Кеста-кеста олуш хеза вайлахь «Суна ца хаьа нохчийн мотт» «Оха ишколехь ца Iамийна», «Стенна оьшу иза?», «ГIазакхийн мотт шера хаьа суна».
Поэташлахь шатайпаналлица, адам дезарца, ларарца язъечу байташца билгалволлу Теркйистехь хьехархо волу Цуцаев Iалавди. Бегаш а битина аьлча, исбаьхьаллин дош кхало а, цу дешан мах хууш говзанча а ву Iалавди. Махкахь дукха байтанчаш –хьехархой хир бу аьлла ца хета, шен говзаллех цо санна шатайпа пайдаоьцуш.
190 сов къам чохь деха пачхьалкх Оьрсийчоь «дуккха а къаьмнийн мохк» бу боху конституцино. Амма 2 миллиард сом хьажийна Iедало дозанал арахьа оьрсийн мотт хьехийта, ткъа лахдина школашкахь къаьмнийн меттанаш хьехар, школаш вовшахъетта йолийна. Цунах «оптимизаци» олу...
Шайн литература хьакъ долччу тIегIантIе яккха еза нохчаша. Цуьнга къоман ларам хилча бен аьтто бац цунна шен мотт дебон а, чIагIбан а. Поэт-гочдархо Хатаев Хьусайн Пушкинан «Евгений Онегин» роман нохчийн матте йоккхуш ву кху муьрехь. Цуьнца хилира Маршо Радион нохчийн литературан хьокъехь къамел.
Забар адамашна шатайпа мукъ хилла яьхна нохчийн къомаца. Вайн ярташкахь гIаланашкахь шашах кхоллало самукъане дийцарш, аларш. Нохчийн барта кхолларалла кхидIа а кхуьуш юйла а гойту оцу хьоло. Гойту нохчийн амалехь доцийла халонашна стаг кIел а вуьсий вухий, воьлхуш вехаш.
Дуьненаюкъара Яздархойн Де ду шинара. ПохIманчаш, къаьмнашна синан кхача латтабе интеллигенци къобалъеш, диллина иза рузмане Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацино. ХIун хьолехь ю тахана нохчийн литература, мел мехала ву халкъалахь яздархо? Хаттарна жоп ло Алиева Заринас а, Минкаилов Эльбруса а.
Хьераяьлла йоьду прогресс, хуьлу бес-бесара хийцамаш. Ши бIаьрг, ши ког берг ларво дахаран аьрхачу боларца. ...Ткъа хIун до когаш боцчо я ши бIаьрг боцчо? Иза а ма ду, шен дуьнене хьежар а долуш, кхетамчохь адам, цуьнан ойла вай ян а йиний? Ткъа Нохчийчохь-м ву 3100 бIаьрса доцу вахархо....
...Юха а тIаккха а ненан меттан гIайгIанех. Нохчийн мотт леш лаьтто олу хийлачо, олу иза шена а тIехь ца хуучу нохчочо а. Муха ю оцу шийлачу хьолан билгалонаш, хIун дича толур дара гIуллакх.
Меттанаш адамаш санна ду. Уьш кхолла а ло, гучура дIа а довла. ЮНЕСКО дуьненаюкъарчу организацино далочу терахьашца, 2500 эзар мотт бу кху дуьненчохь лелочура дIабала мегачу кхерамехь. Царна юкъахь бу 136 Оьрсийчохь дехачу къаьмнийн меттанаш. Царах 20 хIинцале а белла лоруш бу.
Хьажа кхин дIа а