ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьмсерчу дарбан хIусамехь хьелашна леткъинчу лоьрашна таIзарде, аьлла Кадыровс


Коронавирусаца къийсам латточу Нохчийчоьнан оперативан штабан тIаьххьарчу кхеташонехь, жоьпалле ийзабе Гуьмсерчу дарбан цIийнахь белхан хьелашна, шайгахь уьнах ларбала гIирс бац, бохуш леткъа медикаш, аьлла мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Ткъа ватспехула, шайн цхьа белхахо елла, аьлла, харц къамел даржийна медик даржера дIаяккха, буьйр дина цо.

Кадыровн къамелан фрагмент гайтира "Грозный" телеканало. Цул хьалхо шен репортажехь телегойтийлин цхьана белхахочо "провокатораш" бу, бохура дарбан хIусамехь ун кхеттачу нахаца болхбан, шайгахь царах лардала духар дац, аьлла, леткъина медикаш. Тоьшалла далош, гайтира Гуьмсерчу оцу дарбан хIусамера цхьа чоь – масканаш, респираторш, уьнна дуьхьал леладен духар а дара оцу чохь.

"Эхь а ца хеташ, тахана харцдерг даржош, муха лелар бу, ша и къамел динчул тIаьхьа нахана юкъахь и муха ехар ю? Зуда елла боху-кх, ткъа юьйцу зуда елла а яц. Цул тIаьхьа шен майрачун, ден, марзхойн, шен накъостийн, лулахойн бIаьра муха хьожур ю иза? Ишта а йолуш, иза муха еха ца хаьа суна", - бохура Кадыровс. "Провокатораш балхара дIабаха", йолуш ю, элира, оьшу бедарш, масканаш, гIирс.

Ша юьйцу зуда-медик "хьераяьлла ю" билгалдаьккхира мехкан куьйгалхочо, цул тIаьхьа бакъоларъярхой а бехкебира Гуьмсерчу дарбан хIусамехь долчу хьолах лаьцна фейкаш яржорна. "Провокаторийн" гергарнаш а ийзабе жоьпе, буьйр дира Кадыровс.

Коронавирусах цомгуш хилларш чуэца кечйина а йоцчу Гуьмсерчу кIоштан дарбан хIусамехь кху деношкахь медикаш гулбелира, шайн коьртачу лоьре шайна ун кхеттачу нахана герга хьийзаш тIедоха лерина духар а, гIирс а ца тоьу ала. Шаьш болхбечу деношкахь-буьйсанашкахь шайна луш кхача бац, бохура медикаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG