ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юрт-да Тоба ГIараяьлла Кегийрахошна Юкъахь


Шина тIамана юкъахь 1997 шарахь Нохчийчохь кхоллаеллера нохчийн кегийрхоша вовшахтоьхна Юрт Да цIе йолу рэппэрийн тоба. Церан дуьххьарлера йиш, цхьанаэбинчу оьрсийн а, гIазакхийн а маттахь цIе а йолуш, оццу шеран октябр баттахь юкъаелира. Ша йиш а яра иэбинчу кхаа маттахь язъйина – нохчийн а, ингалсан а, оьрсийн. Цул тIаьхьа кегийрхошна юкъахь гIараяьллачу тобано, 1998 шарахь шайн дуьххьарлера албом арахийцира. Вовшашца уьйраш латтош белахь а, Нохчийчура тIом бахьанехь тахана цхьана бац репперш. Амма, церан иллешка ладугIуш болу дийнна дуьнентIера нохчийн кегийрхой интернетан чохь цхьанакхета.

«Ice-Ice девочкаш» Юрт-ден йиш

ХIокху эшарна тIера доладелира нохчийн кегийрхойн а, тахана Брюсселехь вехачу Юнусин а Юрт-да тобанера репперш бовзар. Машенаш чохь а, кегийрахойн радиохь а, Соьлж-гIалин юккъерчу базарахь а хезаш яра и йиш. Хууш ма-хиллара, ша йолу керла хIума а, тIаьххьара хаамаш а базарахь гучубовлу Нохчийчохь бехачу нахана. Цундела, туьканаш муха хуьлу а дицделлачу нохчаша, базарахь оьцу Юрт-ден а, кхин болчу эшаршлакхархойн а кассеташ.

Шайн эшарш тIе язъйинчу кассетехь цхьа а саа ца хуьлу Юрт дена. ХIунда аьлча, бакъо йоцуш кассеташ йохкар доцург, кхин йолу шортта бакъонаш ю цигахь талхош.

Шайн шолгIа албом 2002 шарахь арахецна Юрт Да тобано - шолгIа тIом болабелла кхоалгIачу шарахь. Албом юкъара – «Нохчий ву» боху илли хазахета таханлерчу нохчийн кегийрахошна.

«ДIа ма тоха»

Цунна юкъахь долу дешнаш гергара хета, масала, тахана Пятигорскехь лакхарчу ишколехь доьшуш волчу Мохьмадана.

Мохьмад: ТIаьххьара яьлла «ДIа ма тоха» иза, ахча даккхаррий оцу милицин белхахоша, царна «пхи туьма дIакховдаде, оцу хIуман бен уьш реза хир бац» боху къамел ду оцу юкъахь.

ГIалгIайчохь ехаш ю Акбулатова Мадина. Цунна шен вашас Юрт ден эшарш тIехь йолу кассета еъча евзина репперийн тоба.

Мадина: Ансамбл чIогIа хазахета суна. Аса даиманна церан песняшка (эшаршка) ладугIу. Суна хазахеташ ерг «ДIа ма тоха» бохуш ерг ю. Ишта-м, массо а хазахета суна. Къаьсттина, хазахеташ ерг «ДIа ма тоха» бохург ю. Суна кхузахь бевзаш берш, ГIалгIайн махкахь, кIентий бу (Юрт-дега) ладугIуш а, уьш хазахеташ а. Сан вешина а чIогIа хазахета иза. Сан вашас еанера суна церан кассета эца а эцна. Суна бевзаш берш массо а – гIалгIай а – аса царна а кассеташ дIайсхьай а луш, иштта... массарна а хазахеташ бу-кха уьш.

Юрт-да

Дуьйлуш герзаш а, некъан йистошкахь лелхаш минаш а, къоман нохчи хилар бен кхин бахьана а доцуш буьйсанна а, дийнахь нах лечкъочу республикехь, Юрт – ден эшарша жимма дог ойу нехан. Цхьаболчу кегийрахошна и тIемаш а, ГIалгIайчура четар-гIаланаш а бен, гина кхин хIумма а дац. Шен эшаршца цхьа а политикан дIахьедарш деш дац аьлла хета тобанан декъашхошна. Амма, шайн кхоллараллехь цхьа а лар ца юьтуш и тIом ца бисина ала гIерта уьш.

Юрт да

Шуьйра хеча а, меран тIе кхаччалц тIеозийна кепка а лелош волу Махмудов Юсуп реппер хир вара муьлххачу а пачхьалкхехь. Амма, иза Нохчийчохь вина а, шен 25 шарахь ши тIом гина а стаг ву. Тобанера кхин болу декъашхой Германехь а, Москох а бу, Юсуп ша цIахь ву.

Нохчийн сайташа тIехь церан эшаршка ла а дугIу а, форумашкахь царах лаьцна шайн хетарг а дуьйцу, тIом бахьанехь дийнна дуьнентIехь дIасабаьржинчу нохчийн кегийрахоша. Цхьа хIума хаало иза еша волавелча, цара дозалла до Юрт дех. Шаьш цIахь долуш арахьарчу махкашкара гIарабевллачу эшаршлакхархошка а, евзаш йолчу тобанашка а ладугIуш хиллехь, тахана нохчийн ширчу мукъамашка а, Юрт дега а ладугIу шаьш бохуш яздо цара.


(ХIара материал эфирехь хилла 2004 шарахь Зазадоккху-беттан (Март) шолгIачу дийнахь)
ЛадогIа http://www.rferl.org/howtolisten/CA/20040302/ondemand.html

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG