна – цара Полшера а, Литвара а аренца кхииначу бежинийн жижиг а дохьуш, вовшашлахь духку.
Венехь еха Уматханова Совдат а ю шен доьзелехь нохчийн кхачанан ламасташ лардечарех. Цо дуьйцу, ша шен петарехь жижиг муха дакъадо.
Уматханова Совдат: «Тоьлларг бен жижиг ца леладо ас дакьа деш, дукха дерстина хилча я дукха оза хилча а дика ца хуьлу иза дакъийначул тIаьхьа. Ас и жижиг, дара а дорий, пIенда белахь иза ата а дакъошка ата а отий, туьха тоссий берамалахь буьйса йоккхуьйту цуьнга, юха Iуьйранна тIекIел доккху иза шен берам чохь.
Ткъа сарахь ас иза Iовда далийта хьалатосу. Цул тIаьхьа иза дикка Iовдаделлачул тIаьхьа ас иза йовхачу метте, масала, чоь йохйечу батареяна улле хьалауллу. Дакъаделлачул тIаьхьа ахьар галица а, езачунна дема галица а, картолца а кхехка до, кIон берамца я картолан берамца вуно чомехь а хуьлу. Садузош кхача бу иза».
Европехь бехачара шайн къоман кхача кечбаран кепаш ларъяр, шена хетарехь, и кхача нохчийн тIамарх боьлла хиларца доьзна ду, бохуш дуьйцу Совдата кхин дIа а.
Уматханова Совдат: «Вайн цIахь долчу хенахь и кхачанаш вайна даима а долуш ма дуй, ткъа кху аренца кхара юучу хIумнах вай дуза а ца дузу, я цунах тоам ца хуьлу вайна. Вай кегий долуш дуьйна схьа вайн чохь хилла кхача ма бу иза, вайн баккхийчара иза бууш вай а цаьрца и кхача бууш хилла ду. Баккхийчара олура-кх, бовха хьокъаммий, тIой, сийна хоххий, кIалддий – цаьрга кхочуш юург яц олий.
Иза ду аьлла хета суна иза – вай миччахь а хилча а тIамарх боьлла кхача бу иза. ХIинца кхузахь суна евзаш масех зуда ю, фермашкара шура а оьций, цунах тIо-кIалд доккху цара. Вуно цIена а, оьзда а зударий бу уьш. Цаьргара тIо-кIалд а, нехча а оьцу ас. Био-сурсаташ ду уьш, чомехь а долуш, могашаллина дика а долуш».
Европехь хан дукхах мел йоккху а, нохчийн Iадаташца а, нохчийн Iер-дахаран кепаца а марзо алсамйолу аренца бехачу дукхах болчу нохчийн. Уьш юхьенца санна цец ца буьйлу Европано лочу аьттонех а, таронех а. Мелхо а, Малхбузерчу хьоло лучу аьттонашца нохчийн ламасташ цхьаьна а далош, шинна а агIонера дика хIуманаш цхьаьнатоха гIерта уьш.
Иштта, масала, хьарам-хьанал чIогIа лардо цара, ур-атталла берийн бешарчу бераша а тIаьхьа. Ур-атталла Малхбузехь берашна свуно чIогIа езаш йолу "Харибу" мармелад ца юууш юьта бераша, цунах хьакхийн даьIакех даьккхина желатин туху бохуш.