Your browser doesn’t support HTML5
Оьрсийчоь нийсачу новкъа йоьдуш яц аьлла хета ах гергга цу пачхьалкхара бахархошна. Иза гойтуш бу еарин дийнахь "Левада-центро" арахецна таллам. Социологаша билгалдаккхарехь, иза уггар лакхара гайтам бу цу тайпа талламаш бан болийчхьана.
Махко юьхьарлаьцна Iалашо къобулйо 42 процент Оьрсийчоьнан бахархоша. Цу хеннахь, цунна реза боцучу нехан дакъа ду 45 процент. Цу кепара, "Левада-центро" цу хьокъехь талламаш дIакхоьхьучу 12 шарахь дуьххьара алсамбевлла Оьрсийчохь шайн пачхьалкх нийсачу агIор кхуьуш яц аьлла хетарш.
Жимма хьалхо "Левада-центро" арахецначу талламан жамIаша гайтира махкара ах сов бахархой хийца лууш хилар Оьрсийчуьра Iедал. Иштта, карарчу хенахь Медведев Дмитрийс куьйгалло дон министрийн кабинет дIасахецарехьа бу Оьрсийчуьра ах сов бахархой - 53 процент. Дуьхьал бу – 40 процент.
КХИН А ХЬАЖА: Путин 2024-чу шарахь юха а президент висийта лууш бу ах сов бахархой"Левада-центро" оцу хьокъехь талам бира дIадаханчу шеран ГIура-баттахь. Кхин а цхьа бутт хьалха Iедал хийца деза аьлла хетачу нехан терахь дацара 33 процент а бен.
"Левада-центро" бинчу талламо гайтина тIаьхьарчу маситта шарахь ца хилла жамIаш. Иштта, цхьа шеко а йоцуш, премьер Медведев а, цуьнан Iедалера нах а хийца беза аьлла хетарш бу талламехь дакъалаьцначерах 23 процент. Ткъа хийцича дика хир дара аьлла хетачеран терахь ду 30 процент.
Карарчу хенахь Оьрсийчохь йолчу министрийн кабинетана бехке дуьллург ду махкахь мехаш сиха хьаладовлар а, тIедогIучу рицкъан барам охьабалар а (57%), болх хилийта Iедал гIорасиз хилар а (46%), социалан агIор адамашна оьшучу барамехь гIо дан лаам ца хилар а (43%), кхин дерг а.
КХИН А ХЬАЖА: Эксперташ: Оьрсийчуьра 31 процент кегийрхой кхечу пачхьалкхашкахь баха лууш буТкъа министрийн кабинето бечу балхана реза ца хила цхьа а бахьана дац аьлла жоп делла 7 процент "Левада-центро" бинчу талламехь дакъалаьцначу наха.
Оьрсийчуьрчу бахархоша махкара Iедал ларар лахлуш хилар гойтуш бу кхин цхьа таллам а. Буьйцург бу Оьрсийчуьрчу юкъараллина хетарг толлучу центро (ВЦИОМ) дIабаьхьна тIеххьара таллам.
Цуьнца а догIуш, Iедалехь йолчу "Цхьааллин Оьрсийчоь" (Единая Россия) партин рейтиг охьаяьлла 32,7 проценте кхаччалц. Оццул лахара хилла яцара иза 2006-чу шарахь иза юста йолийначу хенахь дуьйна. 2006-чу шарахь Дечкен-баттахь "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин рейтинг яра 42,9 процент.
Оццу талламо гайтарехь, цкъа а ца хиллачу кепара охьаяьлла президенте Путин Владимире тешам хиларан рейтинг а. ХIинца иза ю 32,8 процент.
КХИН А ХЬАЖА: Левада-центр: Путинна реза болчу нехан терахь хийца ца делла Оьрсийчохь