Your browser doesn’t support HTML5
Масех де хьалха Тбилисерчу цхьана петарахь террорхой гучубевлла аьлла теман операци дIаяхьира меттигерчуIедалхоша.Ткъа сахьтехь гергга, го а бина, цу петарера нах арабаха я лаца гIоьртира меттигерчу нуьцкъаллийн структурийн белхахой.
Герзаш дIасадеттарехь цхьа Iедалан белхахо а вуьйш, тIемалой бу бохучарех кхо стаг а вуьйш бирзира и Iоттабаккхам. Гуьржийн Iедалхоша террорхой лерина кегий нах чохь хилла петар а, цунна лулара масех петар а герзаш дIасадеттарехь яьллачу цIергахь ягийна.
ТIемалой бу бохурш чохь хиллачу петаран долахо нохчо ю. Иза Австрехь ехаш йолу Жабраилова Тина ю. Маршо Радиоца шен хиллачу къамелехь Тинас дийцира, Тбилисехь шен хIусамна гонахь дIабоьлхучу хиламех лаьцна интернетера хиира шена, бохуш. Цо дийцарехь, я иза а, я цуьнан доьзал а цхьанна а кепара зIенехь бац петара чохь хилла бохучу нахаца, я и нах муьлш бу а ца хаьа цунна.
Жабраилова: «Суна иза сай наб ца кхеташ, буьйсанна кхоъ долучу хенахь фейсбук чу аьлча гира, иштта Тбилисехь террорхой гучубевлла, леррина операци ю дIайоьдуш аьлла. Сайн петар йолчу цIийнах и меттиг терхетта, со сайн цу гIалахь вехачу кIантаца зIене яла гIоьртича, цо кхин телефон схьа ца ийцира, вижина хиллера иза.
Юха шолгIачу Iуьйрана ша балха воьдуш ву, шена хууш хIума дац аьлла, хаам баийтира цо. Ткъа тIаьхьа зIене велир иза, боккъал а вайн петар хилла аьлла. Iедало дIа а лаьцна, хеттамаш бинера цуьнга.
Доцца аьлча, цо шен стунвеше делла хиллера петаран догIанаш, Нохчийчуьру дарбанна шина кIиранна деана цхьа майрий а, зудий а, церан ши бер а ду, царна оьшур аьлла. Ткъа цу чохь билггал мила хилла тхуна хууш дац».
Iедалера я кхечу хьастанашкара шена цигахь хиллачух ма дарра долу сурт девзаш дац, боху Жабраиловас, доккхачу декъехь гуьржийн хаамийн агенталлашкара а, телевизионера а ларбо цо цигахь хиллачух хаамаш. ЧIогIа тамашийна а, дуккха цакхетаме хIуманаш шеца долуш а операци ю иза, бохуш дуьйцу цо.
Жабраилова: «Цара дIалаьцнарг цхьа Сурхо боху кIант ву боху, ткъа цо цара шега хоьттурш тIе ца дуьту боху, адвокат а лаьцна боху. Суна ца хаьа цигахь хилларг хIун ду. Я Чатаев а суна вевзаш вац. Суна тамашийна хеташ хIума ду и дерриге а».
Гуьржийн нуьцкъаллин структурийн векалша бинчу хаамца, вийначу кхаа стагах цхьаъ хIинцалца схьа Шемахь ларалуш хилла волу Чатаев Ахьмад хила мегаш ву, ткъа важа шиъ мила ву ца хаьа. Цул сов, кхин а шина стеган цу петара чуьра ведда кIелхьара вала кадаьлла а боху гуьржийн Iедалхоша.
Масийтта шарахь Австрехь ехаш йолчу петаран долахочо Жабраиловас ша ца кхета боху, нагахь санна вийнарг боккъал а Чатаев велахь, дуьнено а террорхо санна лохуш волу и стаг Тбилиси муха кхача йиш ю.
Цо иштта дуьйцу, шен петар чохь и хIума хилар бахьана долуш шен цигарчу лулахошна хьалха вуно чIогIа юхьIаьржа хета шена ша, бохуш, хIунда аьлча Iаьнан юххьехь хIусамех бовла дезна церан а и хилам бахьана долуш.
Жабраилова: «Оцу сайн лулахойх чIогIа эхь хета суна. Далла гуш ду, сан бехкенна хилла хIума дац иза. Делахь а, царна оьшуш хIума дацара иза, тIедеана лаьтташ Iа а долуш. ЧIогIа дика лулахой бу сан уьш, берриш а гуьржий бара уьш. Хаза Iийна дара тхо цигахь. ХIинца а хIара шок суна тIера аьлла яц-кх, айса хIун дан деза ца хууш йисина со».